ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна ЦIерш Йийцина Блоггеро Навальныйс


Нохчийчура полицина эцна еза машен, Куликов Константина даьккхина сурт
Нохчийчура полицина эцна еза машен, Куликов Константина даьккхина сурт

Оьрсийчура блоггеро Навальный Андрейс хааме даьхна, даханчу шарахь Нохчийчура Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло тIех еза машенаш эцаран хьокъехь шаьш бинчу талламан жамIаш. Цо бехке бина Кадыровна гонах болу нах, низамаш а дохош, цара оьрсийн къоман ахча лачкъадарна.


Iедалан харцонашна дуьхьала Оьрсийчохь дIахьучу митингех лаьцна цкъа вистхуьлуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана «митингаш вовшахтухуш болу нах – Оьрсийчоьнан мостагIий бу. Сан карахь делхьара и нах чубухкур бара аса», аьллера. Оццу хенахь, протестийн боламан жигархо волчу Навальный Алексейх лаьцна къамел деш «Навальный, ша ма варра волу, хабарча ву. Оьрсийчоьнан къоман а, оьрсийн пачхьалкхан а мостагIа ву. Харцонаш гучуйоху бохучу хенахь, цкъа а, оцу харцонаш лелочу нехан цIерш ца йоху цо, ша кIилло волун дера», аьллера.

Цунна дуьхьала жоп луш оьрсийн къоман ахча лечкъочу, Кадыровна гонаха болчу нехан цIерш а, церан белхан меттигаш а, лачъкийначу ахчанан барам а буьйцу Навальныйс шен блог тIехь.

И нах, цкъа делахь, Iедалан даржашкара лахка беза, шолгIа делахь, церан хьокъехь бехк-такхаман гIуллакхаш долон деза, кхеле озо а беза, бохуш яздина Навальныйс.

Шаьш бинчу талламан жамIаш даладо блоггеро кхин дIа, Соьлж-гIаларчу полисхошна эцначу машенийн сурташ а, ша хьехочу нехан сурташ цхьана тIе а тухуш.

Шаьш йолийна «Роспил» проект кхочушъеш, даханчу 2011-чу шеран Оханан баттахь Навальныйс тидам бинера, Нохчийн Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло хааме яьккхинчу тендерна. 113 миллион соьмана арахаьра а, оьрсийн а машенаш эца дагахь яра министралла – 15 Mercedes Е350, Toyota Land Cruiser 200 ши джип а, цхьа Porsche Cayenne а, цхьаъ Toyota Camry а. Цул сов, 100 гергга Автовазан тайп-тайпана моделаш машенаш а яра цу юкъахь.

Навальныйс шен постехь дийцарехь, билггал оцу гIуллакхо меттахъяьккхинера «Роспил» таллам болон. Юьхьанцара и гIуллакх гIарадаьлча, машенаш эцар юхадаьккхинера Нохчийчура Iедалша. Амма оццу баттахь, цуьнан тIаьхьарчу деношкахь кхин цкъа а сайтана тIетоьхнера эца хьашт йолчу машенийн цIейоза. Иза ша-дерриг, чIогIа цецвоккхуш дара бохуш яздо Навальныйс.

«Официал йолчу goszakaz.ru сайт тIе хьаьжча, цхьа а официал дехар дацара дина и машенаш эца. Аукционехь дакъа лаца чубелла лаам а бацара. Антимонополан Федералан Урхаллин сервисо бахарехь, оцу кепарчу хьоло аьтто боккху изза сурсаташ аукционехь ца оьцуш, уьш юхкучу цхьана меттигера эца», бохуш яздо Навальный Алексейс.

«Роспилан» дехарна оцу урхалло жоп делла, цу хьокъехь шайца бина барт бацара. Нохчийчу дахьийтина дехар жоп доцуш дитина, аьлла.
ТIаккха, боху, блоггеро, сацам бан йиш ю, полисхошна машенаш ца кхаьчна я, машенаш низамаш дохош эцна Нохчийчура Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло.

Кхечу, цу министралло 2010-чу а, 2011-чу а шерашкахь кхайкхийна хиллачу аукционашна таллам бича, изза сурт карийна «Роспилана». И аукционаш 2010-чу шеран Гезгмашин баттахь дуьйна йина яц. Цул сов, протоколаш а дац цу эцначу сурсатийн хьокъехь.

Оцу кепара, боху Навальныйс «министралло хIумма дан а ца дина, хIумма эца а ца эцна цхьана шарахь эха шарахь. Я, низамаш талхош эцна». Шаьш гулбинчу хаамашца Инарла прокуратуре а, Финансийн министралле а, Оьрсийчоьнан Финансашна тIехьожучу урхалле а дехар дина «Роспило», «госзаказ» ечу хенахь нохчийн урхалло федералан низамаш лардар талла, аьлла.

ХIинца карара шо чекхдалале, Нохчийчура полисхойн урхалло бюджетан ахча дайаран кеп толлуш талламаш бийр бу Оьрсийчоьнан Финансашна тIехьожучу урхалло.

«Низамал тIех а бовлуш, бозбуунчаллин кепехь дойуш ду Нохчийчура полисхойн урхаллина къастош долу ахчанаш. Юкъахь болчарна ахча а ца луш, иза деш хиларх ша ца теша», бохуш яздо блоггеро.

Цунна хетарехь, шайна ца дечу таIзарх тIех майрабевллачу «нохчийн полисхоша, ур-атталла, кехаташна тIехь тIехлонаш ца лелайо. Ткъа талламан органаш массо хIума деш ю, талламана новкъарло ян Iалашонца».

«Губернаторна Кадыровна сел чIогIа оьшуш йолу цIерш» ялайо ю Навальныйс. Уьш бу аукционаш дIаяхарх жоп луш болу нах. Уьш гуттар а цхьа нах хилар билгалдоккху цо:

Комиссин гIантден когаметта Гайсултанов Альберт Исаевич,

Комиссин декъашхой –

Альдебиров Рамзан Юсупович

Кайсаров Апти Юнусович

Горлов Сергей Алексеевич

Камельянов Эрик Ильич

Исаков Ваха Уманиевич (Секретар а, массо аукционашкахь юкъарло лелош ву)

Массо а аукционашца доьзначу документашна кIел куьг таIош а, уьш тIечIагIеш верг ву Нохчийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министран когаметта, полицин полковник Эдилов Р.А. И нах, пачхьалкхан даржашкара дIаьвше девзигца лахка беза, аьлла яздина Навальныйс. Иза хIинца ладоьгIуш Iийр ву Кадыровс ша далийначу тоьшаллашна лур долчу жоьпе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG