ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел бух болуш ду Кадыров Рамзана Европана луьйш дуьйцург?


Дукхах болчу европахойн, доккхачу декъана, я култура а, я гIиллакх-оьздангалла а яц аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлж-ГIалахь хиллачу «Онда доьзал – Оьрсийчоьнан бух» цIе йолчу конференцехь.

Цуьнца доьзна ду Маршо Радионо кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Оьрсийчоь дIаяьккхича а, Еврпопехь вехаш ву лаххара а 600 миллион стаг. И нах цу бесса декъаза хилар стенца гучудаьлла аьлла хета шуна Кадыров Рамзанна? Бух болуш ду аьлла хетий шуна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо юкъа-кара деш долу цу кепара Европах а, Iамерках а лаьцна долу дIахьедарш?

Телефон тоха Маршо радиога я СМС хабар даийта хIокху номерна тIе.
Нохчийчура тухуш номер ишта хир ю: 10 42 07 24 01 98 32

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: 8 92 62 36 04 65.

Хаттаран хьокъехь коммент йита тхан сайта тIехь: www.radiomarsho.com
XS
SM
MD
LG