ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн бага хьоьжуш бацахь, бакъоларъярхой а бац бакъ


Оьрсийчоь -- Эстемирова Наташа йийна 3 шо кхочуш хIоттийначу гуламехь, Москох, 2009
Оьрсийчоь -- Эстемирова Наташа йийна 3 шо кхочуш хIоттийначу гуламехь, Москох, 2009

Кхузаман исторехь уггаре ницкъала, кΙиза геноцид лайначу а, ловш болчу а мехкех ю Нохчийчоь. Иттаннашкахь байина цигахь журналисташ, бакъоларъярхой, харцо ла реза а боцуш, шайн дог-ойла къадо хΙуьттуш хилла нах а. И дерриг а лелла, Кремло цигахь демократин массо а институташ йолуш ю бохуш, дуьне тешо гΙертачу юкъанна. Гарехь оццу Кремло шех нохчийн къомана тΙехьожург винчу, республикан администраторан гΙентахь Ιечу Кадыров Рамзанна кΙезиг ю, я тешаме ца хета Путинан цΙарх омбудсмен волчу Нухажиев Нурдин хьукмато а, кхечу бакъоларъярхоша а бен болх. ХΙинца иза Путин Владимираниг санна йолу бакъоларъярхойн кхеташо кхолла воллу шена. Ткъа иза стенна оьшу?




Нохчийчохь адамийн бакъонашларьярхой мел сий-лераме бу хоуьйтуш, шатайпа гайтам бу диъ шо хьалха Эстемирова Наташа ГIалгIайчохь йийна схьакараяр а,цул тIаьхьа, оццул зама яьллашехь, меттигерчу Iедалан дайша вонна-диканна а иза багах цаяккхар а.

Де эшначу нахана орцах буьйлуш, цаьрга гIоьналлин куьг кхийдош схьабогIу нах мел оьшуш а, безаш а бу урхаллехь болучарна гойтуш къеггина масал ду зудий, майрий СайдулаевгIар тIеман барзакъ дуьйхинчу герзахоша дийна делккъехь церан белхан офис чуьра лаьцна дIа а дигина, шолгIачу дийнахь Заводан кIоштехь иштта жIаьлеш санна байина схьакарор.

Цу тIе а доьгIна аьлча, кхето хала дац тахана бакъонашларьярхочо Саратова Хедас шен накъост Эстемирова Наташа а, кхиберш а дагалоьцуш ден дог Iийжаме къамел.

Наташа а, и санна, нийсонах къилба а дина дахарехь чекх мел ваьлларг а тахана хьахор а кхераме делахь а, кхана-лама турпалхой санна нохчашлахь сийлахь хир бу аьлла йолу Саратова Хедин дегайовхо, шеко а йоцуш, бух болуш ю. Цуьнан санна хьажам берш, цара цу догдикачу, комаьршачу адамаша санна дахар туьдурш а, кхетораш а тахана Нохчийчохь дуккха а бу, цкъачунна лаг лаьцна, аз церан хозуьйтуш дацахь а.

Махкахь хIума ала а, шена хетарг гIарадаккха а Iаламат кхераме хилар а, дешан маршо цахилар а кхеталуш берш кIезиг бац. Царех ву кху чуьра хьал дика девзаш волу, ас цIарца ца а вуьйцуш вуьту Соьлжа-гIалара Iилманча-тергамхо а. Цо бечу чIагIамашца, бецан хелигал а бахьна дац карарчу хенахь махкахь керла вайнехан бакъонаш ларьяйта кхеташо кхолла.


Линкана тIе
XS
SM
MD
LG