ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъан векал Урдунера эккхавар доьху гуламхоша


Jordan --In front of the Iraqi Embassy in Amman-May, 2013-protesting the betting of Jordanian citizens by Iraqi deplomatic staff
Jordan --In front of the Iraqi Embassy in Amman-May, 2013-protesting the betting of Jordanian citizens by Iraqi deplomatic staff

Урденерчу бахархоша а, цигахь тховкΙело карийна бехачу иракъхоша а гуламашкахь емал во кху деношкахь Иракъан Ιамманера векал. Цуьнна Урдун-махкара дΙаваха тΙедожадо наха.



Iамеркахоша тIамца вохийначу Хьусайн Саддама цхьана хенахь тобанашкахь байинчу нехан кешнаш карийчхьана дуьйна, и байинарш дагалоцуш, хIора шарахь а гулам бо иракъхоша. Стигалкъекъа-беттан 16-чу дийнахь Урдун-махкарчу Иракъан векалто гуламе кхайкхинера Урдунехь беха шен махкахой Амманерчу паччахьан културан цIийне.

Хьусайн Саддамехьа хилла кхайкхаза нах а бахана хилла бараме. Уьш гича, Иракъин векало Iаббас Джаважа, шен гIароле етта а йоьттуьтуш, арабахийтина и нах. Йиттинчаралахь ву Хьусайн Саддам кхеле хIоттийча, цуьнан дов лелорхошлахь Iийна Ал-Наждави Зиад - иза хилла ккайкхазошлахь. Ал-Наждавис меттигерчу зорбанан гIирсашка ена еттарх лаьцна дийцара.

Ал-Наждави: "ГIажарийчоьнан гIеранан векало, Iамеркан танка буьххьехь Iедале кхаьчна йолчу гIерано, нах суна дуьхьал гIовттира. Урдунан вахархо ве, элира цо, со гIазотехь кхелхина турпалан Хьусайн Саддаман довлелорхо вуйла хиича.

Иракин векало Iаббас Джавада ма-дарра аьлларг, "ве и зуламхо" дара. Со чоьхьаваьлча, баьрччехь мел деш вара и шиIатийн векал. Со гарцана, «хIара, зуламхочун довлелорхо ву, схьавалаве, вен иза», елира цо. Цу хенахь тIеетта йолийра суна. Далла бу хастам, чIогIа орцах бевлира суна кегийрхой. И дуьтур дац ас. Ас Урдунан Iедале, Урдунан конституцица сацам бар доьху цо диначунна".

Урдунан махкахь дукха бу Хьусайн Саддамехьа нах. Кхузахь еха Хьусайн Садаман йоI а. Хьусайна кхоьллинчу «БаIт» партин декъашхой а бу алссам.
Цара Стигалкъекъа-беттан 20-чу дийнахь Иракъан векалтна хьалха гулам хIоттийра, оцу хIусаман куьйгалхо Урдунера эккхаве бохуш.

ЦIогIанаш: "Арадовла, жIаьлеш, дIагIо. Тхан цIий а, синош а Саддамна ло оха, Урдунна ло оха. ХIей, кIилло ву хьо Нури, хIей Iамеркан айкханча, шпион ву хьо!"

Урдунан Iедало гIаттамхошна дуьхьал эскар арахийцира. Нах векална тIе цакхачийта.

Урдунан Iедало цхьа а дIахедар ца дина хIинццалц. Бакъду, арахьарчу гIуллакхийн министро, хилларг хIун ду хоттуш,жоп дийхира Иракъан векалаллера.

Иракехь шиIатийн Iедал хIоьттичхьана цхьа хан елира Урдунан а, Иракъан а юкъаметтигаш дика йоцуш. 2012 шеран ГIуран-баттахь Урдуне веара Малики Нури. Бартхилира Урдунехула КIайн ХIорда тIе йоьду, Иракъера мехкдаьтта дIаузу дуьненаюкъара биргIа таса а, тIамехь йохийна Иракъан гIаланаш тоеш, Урдунерчу компанешка дакъалцийта а. Вуьшта, кхидолу совдегаралла лелон контракташ а хIиттийна шина пачхьалкхо.

Иракъца иштта йозаелла юкъаметтигаш а йохош, Урдунан Iедало цуьнан векал эккхор ву аьлла ца хета тергамхошна. Цул сов, Хьусайн Саддаман «БаIм» парти ша а ю гуттара а Урдунна дуьхьаллаьттина.

Хьусайн Саддам турпалхо а, гIазотан бIаьхо а лоручарна дицделлехь а, дукха наха диц ца до цо адамаш къиза дайъар - масала,1988-чу шарахь Иракъан къилбаседехьа йолчу Курдойн Хьалабжа-юьртана дIаьвше герз тоьхча 5000 хиллал стаг велира.
XS
SM
MD
LG