ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Адам: "Кадыровн эскархой Донбассехь гучубовлахь, цецволийла дац..."


Украина -- Нохчийчура "Iожалла" батальонера салтий бу Донецкехь тIеман Iамораш дIахьош. ГIура-бутт 8, 2014

Украина -- Нохчийчура "Iожалла" батальонера салтий бу Донецкехь тIеман Iамораш дIахьош. ГIура-бутт 8, 2014

Нохчийчура Кадыровн эскархойн а, цхьацца герзаца лелачу нехан а терахь алсамдолуш ду Донбассехь. Уьш цига хьажийна меттигера террорхой Оьрсийчоьнан тIеман дакъойн урхаллера ца бовлийта. Иштта хаам бина цхьамоггIа зорбанан гIирсаша, Украинин кхерамазаллан сервисана тIе а тевжаш.

Журналисташа дийцарехь, Донбассехь алсамбевлла Нохчийчура «Север» (Къилбаседа) эскаран декъан шевронаш йолу эскархой. Цу шевронашна тIехь ю Оьрсийчоьнан а, Нохчийн республикан а байракхаш.

Уьш Путинан гIашсатий бу, Путина аьлларг а деш. Цундела цхьа боьха болх бан безаш хилча уьш дIабохуьйту цо муьлххачу а меттиге.

ГIура-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман куьйгалло Донбассе хьажийра «кадыровцаш» олучу нехан керла тобанаш. Нохчийчура салтиq гинера масийтта Донецкан кIоштан масийтта эвлахь, шайна юкъахь Александровка а йолуш. Цу юртахь нохчийн къомах болу эскархой дIатарбан мегаш бу еххачу ханна, бохуш яздо Украинин зорбанан гIирсаша.

Цара чIагIдарехь, Кадыровн рогIера эскархойн тобанаш хьажийна Дечкен-бутт болалуш. Уьш берш а нохчий хилар билгалдоккху Украинерчу «Диалог» интернет ресурсо.

Цо а, кхечу а зорбанан гIирсаша дийцарехь, Кадыровн эскарера тобанаш тIемашкахь дакъалоцуш яц. Церан Iалашо ю меттигера нах кхерамехь латтор а, меттигера «бандитийн тобанаш» Оьрсийчоьнан тIеман дакъойн урхаллера ца йовлийтар а.

«Информацица дуьхьало яр» цIе йолу вовшахтохаралла кхоьллина Украинерчу журналисташа, Оьрсийчоьнехьа болчу Донбассерчу сепаратисташа дIалаьцначу территорешкахь хуьлург шайн Iуналлехь латтор Iалашонца.

Нохчийн республикехь гIуллакх деш болу Оьрсийчоьнан эскархой хьалха гина бу тхуна Донбассехь.

И хаам мел бух болуш бу аьлла, хаьттира ас цу тобан декъашхочуьнга Карин Юрийге. Цкъачунна цунна таллам беш ду шаьш бохуш вара иза.

Карин Юрий

Карин Юрий

Карин Юрий: «Тхуна хIинцца и хаам хезна. Кху сохьта иза тIечIагIбан а я харц бан а аьтто бац тхан. Тхо иза толлуш ду. Амма Нохчийн республикехь гIуллакх деш болу Оьрсийчоьнан эскархой хьалха гина бу тхуна Донбассехь. Цара дакъалецира Украинин эскаран дакъошца хиллачу тIемашкахь».

Боьха болх бан, цайоьшу нах дIабаха Оьрсийчоьнан ФСБ-н а, ГРУ-н а тобанаш йогIу Донбассе бохуш вара Карин Юрий.

Карин Юрий: «ХIоразза а "зачистка" ян я Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн хьалхарчу а, шолгIачу оккупацин корпусашкара эскархой кхеро, сих-сиха ала мегар долуш, йогIу ФСБ-н а, ГРУ-н а леррина тобанаш. Церан белш тIехь буьсуш бу цу тайпа болх».

Осмаев Адам Украинехь йолчу шайн лаамехь Украинин цхьааала ларъян баханчу тIемалойн батальонан командир ву. Цу батальонера дукхах берш Нохчийчохь тIемаш боьлхуш Оьрсийчоьнан эскарех летта нах бу. Донбассе Нохчийчура эскархой баьхкина олий сих-сиха хеза шайна, амма теллича иза бакъ ца хуьлу бохуш дуьйцу цо.

Осмаев Адам

Осмаев Адам

Осмаев Адам: "Тхуна мосуьйттоза хезна хIума дара иза, уьш баьхкина бохург. Юха и хаам теллича цкъа а бакъ ца хуьлура иза. Цундела цатешарца тIеоьцу ас иштта хаам хезча".

Амма Донбассехь Оьрсийчоьнан армехь гIуллакх деш болу нохчий гучубевлча цец вера вацара ша бохуш вара Осмаев Адам.

Осмаев Адам: "Амма бахка мега уьш. ХIунда аьлча, уьш Путинан гIашсатий бу, Путина аьлларг а деш. Цундела цхьа боьха болх бан безаш хилча уьш дIабохуьйту цо муьлххачу а меттиге. Цундела цецвала хIума дац уьш хилахь а. Амма тхуна хезна хIума дац иза тIаьхьарчу хенахь. Ткъа хезча, юха теллича бакъ ца хуьлу иза".

Оьрсийчоьнан армехь гIуллакх деш болу нохчий ши шо хьалха жигара дакъалоцуш бара Украинан эскаршца тIом беш. Цара, хьул а ца деш, дозаллица дийцара шаьш, сепаратисташна тIе а хIиттина, Украиница тIом беш хилар.

Амма дукха хан ялале уьш берш дIабахара, цхьана бахьаница меттигерчу Iедалшца дов а даьлла.

Цул тIаьхьа коьртачу декъана Донбассехь леларш бара вайн къомах болу цхьацца авантюристаш. Амма и нах, иштта а дика йоккхуш йоцу нохчийн цIе бехъяр а бен, дIоггара тIеIаткъам бан таро йолуш бац цу регионехь хуьлучунна.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG