ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровн кхеташонан декъашхо хила сатесна ву Каляпин


Каляпин Игорь.

Каляпин Игорь.

Адамийн бакъонашца долу гIуллакх дика дац бохучу Нохчийчохь Iедалша дукха хан йоцуш кхоьллинера бакъонашларъярхойн кхеташо. Тахана цу юкъа ваха шен лаам бовзийтина,«Къизаллашна дуьхьал» комитетан куьйгалхочо Каляпин Игорьс. Амма, цкъачунна, Iедалша жоп ца делла цунна.

«Къизалшна дуьхьал» цIе йолчу комитетан куьйгалхо Каляпин Игорь, ша, Оьрсийчоьнан президентан хьалхахь йолу бакъонашларъярхойн кхеташонан декъашхо ву. Цига иза хала ца кхаьчна, амма, цу тайпа Нохчийчохь йолчу кхеташонна юккъе ваха лууш ву иза. Оцу хьокъехь цо кехат а дахьийтина Нохчийчурчу Iедалшка, амма, жоп ца делла.

Оцу кхеташонан коьртехь волчу Алиев Тимурига а, ша и лаам бовзийтина, амма, тахана а цхьанна а тайпа жоп делла дац шега, аьлла дIахьедар дина, гIарваьллачу бакъонашларъярхочо "РБК daily" цIе йолчу газете. Ша кхин цкъа а дохуьйтура ду Кадыров Рамзане кехат, оцу кхеташонна юккъе ша вахийта, аьлла боху Каляпин Игорьс.

Пачхьалкхехь а, дуьненахь а воьвзуш волу и бакъонашларъярхо коьртехь волчу «Къизалшна дуьхьал» комитетан Нохчийчуьра Iедалш реза доцу дикка хан ю. И цхьа тобий бен яц, махкахь, уггаре а кIоршаме долу зуламан гIуллакхаш, адамийн бакъонаш йохоран хьокъехь дерш толлуш. Масийтта стаг цара дозанал араваьккхина, Iедалан низамхошна дуьхьал тоьшалла дина волу.

Иштта, зеделларг Каляпин Игорьс санна верг, оцу кхеташонна юккъе вахийтича дика хира дацара, аьлла, Маршо радионо хаттар делира, оцу кхеташонна декъашхо йолчу Саратова Хедига. Цунна хетарехь, болх ма хетта дIабаьхьча, зе дера дацара цуьнах.

Саратова Хеда: «Каляпин суна воьвзу цхьа 15 шо хира ду. Цара беш болу болх а цара лелош дерг а хууш ду. Кхеташонна юккъе иза вахийтича, цуьнах зе дера дацара. Оцу декъашхойн бакъо йитича, и болх цаьрга байтича. Каляпин а, кхиверг а, оцу юккъе веача, цхьана а тайпана зе дера дацара.

Цара а цхьа харцхьа дерг аьлча уьш нийсачу новкъа бохур бара, кхетор бара».
Каляпин а, кхиверг а, кху дуьненехь мел волу бакъонашларъярхо а оцу кхеташонна юкъахь гулвахь а, болх беш ца хилахь, цхьаннех а пайда хир бац аьлла хета Саратова Хедина. Иза декъашхойх доьзна хIума дац аьлла, тидам бира цо.

Саратова Хеда: «Со а цу кхеташонна юккъахь ю. нагахьс анна цхьа а бакъо а йоцуш, вахь а хьоьвшина, хилчхьана аьлла, хилахь, Каляпинах а, кхечарах а зе хира ду. Цара дерг дуьйцура ду, ткъа, тхан и бакъо хира яц иза дийца. Тхуна цхьа агIо а, бакъо а елла, дийца дезарг а, ала дезарг а ала йиша хилахь, тхуна цхьа а новкъа вац-кх цу юккъахь».

Каляпин Игорь, Нохчийчурчу Iедалшна карзахе стаг ву. Хийлаза оцу комитето беш болу болх емал беш дIахьедарш динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Амма, вукхара даиманна олуш ду, шаьш деш дерг нийса дац аьлла хетахь, цхьаьна болх байта вайга олий.

Цунна, гарехь, цкъачуьнна кийча дац Нохчийчура Iедалш. Дукхачу тергамхоша, билгалдоккху, нагахь Кадыров Рамзана, Каляпин ша кхоьллинчу бакъонашларъяран кхеташонна юкъа вахийтахь иза пайдехь дольрзур ду республикан йохь-сибатана олий.
XS
SM
MD
LG