ТIекхочийла долу линкаш

Нохчаша нохчий байъарехь сий даьккхина полк


Нохчийчоь - Соьлж-ГIалахь 141-чу полицин лерринчу полко шена Кадыров Ахьмадан цIе туьллуш хIоттийначу гайтамехь, Соьлж-ГIала, 06Оха2012

Нохчийчоь - Соьлж-ГIалахь 141-чу полицин лерринчу полко шена Кадыров Ахьмадан цIе туьллуш хIоттийначу гайтамехь, Соьлж-ГIала, 06Оха2012

Телевизион биста кхаччалц, хаамийн гIирсашкахула шуьйра кхайкха а деш, даздинчу хьелашкахь билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин 141-чу полкана Кадыров Ахьмадан цIе тиллар.


«Шайн полкана цуьнан цIе тиллар боккха кхаъ хеташ, шу даккхийде деза цу хиламах. Стенна аьлча, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа мух-мухха а стаг-политик хилла ца Iара, иза Iеламда, юкъараллин жигархо, бакъволу буьйранча вара». Иштта дIахьедар дина цу даздаршкахь цуьнан кIанта, мехкан куьйгалхочо а.

Цу низамхойн гуламехь хастаме дош ала эшна ца висина, Къилбаседа-Кавказехь къепе латто дIатарбинчу тIеман ницкъийн коьртачу буьйранчин хьалхара гIоьнча,штабан хьаькам инарла Захаркин Сергей а. Цо диначу дIахьедаран, герггарчу барамехь чулацам иштта бу :« Со воккхаве вайн Даймохк ларбеш, хьалхарчу президентан Кадыровн цIе тиллинчу 141-чу полкехь, майра, доьналла долуш бIаьхьой хиларна. Иштта суна дозалла ду, Рамзан Ахматович, тхоьца юххера уьйр а латтош, хьо тхан тIеман накъост хилар. Суна сайга ирсан дакъа кхаьчча санна хета, хьуна юххехь, хьоьца цхьаьна айса Даймехкан сий а, кхерамазалла а ларъеш».

Мидалш а, орденаш а йоькъуш дIадаьхьначу цу даздаршкахь, кхаа кIантах лаьттачу иллиалархойн тобано, леррина Кадыров Рамзанна яьккхина йиш лекхна оьрсийн маттахь, цуьнан хьуьнарш а, къонахалла а хастош.

Соьлжа-гIалахь даздарш дIахьочу муьрехь тIеман тасадалар нисделла ТIехьа –Мартанан кIоштахь, ГIалгIайн мехкан дозанца. Полицин урхалло дIасабаржийначу хаамца, хьуьнхахь зераш дIахьош низамхой гIаттамхойн тобанна тIенисбалар бахьанехь герзаца юкъаметтиг къастийна шина а агIоно. Полицин цхьа белхахо велла, шолгIаниг лазартне кхачийна боху официалан хьостано. ТIемалошлахь мел дараш хилла хууш дац.

Полицин хьостано чIагIдарца, кху деношкахь хьуламехь латтош, юург чохь йолуш ларч-къайле гучуяьлла Гуьмсан кIоштан Кошкельды-эвлана гергахь а. Кхачан сурсаташ доцуш, цу чохь карийна цхьацца тIеман барзакъ а. Низамхойн хьаькамаша кхеторехь, тIемалоша тIаьхьалонна аьлла, дIайиллина, дезар а дина латтош хилла и ларч.

ХIара карара шо дола а далале,махькахь хIоккхул бен ца бисина бохуш кхайкхийначу тIемалойн терахьашца дуьстича, шеконе нислуш, керла жамIаш Iорадаьхна чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана ша хIинцца, тIаьххьара динчу дIахьедарехь. Цо билгалдоккху, кху 2012-чу шарахь махкахь кхойтта жигара тIеман декъашхой дIабаьхна хилар, шайна юкъахь баьччанех цхьаъ хилла Тимиралиев МагIарби а волуш.

Ткъа оццу хенахь лаьцнарг ткъех сов ву. Цул сов, шайн лаамехь герз охьа а диллина, къарвелла, Iедална тIевеънарг а ву, цо дийцарехь, шиъ. Вуьшта аьлча, шеран юьххьехь, хIоккхул бен бисна бац тIемалойн бохуш, кхайкхош хиллачу 50-60 –нах, 40 гергга,чекхбаьллачу кхаа бетта чохь юкъарваьлла. Министр тешна ву, хIара шо дале бисина гIаттамхой, байина дIабаьхна, я дийна карабалийна, цхьа йист йоккхур ю аьлла.

Бакъонашларьярхоша кхайкхо эшна а доцуш, Нохчийчохь зеделла хIума ду, ваха а, вола а меттиг йоцуш, мел готте хьовзийна тIемало велахь а, даима а бохург санна, иза вийна дIавоккхуш хилар. Бакъдерг дийцича, еккъа цхьана Нохчийчохь тергалделла ца Iа и тайпа сурт. Иза Оьрсичоьнан ницкъаллин структураша бечу белхан шатайпа сурт а, хатI а ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG