ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров «паччахь» вацара, амма шортта хьонка а бара, хьонка санна бораха а бара иза


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан воьху Деле республикерчу бахархоша. 2017 шо.
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан воьху Деле республикерчу бахархоша. 2017 шо.

10 шо хьалха, 2007-чу шарахь Чиллан-беттан 15-чу дийнахь, Нохчийн Республикан президентан декхарш кхочушдан волавелира Кадыров Рамзан. Кхин а ши бутт баьлча цунах хилира Нохчийчоьнан президент.

ХIун хийцамаш хилла Кадыров Нохчийчоьнан хьалханча хIоьттинчул тIаьхьа?

2007-чу шарахь Iамеркера Apple компанин куьйгалхочо Джобс Стива гайтира шен дуьненарчу технологехь революци яьккхина йолу iPhone олу телефон.

Иза шуьйра йохка йолийра Кадыров Рамзан президент хIоьттинчул тIаьхьа. Цундела, дан хIума а доцуш, дахар кхераме а, хала а хиллехь а, вовшех марзо оьцуш дехаш дара цу хенахь Нохчийчура адамаш. Тезеташкахь а цхьаьна ца хьовсура уьш смартфонийн экранашна тIе.

Цу хенахь, телефонех пайда а оьцуш, нохчийн дан аьтто берг дара вовшашка SМS олу хаамаш бахьийтар. Амма цхьа дош яздан волавелча, юкъа хан а йолуьйтуш, масийттаза терахьаш теIо дезаш хуьлура иза дан. Ткъа дерриг а элпаш дара 0-на тIера 9-нна тIекхаччалц долчу терахьашна тIетесна.

Цхьа хазахетта хIума шайна гича, я хIума кхалла охьахевшича, телефонаш хьала а яьхна, суьрташ даха ца хIуьттура нохчий.

Ткъа телефонаш дохуш долу суьрташ а дацара суьрташ ду ала мегар долуш.

Кадыров а вацара, хIора денна Инстаграм-е дIахIитто шен селфиш йохуш.

IPhone-ан метта фотокамераш а, MP-3 плеерш а, видеокамераш а яра цара лелош.

Машенахь дIасалела а дара хала. Блок-посташ яра некъашца лаьтташ. ЛортIехь некъаш а дацара, навигаторш а яцара, таксица дIасакхоьхьуш жижиг-галнаш а дацара.

Телефонна тIе ахча дилла а, цхьа хIума интернетехула эца а мобилан банкаш яцара.

Нохчийчоьнан бюджет яра 60 гергга миллиард сом. ХIинца цуьнан терахь ду 68 миллиард.

Республикехь вехаш вара 1 миллион 210 эзар сов стаг. ХIинца цигарчу бахархойн терахь ду 200 эзар стаг алсам.

Кадыров президент хIуттуш 66 процент нах бара бан болх боцуш лелаш. ХIинца, Iедалша чIагIдарехь, и терахь ду 9,2 процент.

Нохчийчохь болх боцучу нехан терахьаш
Нохчийчохь болх боцучу нехан терахьаш

Телефонашкахь Angry Birds, Temple Run, Fruit Ninja а олу ловзарш а дацара, цхьа «Змейка» олу ловзар доцург.

"Змейка" олу телефонера ловзар.
"Змейка" олу телефонера ловзар.

10 шо хьалха Нохчийчура дIаоьхучу нехан терахь лахделлера. Цул тIаьхьа даьллачу иттех шарахь 150 эзар сов стаг махкахваьлла лоруш ву Нохчийчура официалан хаамашца.

Беларусерчу Брестехула боьлху Европе дукхах болу Нохчийчура уьдуш болу нах
Беларусерчу Брестехула боьлху Европе дукхах болу Нохчийчура уьдуш болу нах

10 шо хьалха Соьлж-ГIалахь яцара стигалх хьекхалун гIаланаш.

Соьлж-ГIала, 2013
Соьлж-ГIала, 2013

2007-чу шарахь Маршо Радион сайт яцара, ткъа Нохчийчохь шортта баккха хьонка а бара, хьонка санна борах а бара иза.

XS
SM
MD
LG