ТIекхочийла долу линкаш

Юха а шолгIа зуда ялор къобалдина Кадыров Рамзана


Нохчийчоь -- Мадина цlе йолу йоl ю Соьлж-гlаларчу Коьртачу маьждигехь гуллучу адаме хьоьжуш, 09Заз2011

Нохчийчоь -- Мадина цlе йолу йоl ю Соьлж-гlаларчу Коьртачу маьждигехь гуллучу адаме хьоьжуш, 09Заз2011

Iеламнехан кхеташо а гулъйина, юха а шолгIа зуда ялор къобалдеш къамел дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бусулба дино магош долу ах хIума олучу хенахь, цуьнан жоьпаллица доьзнарг ала «диц даро», боккъалла а цу хIуманна тIаьхьа ца кхьуъчуьнга гIалаташ дойту. Зуда а, бераш а охьа тосий, кхин зударий а балабой, божарша керла дахар долош кIезиг меттигаш яц Нохчийчохь.

Масех бутт хьалха дуьйна, къаной а, Iеламнах а юкъахь болуш, динан урхаллехь кхоьллина леррина тоба ю, барт ийгIинчу доьзалшкахь маслаIат дан. И говзанчийн тоба болх бан йолаелчхьана, боху муфтиятана коьртехь волчу Мирзаев Султана, цуьнан декъашхоша листина, цхьацца бахьаненна дIасакъаьстинчу зудчуьн а, майрачуьн а 140 дов-латкъам.

Цо хааме даккхарца, кхузткъе пхиъ масала ду, къаной юкъаболар бахьанехь барт ийгIинчарна юкъахь маслаIат карийна. Цо чIагIдарца бисинчарца а, ца саццош дIахьуш бу болх.

«Доьзалехь барт барна, уьйр-марзо чIагIярна, йитина зуда юхакхачорна а тIехьажийна хила беза болх. Нагахь зудчунна а,майрачунна а юкъахь доьзал юхакхуллуш барт хиллане а хуьлуш бацахь,вайн Iалашо хила еза уьш вовшашца лераме хилийтар. ДIасакъаьстинчу дений.нанний юкъахь мостагIалла хила ца деза, цу тIе цара шайн девна юкъа бераш ийзо а ца догIу».

Иштта дIахьедар дина цу кхеташонехь мехкан куьйгалхочо. Цул сов телевизионехь гайта а гойтуш, ша динчу къамелехь цо юха а билгалдаьккхина, цIийндас шолгIа зуда ялор хIусамнанас бохам санна тIеэца оьшуш ца хилар. ШолгIа зудая лор къобалдарал сов, тIе эмгар ялийнера аьлла бухарниг, бераш охьа а кхиссина дIаяхар, иза цунна гергахь нийса дац.

Цу хьокъехь цо боху: «Цхьа де а бахьна дац, ши зуда яра аьлла, берийн дог а дохийна, церан дахар гал а даьккхина, нана дIаяха. Майрачо зуда ялийнера аьлла, нана дIаяхана Iер нийса дац. ЦIерачаьрга, вежаршка, я кхечуьнга аьлла, иза цIаерзо аьтто бина, я кхин агIо йина цхьаъ дан деза...»

Кадыровс тидаме эцарца, къаьстинчу ден а, ненан а барт хила туьгуш бацахь, цара хьагI-гамо а, цабезам а бита а битина, цара вовшашна новкъарло ян ца еза бераш ган а, цаьрца марзо эца а. маьждигашкахь хьехамаш барал сов, цу декъехь жигара хила еза динан урхалла а аьлла, тешна ву мехкан куьйгалхо.

Ала дашна, шолгIа зуда ялор магош официалан деш кест-кеста дIахьедарш делахь а, могIарерчу нахалахь цуьнан агIончаш дукха бац. Бакъду Iедалдайшлахь, маьхькIамхошлахь, гIуллакхехь болчарлахь кIезиг бац, шолгIа а,кхозлагIа а зударий кхийлинарш. Цу декъехь,куьйгалхочуьнан аьллар-лаам дахаре дерзош, само еш, каде хьийзачех бу цхьаболу юьртдай а, шаьш муфтиятан белхой а.

Ткъа юкъараллехь шолгIа зуда ялор тидарх аьлча, иза буьзинчу наха, хьолана букъбеллачара лело хIума санна туьдуш ду. Делахь а, дукха дацахь а, масалш ду, де доцчара, тароне а ца хьоьжуш, чоь юьззина бераш доллушехь зударий балийна а, и бахьнехь дуьххьара болийна доьзал тергамза битна а.

«Лакхахь болчара дуьйцург цхьаъ ду моьттуш зударий балош берш а нисло,кхин дIоггара хьекъало сагатдеш боцчарлахь... Соьлжа-гIала Старопромыслан кIоште маре яхара сан йишин йоI. Яъал хаза яра иза ша а, иштта чиркхаш санна кхоъ бер ду цуьнан кхуьуш. Цуьнан майра кхин зуда а ялийна бов ваьлла, хIорш шаьш болччохь а битина. ХIинца, нанас гIо а деш, цуьнан бераш кхиош, хIара ша лол бетташ ю, ткъа важа жимачу нускалца керла зирх тосуш ву. Хьалха муфтиятехь вара болх беш хIинца цхьанхьа а вац. Мел цуьнан лаам хилча а ша дуьнентIе даьхначу берашна дан гIо долуш а вац тахан. И дика болх бу-кх Iедалехь болчара бечу кхайкхамех хуьлуш берг».

Иштта къамел до шолгIа зуда ялорах Соьлжа-гIаларчу яхархочо Кусаьллас. Цунна хетарехь цу кепара къамелаш дечулла цкъа хьалха нехан таро хилийта болх-некъ нисбо агIо лело еза угар хьалха Iедалан мукъ карахь болчара.
XS
SM
MD
LG