ТIекхочийла долу линкаш

Iедал Кадыровх мукъадаьлча хийцалур юй Нохчийчохь урамийн цIерш?


Нохчийчоь -- Путинан урам (Хилла болу Толаман проспект), Соьлж-ГIала, 06ГIад2008

Нохчийчоь -- Путинан урам (Хилла болу Толаман проспект), Соьлж-ГIала, 06ГIад2008

Стохка Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Украинехь болх бан доладелира цу пачхьалкхехь декоммунизацин процесс дIаяхьарх лаьцна долу низам. Украинин юкъараллан дахар коммунизман симболех цIандар а, дешан а, кхиоран а процессана декомумнизаци яр а дIадоьдуш ду кху деношкахь. Оцу гIулчашна тIера доладелира 25 шо хьалха йозуш йоцучу Нохчийн Республикан дахар а. Ткъа муха хила мега и процесс Кадыровн Iедал хийцаделча?!

Коммунизман идеологи нохчийн дахарера дIаяккха Нохчийн парламенто тIеэцна низам кхочуш дар хьокъехь леррина указа арахийцира президенто Дудуаев ЖовхIара 1993-чу шарахь.

Ткъа парламенто леррина комисси кхоьллинера уггаре а хаьлха нохчийн къоман мостагIийн цIерех мохк цIанбар Iалашнонца. Цу комиссин коьртехь вара цу хенахь халкъан депутат волу Абумуслимов Сайд-Хьасан. Цо дуьйцу шаьш бинчабалхах лаьцна а.

Урамийн а, майданийн а, кхин йолу а цIерш хийцар керлчу Iедалша лелош долу хIума ду бохуш, дийцира цу хьокъехь историко Вачагаев Майрбека.

Карарчу хенахь Нохчийчохь долчу Кремло латточу Iедало техкина цIерш а хуьцур ю, керлачу Iедалшна, царна а луур ду шайн турпалхой базбан бохуш вара историн Iилманча.

Амма Абумуслимов Сайд-Хьасан а, Вачагаев Майрбек а тешна ву цIерш тахка хьакъдолу бакъболу нохчийн турпалхой ванехан хиларх.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG