ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь тIом лаьттина еарийн буса


Нохчийчоьнан шахьарахь Соьлж-ГIалахь еарийн буса лаххара а 9 гIаттамхо а, 10 полисхо а велла вовшашца тIом беш.

Массех герз карахь гIаттамхочо юхьанца гIалин урамехь вийра кхо некъан полисхо, цул тIаьхьа дIалецира Зорбан ЦIа.

Мехкан администратора Кадыров Рамзана еарий Iуьйранна хаам бира, кхечу меттехь, школа чохь а бу, шайца гранаташ кхуьйсу герз а долуш, хьулбелла тIемалой, аьлла.

Даккхий герзаш дуьйлура гIаличохь, йогура массех гIишло. Соьлж-ГIала меттахIоттийначул тIаьхьа дуьххьара хилла цу чохь оццул доккха тIематасадалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG