ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь тIом баккхарна Малхбузе бехке йина Кадыровс


RT интервью луш ву Кадыров Рамзан. Видео гойтуш даьккхина сурт.

Кадыров Рамзана бехке йина Малхбузерчу пачхьалкхийн къайлаха сервисаш Оьрсийчоь йохо гIортарна а, Къилбаседа Кавказехь терроран тобанашна гIортор ярна а. Цунах лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцина RT (Russia Today) телеканалана ша еллачу интервьюхь.

«Кху дерриг а шерашкахь Малхбузерчу лерринчу сервисаша дерриг а дира, суверенан Оьрсийчоь йохо. Юкъаметтигаш къасто цара хаьржинера Нохчийн республика. ТIаьхьарчу 10 шарахь кхузахь къиза тIемаш хилира, ткъа кхузахь леларг бандитийн тоба яцара, Европерчу лерринчу сервисаша кечбина тIемалой бара 50 пачхьалкхара», -- дIахьедира Кадыровс RT эфирехь.

Карарчу хенахь Нохчийчохь болчу тIемалойн терахь билггала хууш дац. Кху шеран Дечкен-баттахь Кадыровс дIахьедар дира 2016-чу шарахь республикехь терроран чулацам болу 122 зулам дина, 17 тIемало вийна, 19 стаг Iедалша лаьцна аьлла.

Бисина тIемалой лохуш а, шен ницкъаш зуьш а цхьацца Iамораш дIахьо Кадыровс ломарчу кIошташкахь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG