ТIекхочийла долу линкаш

«Оьрсийчоьнан хазалла - 2012» къовсадалар тергам а ца беш дитина вайнехан мехкарша


Оьрсийчоь/Нохчийчоь -- Премьер-министр Кадыров Рамзан ву "Нохчийчоьнан хазалла" къовсадаларехь толам баьккхинчу Джабраилова Замирица хелхаволуш, 27ГIур2006

Оьрсийчоь/Нохчийчоь -- Премьер-министр Кадыров Рамзан ву "Нохчийчоьнан хазалла" къовсадаларехь толам баьккхинчу Джабраилова Замирица хелхаволуш, 27ГIур2006

Кхаарин сарахь Москох хила езаш ю «Оьрсийчоьнан хазалла- 2012» олуш йолу хазачу а, похIма долчу а мехкарийн къоман фестивал. Цигахь дакъалоцуш ю Оьрсийчоьнан регионашкахь хаьржина йолу 63 йоI. Царна юкъахь бу Къилбаседа Кавказера мехкарий а.

Къилбаседа Кавказера цу къовсадарехь дакъалоцуш ю 8 йоI. ХIинж-гIалара Гадаева Айнара а, Камалова Маида а, Кисловодскера Войт Яна а, Къилбаседа ХIирийчура Стелла Кокаева а, Буденовскера Исмаилова Алина а, ГIебартойн-Балкхаройчура Кучмезова Жанзиля а, Пятигорскера Смолякова Мария а, Минеральные Воды-гIалара Янакова Яна а.


http://krasarossii.ru/miss.php?page=2012&type=k


«Оьрсийчоьнан хазалла» фестивалехь толам баьккхинчу йоIа дакъалоцур ду дуьненерчу цу кепарчу мехкарийн къовсадаларшкахь.

2012-чу шарахь хилла мехкарийн къовсадаларехь дакъалоцуш яцара цхьа а вайнехан йоI, я нохчо а, я гIалгIай а. Амма иза дац, масала, нохчашна, цу кепара къовсадаларш дихкина дара бохург. Оьрсийчохь дукха а нахана дага а догIуш, 2006-чу шарахь Нохчийчохь хилира цу кеппара къовсадалар.

Оьрсийчурча зорбанан гIирсаша яздеш ма-хиллара, цуьнан декъашхоша жюрина а, цу къовсадаларан хьешашна а гайтира шайн патриотизм, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина махкахь машар барна а, ткъа цуьнан кIантана, цу хенахь премьер-министр хиллачу Кадыров Рамзанна Нохчийчоь юхаметтахIотторна а шаьш реза хилар гойтуш.

Цу къовсадаларехь толам баьккхинарг яра 10-чу классан дешархо Джабраилова Замира. Шена елла машен цо дIаелира школа-интернатехь доьшуш долчу боберашна.

«Нохчийчоьнан хазалла» вовшахтоьхнера Нохчийчоьнан Iедало а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо а. Цул тIаьхьа 8 шо даьлла. Бахана мухха далахь а, иштта къовсадалар кхин хилла дац Нохчийчохь.

Оьрсийчохь хуьлуш долчу цу кепарчу къийсадаларшкахь вайнехан зудабераш дакъалацар къобул ца деш дукха нах бу тахана республикехь. Цуьнца доьзна хила а мега и гIуллакх Нохчийчохь дитина хилар.

Ткъа хIун бахьана ду нохчий цу къийсадалшка вочу агIор хьоьжуш хиларан? Тхан корреспонденто и хаттар делира Соьлж-гIалин урамашкахь. Цхьадолу жоьпаш иштта дара.

Рамнат: «Конкурс красоты олучу метте нохчийн зудабераш дахар суна нийса ца хета. ХIунда аьлча, цига дахар вайн гIиллакхашца цхьаьнадогIуш дац. Шен хазлла а, кхин дерг а шеца дита деза. Оьрсашкара и хIуманаш схьа а эцна лелар суна нийса ца хета. Сайн йоI аса йогIуьйтур яцара цига».

Рамзан: «Суна уьш оьшуш ю аьлла ца хета. Конкурс ца оьшу. Вайна хаза мила ю а хаа, хаза мила яц а хаа. Суна ца оьшу аьлла хета иза. Хазаниг конкурс ца хилча а хаа хаза вуй. Цхьана а агIор вайн гIиллакхашца догIуш дац иза. Дукха хаьлха магийтина доцу хIуманаш могуьйту, цу тайпа хIума юкъа а долий. Иштта а ду вай дукха юкъараллан нах. Стагехь доллур дерриг хаа вайна. Вайн леларца догIуш дац иза».

Бетир: «Ца деза нохчийн зудабераш цу конкурсе дахийта. Вайн хилла дац и хIума. Хилча а нийса а ца хета суна иза. Бусулба Iедалехь а, вайнехан Iедалехь а нийса дац «конкурс красоты» яхийтар».

Асмалик: «Дера хета вуно хьашт доцург. Конкурсе а оьхуш, ца белла вайн ворхIе дай а. Конкурсе а ца оьхуш, хьайн чохь нуй хьакха, горгум хьакха, гIиллакхаш Iамаде. Конкурс вуно - во юкъадаьккхина хIума ду-кх! Шен чохь ,оьзда а лелаш, наггахь балдех басар а хьокхуш, лелар ша ду! Конкурсе а оьхуш, йоIа шен сий дайа а ца деза, ша йолчийн сий дайа а ца деза».

Кху нахе ладоьгIча, кхеташ ду «Оьрсийчоьнан хазалла» цIе йолу кхушарлера къовсадалар вайнехан мехкарша тIех хIунда далийтина, цул хьалха хилларш санна.
XS
SM
MD
LG