ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровна санна Абдулатиповна а оьшу чемпион Сайтиев


Сайтиев Бувайсар.

Сайтиев Бувайсар.

Кхузза Олимпан чемпион Сайтиев Бувайсар шен хьехамчан дарже хIоттийна Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. Цул сов, вевзаш волу спортхо ву «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин цIарах Дагестанехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан харжамашкахь дакъалоцуш.

Олимпан чемпион Сайтиев Бувайсар, хууш ма-хиллара, хIинцале а волуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан хьехамча. Цул сов, Сайтиев жигара дакъалоцуш ву Дагестанерчу нохчийн юкъараллан кхеташонехь. Ткъа иштта, Абдулатипов Рамазанан тешаме стаг лоруш а ву дуьненна а вевзаш волу спортхо.

Оршот дийнахь хаам къаьчна Сайтиев Дагестанан куьйгалхочуьнан хьехамча хIоттийна аьлла. Махачкалара болчу хаамца, цу хьокъехь омра дина хилла Абдулатиповс кху беттан 23-чу дийнахь.

Чемпион Сайтиев Бувайсар вина 1975-чу шарахь Хасавюртахь. Охьатохарх лата Iама иза волавелла 6 шо долуш. Сайтиев Бувайсар кхузза чемпион хIоьттина Олимпиадашкахь (1996, 2004, 2008 шераш). Иза ялхозза хилла дерриг а дуьненан чемпион а, ялхозза хилла Европан чемпион а.

Бадалов Руслан дуьххьара Советан пачхьалкхехь паргIат охьатохарх леташ чемпион хилла ву. Шена дика хета Сайтиев Iедалан балха юкъаийзош хилар бохуш дуьйцу цо.

Бадалов Руслан: - Суна Iаламат ларам хилар хета иза. Сайтиев Бувайсар кху дуьнентIехь гIараваьлла ву. Цу тайпа спортхой дукха бац. Массо а меттехь ша дикачу агIор гойтуш ву иза.

Дагестанехь нохчий баьхна кIошта юхаметтахIоттош къахьоьгуш ву иза. Нохчийчохь пайда бохьуш а ву иза. Абдулатиповс шен хьехамча хIоттийна иза. Цхьаммо хIотто веза аьлла хIоттийна вац иза. Цара шаьш хаьржина ву иза, цунах боккха пайда хир буй а хууш.

Хууш ма хиллара, Сайтиев Бувайсар Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат хила ойла йолуш а ву. Цу техь чекхболуш бу аьлла-м ца хета хьуна Сайтиевн политикехь болу лаам аьлла шега хаьттича, Бадалов Руслана иштта жоп делира.

Бадалов Руслан: - Муьлхха даржехь иза хиларх, масала, къоманна хьалхваьлла, хьалхатеттина, я президент хуьлур иза, республикан куьйгалхо хуьлур иза, Дагестанехь хуьлур иза, кхечанхьа хуьлур иза... иза мичча хIоттийча цецвала хIума дац. Оьрсийчоьнан регионехь а (хIотта халам-м ду) иза хIоттийча болх балур болуш ву иза. Говзалла йолуш ву иза.​

Ткъа муха тIеэцна Дагестанехь Сайтиев Бувайсар республикан куьйгалхочуьнан дарже хIоттор? Дагестанерчу политикан говзанчо Бисавалиев Мохьмада дийцарехь, Сайтиев дикачу Iедалан даржехь хила веза дуккха а хан яра.

Бисавалиев Мохьмад: - Суна цахета цу гIуллакхо цхьа дукха хабарш юкъадаьхна аьлла а, юкъаралло цунна тIе тидам бахийтина аьлла а. ХIунда аьлча, Дагестанехь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а бевзаш болу спортхой Iедале боьлхуш Iедал ду. Цу тайпа масаллаш дуккха а ду. Уьш гIалийн а, кIоштийн а куьйгалхой хIуьтту. Масала, Умаханов Сагид-Паша, я Олимпин чемпион Муртазалиев Сагид. Иза Пенсийн фондан куьйгалхо вара.

Сайтиев Бувайсар, иза тидаме эцча, лаххара а министр, я гIалин да, я кIоштан куьйгалхо хила везаш вара. Цундела, тахана иза республикан куьйгалхочуьнан хьехамчан дарже хIотторо жимма къинтIера доккху иза хIинццалц тергал а цавеш витина хилар. Амма цецбовлуш тIеоьцур дац наха иза цу дарже хIоттор.

Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе баха лууш болу нах дика бевзаш бу республикехь. Уьш Iедалехь болу дуккха а хан ю. ХIинца царна юкъакхетта Сайтиев Бувайсар. Муха хета хьуна, атта хир дуй цунна депутатан дарже кхача, Бисавалиев Мохьмад?

Бисавалиев Мохьмад: - Дагестан вуно хала регион ю, кхузахь дуккха а динаш а ду, дуккха а къаьмнаш а ду дехаш. Иза Нохчийчоь яц, я ур-аттала ГIалгIайчоь а яц. Кхузахь тайп-тайпана ницкъаш бу. Дагестанехь тайп-тайпана къаьмнийн а, финансийн а тобанийн барт бан безаш хьал хуьлу. Цундела со дIоггара тешаш вац цо и лакхе йоккхур ю аьлла. ХIунда аьлча, кхузахь вуно онда оппозици ю Iедалшна дуьхьал.

Делахь а Сайтиев Бувайсар депутат хила мега аьлла хета политикан говзанчанна Бисавалиев Мохьмадана.

Бисавалиев Мохьмад: - Суна хетарехь, Кадыров Рамзанан юххера стаг хилар а, Абдулатипов Рамазана иза хьехамча хилар а тидаме эцча, цуьнан цхьа уьйраш хила мега федералан центрехь, иза чекхвала мега. Амма «Цхьааллин Оьрсийчоь» партина уьш вуно хала харжамаш хирг хилар шеко а йоцуш гуш ду.

XS
SM
MD
LG