ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровна гучубевлла Нохчийчура харц кхелаш ен суьдхой


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзанан Instagram-ра видеон сурт.

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзанан Instagram-ра видеон сурт.

Нохчийчура Лаккхарчу кхелан суьдхошка даржаш дита аьлла кхайкхам бина Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Сольлж-ГIалахь хиллачу кхеташнехь республикерчу суьдхоша бечу балхана луьра критика йина цо.

ХIара къамел Кадыров Рамзана дина Нохчийн Республикан Лаккхарчу кхелан а, кIоштийн федералан а суьдхошца шен хиллачу кхеташонехь. Цу цхьаьнакхетарехь республикан куьйгалхочо некъ битира Нохчийчура Лаккхарчу кхелан куьйгалхочунна Каратаев Магомедана а, кхин а кхаа суьдхочунна а балхар дIабовлаш дIахаийтаран кехаташ яздан. Нагахь сий а, белхан этика а хIун ю хууш нах уьш балахь, уьш шайн лаамехь дIабовла беза балхара аьлла, яздина Кадыровс.

Нохчийчоьнан администарацин куьйгалхо тешна ву, нагахь цу суьдхоша и сацам бахь иза церан дахарехь уггаре а нийса сацам хирг хиларх.

Каляпин Игорь Оьрсийчура бакъонашларъярхойн мобилан тобанан куьйгалхо ву. Дуккха а хан яьккхина цо Нохчийчохь цигарчу бахархоша бина латкъамаш цхьана жамIе кхачо гIерташ.

Кадыровс критика йинчул тIаьхьа я Каратаев а, я кхин болу а цу кхеташонехь цIераш яьхна суьдхой балхбахь бисахь тамаш бу, уьш Кадыровн нисса дIа куьйгакъеллахь бацахь а аьлла хета цунна.

Каляпин: «Ма дарра аьлча, со вуно шеко йолуш ву уьш цул тIаьхьа даржера дIабевр бац бохучух. Амма, кхетий шу,.. иза цхьа беламе анекдот ду: губернаторо даржера дIабоху Лаккхарчу кхелан суьдхой, коьртехь цу кхелан гIаьнда а волуш...»

Нохчийчура суьдхой бевзаш бу кхеле озийначу нахана кхета цакхеттала яккхийн хенаш етташ хиларца. Ур-аттала тIемалочунна баьпка юьхк елла аьлла шеко йолу лаьцнчу стагана а цара лаххара а 10-15 шераш хенаш йиттина дуккха а меттигаш ю. Иза тидаме эцча, кIезиг нах хила мега Каратаев а, кхин болу а суьдхой Кадыровс балхара лахкар бахьана дролуш синтем байна, я дог доьхна.

Нохчий цаьрга хьийзабойтур бац ша боху Кадыровс.

Кадыров Нохчийчоьнан куьйгалхо волу дуккха а хан ю. Коьртачу декъана цу республикера хьаькамаш цо кхиийна а, хIиттийна а бу ала мегар ду. Тахана цо коррупцин дай бу аьлла билгалбаьхна суьдхой болу а ду шайн даржашкахь дуккха а шераш.

Каляпин: «Суна ца хаьа Кадыров мел бехк бу цигара суьдхойн тоба цу кепара вовшахтоьхна хиларан. Бакъ ду куьйгалхочо Iаткъам бар хьакхалуш хила а мега Iедалх, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллах, прокуратурах. Ткъа кхелех иза мелла а къезиг хьакхалуш хила мега. Цундела иза хила а мега Кадыровна цатовш дерг".

Ткъа Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь суьдхошца долу хьал муха ду аьлла хета хьуна? Уьш буй куьйгана цIена? Цара еш йолу кхелаш нийсонца йина ю ала мегар дуй?

Каляпин: «Суна хетарехь, Нохчийчура кхелаш кхечу регионашкахь йолчарел а кхин алсам коррупци лелош яц. Нийса дерг алар хьамма эар ду ас, нохчийн суьдхоша наггахь цIингаш кхуьйсуш меттиг богIу аьлла. Ас дагадоуьйтур ю судхочуьнца Абубакаровца хилла истори. Чоьхьарчу гIуллакхин министро Алхановс телефон тоьхна хиллера цуьнга нийса кхел муха ян еза бохуш хьехар деш.

Абубакаров реза цахилира кхин дIа и гIуллакх листа, министро шега дийцинарг тидаме эцча, шен бакъо яц цу стагана кхел ян аьлла. Ас кхин а масаллаш далор ду, суьдхоша шаьш реза цахилар гойтуш шайна башха хетарг кхелан сацаман тIехь билгалдоккхуш хилла.

Ас эр ду Москох, масала, суьдхой дукха хенахь дуьйна бу тийна-таьIна Iаш. Цундела суна ца хета суьдан Iедал Нохчийчохь вуно во ду ала, Москох долчул, масала. Кхин хIума ду мэрана Собянинна цкъа а коьртачу догIур дац, цхьана суьдхойх тешам байна шен баха. Иза, цхьа а шеко а йоцуш, эхь дайнарг хир дара. Цул сов, суна хетарехь, Москох мэр сихха нисвийр вара».

Кадыровс Инстаграммехь дIахIоттийначу видеона кIеллахь комментареш юьтуш бу дуккха а нах. Царах дукхах берш вуно реза бу Кадыровн куьйгаш эххаре а суьдхошна тIекхаьчна.

Нохчийн республикехь цхьа а стаг хила цавеза, харц кхел а йина, таIзар ловш а, я вониг дарна кхеле озийна вооцуш а аьлла яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Instagram-ехь…

XS
SM
MD
LG