ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бавддин Везаш: "Cан безам, сан лазам - Нохчийчоь"


Урдун -- "ТIаьхье йоцу кхане", Суелера нохчийн суртдиллархо Бавддин Везаш
Урдун -- "ТIаьхье йоцу кхане", Суелера нохчийн суртдиллархо Бавддин Везаш

Маршо Радионо хазахетарца довзуьйту ладогΙархошна вайнахалахь хьекъалца, похΙмаллица билгалбевлла нах. Къаьсттина хазахета тхуна ишттанаш ДегΙастанал арахаьа, дуьне ма-дду баьржинчу нохчашлахь а карийча. Даймохк бΙаьрга байна вацахь а, цунна лерина дохку шен суьрташ Урдунерчу говзанчас Бавддин НаΙима.



ДуьнентIерачу кхечу къаьмнашлахь а санна, нохчийн къомах а буьйлу говзанчаш, шайн похIмано гоьбаьхна зударий а, божарий а. Дахаран шогалло дуьненан маьI-маьIIнешка дIасабаьхна хиларна, дуккха а буьсу царалахь шайн махкахошлахь гIарабовланза а. Бу царалахь Iилманехь билгалбевлла академикаш а, политикехь зеделла талламхой а, шаьш бол-болучохь бевза инженераш а, говза яздархой а, исбаьхьа суртдиллархой а.

Дукха жима волуш дуьйна кIоргга маьIна долуш а, говза а суртдилларца Урдун-махкарчу нохчашлахь билгалваьлла ву Бавддин НаIим. Цунна шех шен нохчийн цIе йоккхуш хаза хета - Бавддин Везаш. Иштта язло иза шен суьрташна буха а.


Урдун -- Нохчийн суртдиллархо Везаш, Суеле, 25ГIа2012
Урдун -- Нохчийн суртдиллархо Везаш, Суеле, 25ГIа2012
Бавддин, Маршо Радиона ша дехкина суьрташ совгIат а деш, доггаха реза хилира ша вовзийта:

Бавддин: "68 шо ду сан. Сан 8 шо долуш, тхайн ненаца цо болх бечу куьрка, бепиг доттуш хьажа воьдура со. Нанас къахьоьгуш новкъа ма догIий берана, иза кIадлуш гича, ведда вахана кехат а, къолам а деана, духхьара, тхайн нанас болх беш сурт диллира ас. Уггар хьомсара а, мерза а хIума нана ма яй. Цигара доладелла сан суртдиллар.

Дечига тIехь огуш сурт дуьллу хан уггар хаза хан ю сан. Хабарна говза вац со, суртдилларехь санна. Гайтам бира ас Iамман-гIалахь. Дукха нах баьхкира цига. Нохчех йоьзна, Суеле-гIалех лаьцна айса дехкинчу суртех йина видио а ю сан. ХIинца а изза гIуллакхаш деш ву со. Газетехь яздеш а ву.

Нохчийчохь тIом болабелча, иза новкъа деана, сагатделла, ойла еш Iаш дехкина суьрташ а ду сан. Ло лаьтташ хаза лаьмнаш, сийна, хаза дуьне - оццул тайна бу вайн даймохк. ТIом тIебеача, цунна дуьхьал тIом бан, цхьа шаьлта бен, кхин герз доцуш, оцу шаьлтаца тIом бира вайнаха.

И ойла къадош, сурт ду сан: тIулгах гIортийна лаьтташ шаьлта ю, ткъа и тIулг ойла еш бу .ТIулга аьлча а, цхьа боккха чхар бу-кх, вайн махкахь тIулгаш а ду ойла еш: Деллахь, муха дуьхьал девр дара те хIокху тIебеъначу баланна, бохуш . И сурт цхьаъ ду дара ас дехкинчу суьрташлахь.

Дечига тIехь, огуш, маситта сурт диллира ас. Огуш диллина цхьа сурта ду сан, велла охьавиллина тIемало, цуьнна тIееана, уллехь гораяхна Iаш цуьнан говр а йолуш.

Йозанех Iаьрбийн маттахь туьйранаш а, кхин иштта хIуманаш а яздо ас".

Бавддин Везаш Урдунерчу Суеле-гIалахь 1944-чу шарахь вина. Ша дехкинчу суьртех гуллуш а дац цуьнан рицкъа. "ДуьнентIехь гIарабевлла болу суртдиллархой кхано тIаьхьа бен бевзина а ма баций. Цхьа де догIург хир ду-кх, бухахь «Везаш» яздина суьрташ махаладовлуш, бохуш, забар йо Везаша шен похIмалла хьахаделча.
XS
SM
MD
LG