ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн республикан куьйгалхочуьнан дарж дита дезаш ву Кадыров Рамзан цхьа бутт баьлча.  Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьалхатеттинчу нахана юкъара стаг хоржур ву цу дарже республикехь хир болчу харжамашкахь. Ткъа мила хила мега иза?

ХIоьттина сурт иштта ду. Ши-кхо де хьалха Кадыров Рамзана дIахьедар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь шен хан чекхяьлла моьтту шена аьлла. Цо дийцарехь, иза кхин дIа шен даржехь виса лууш вац. И болх бан хьакъдолуш а, похIма долуш а дуккха а нах бу боху Кадыровс республикехь, къаьсттина шен накъосташна юкъахь.

И дIахьедар дикка дIасадаржа а кхиале Кадыровс дуьйцург шега дехарш дайта дуьйцуш ду аьлла, комментареш йинра цхьаболчу политикан говзанчаша.

Даханчу КIирандийнахь меттах бевлира Кадыровн гонера нах. Цара йолийна «Рамзан, дIамагIо» цIе йолу компани.

Амма оццу сарахь ша Кадыров Рамзана кхайкхам бира шена "гIортор йо бохуш митингаш а, кхин йолу акцеш а вовшахйетта оьшуш дац" аьлла. Цуьнан дуьха дина дац ша, куьйгалхочуьнан дарж дита ша реза хиларх лаьцна дIахьедар бохуш вара иза.

Шен Инстаграмехь йолчу агIона тIехь Кадыровс баркалла элира шена гIортор еш дош аьллачарна, амма цо билгалдаьккхира, республикан куьйгалхочуьнан дарже кандидатураш хьалхатоттург Оьрсийчоьнан президент хилар а, цо хаьржинчу нахах бахархоша шайна куьйгалхо хоржуш хилар а.

Оршот дийнахь Кадыровс динчу дIахьедарна комментари йина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цо бахарехь, хьа хIуъа дийцахь а, тIеххьара дош хир ду Путин Владимирехь.

Песковс дийцарехь, Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхойн балхана мах хадош дуккха а организацеш ю. Цара бохург тидаме а оьцуш, шен позици билгалйоккху президентан администрацино, цул тIаьхьа, цу позицина тIе а тевжаш, сацам бо президенто.

Цундела Песковс кхайкхам бира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хан чекхяллалц а, Путин Владимира шен сацам баллалц собарде аьлла.

Цу юкъана Нохчийчура хьал Оьрсийчоьнан кхечу регионерчу хьолах къаьсташ ма-дац бохуш вара Песков. Нохчийчоь Оьрсийчоьнан Федерацин могIарера регион хилар дицмаде бохуш вара иза.

Песковс иза дийцахь а, Кадыровс динчу дIахьедаро меттахбаьхна Оьрсийчура зорбанан гIирсаш. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан кхир болу кхоллам коьрта тема ю телевизионан а, радион а программашкахь а, газетийн агIонашкахь а.

ХIотта мегарг лаххара кхо сурт ду.

Царах цхьаъ ду Кадыров шен меттахь висар. Хан тIекхочу Путина Кадыров юха а хьалхатотту, бахархоша иза хоржу.

ШолагIа хила мегарг ду Кадыров Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржера дIа а ваьккхина, цуьнан метта цуьнан стаг охьахаор. ТIаккха а хийцалур дац хIумма а. Ву боху куьйгалхо цхьа стаг хир ву, ткъа цунна урхалла деш Кадыров хир ву.

КхлагIа сценари ю Нохчийчохь баккъалла а куьйгалхо хийцар. ТIаккха хIуъа делла а хийцадала мега.

И хийцамаш вуно оьшуш бу Нохчийн дахарехь аьлла хета дуккха а шерашкахь Москох вехачу вевзаш волчу адвокатана Хадисов Мусана.

Мухха а делахь а, Кадыров Рамзанан Iедал Нохчийчохь а, махкал арахьа а дуза наха цигахь хиллачу тIемашца. Цундела мелла а маслаIате, машаре Iедал дезара Нохчийчохь аьлла хетарш къезиг бац.

Цхьаболчара хьехадо, цхьана хенахь дийцина ма-хиллара, нохчийн орамаш долу Сурков Владислав хIотто мега Нохчийчоьнна куьйгалла дан бохуш.

Иза-м хаац, амма нохчийн къомах воцу стаг хIоттавахь Нохчийчурча бахархошна цхьа а пайда хир бац аьлла тешна ву Хадисов Муса.

Ткъа мила хIоттийча дика хир дара-те аьлла хаттар кхуллуш уггаре а хьалха Хадисов Мусана дагавеанарг вара Хасбулатов Руслан. Амма Хасбулатов таханлерчу Оьрсийчура Iедалшна товш вацахь нохчашна юкъахь дуккха а бу республикана куьйгалла дан хьакъдолу нах бохуш вара Хадисов Муса.

Мухха далахь а, Кадыровс мацца дитина а дуьтур ду шен дарш. Амма тахана Кадыров Рамзан баккъалла а цу даржера дIавала мегар аьлла синтем байна нах жигара хьийзаш бу Кадыровга лацадугIуш «Рамзан, дIамагIо» бохуш кхайкхамаш беш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG