ТIекхочийла долу линкаш

Украинера хьехархочо «лечу валлалц латаре» кхайкхина Кадыров Рамзан


Оьрсийчоь -- Пересветан а, Челубейн а латар, Авилов Михаила диллина сурт.

Оьрсийчоь -- Пересветан а, Челубейн а латар, Авилов Михаила диллина сурт.

Шен кхайкхам 56 шо долчу Украинера хьехархочо Монастирищенский Василийс дIахIоттийна шен Фейсбукехь йолчу агIонна тIе.

«Хьалхалерчу заманера русичий (оьрсийн) ламаст хилла тIематсадалар доладалале уггаре а мостагIех онда волу тIемало лечу валлалц латаре кхойкхуш. Цу ширачу ламастах пайда а эцна, латаре кхойкху ас Кадыров Рамзане, ша цхьаъ сох лата», - яздина цу стага.​

Монастирищенский Василий. Фейсбукера сурт.

Монастирищенский Василий. Фейсбукера сурт.

Монастирищенский огIазвахийтинарг ду Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дехна 40 эзар эскархо Украине хьажор аьлла болу хаам.

«Мекарло лелор яц ас, суна хаьа сой гIийла вуй (...) Амма сан ницкъ тоьар бу цкъа тIекхоссавала. Иза ас дийр ду Украинин дуьхьа, Украинера наной белхорна, бехк боцуш байинчу бIеннаш вежарийн, берийн, дешархойн дуьхьа. Суна хаьа сайн кадера дуй. Дела бакъ волчуьнгахьара ма-ву! Ткъа бакъдерг тхоьца ду, Украиница ду, цуьнан кханенца ду», - яздина Монастирищенский Василийс социалан машанехь.

Монастирищенскийн Фейсбукера агIо.

Монастирищенскийн Фейсбукера агIо.

Цо билгалдоккха «нохчий маьрша, хьекъале, хьаша-да тIеэцарца девзаш» къам хилар, шен дайн гIиллакхаш а, маршонехьа къуйсуш хиллачу тIемашкахь эгна турпалхой а лоруш долу.

Хьехархо Монастирищенский сатесна ву шен кехат Кадыров Рамзане дIакхочург хиларх. Цкъачунна жоп кхаьчначух тера дац цуьнга.

Кху стага яздинарг доьшуш дагабогIу кхин нах. 2001-чу шарахь Басаев Шемила латаре кхойкхуш кехат яздинера Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Путина жоп ца делира цунна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG