ТIекхочийла долу линкаш

Бакъдолчуьнан метта кхерам хIутту, бекхам а боцуш, журналисташ бойуш хилча


Цхьаьнатоьхна Штаташ - Пачхьалкхан Департаментан лого

Цхьаьнатоьхна Штаташ - Пачхьалкхан Департаментан лого

Дагестанера «Черновик» газета кхоьллина волу Камалов Хьажмурд вер талла, аьлла, кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка Iамеркан пачхьалкхан департаменто. Цу дIахьедар тIехь аьлла ду, Оьрсийчоьно сацо деза журналисташна ницкъ бар, аьлла.


Оьрсийчоьно журналисташ хьийзор а, царна тIехь ницкъ бар а сацо а деза, Камалов Хаьжмурд вер талла а деза, аьлла, ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедар тIехь.

Цу департаментан официалан векло Тонер Марка кху беттан 3-чу дийнахь Вашингтонехь хиллачу пресса маьрша хиларан дуьненаюкъарчу денна хьажийначу зорбан-конференцехь билгалдаьккхира, Камаловс толлуш дерш ницкъаллин структурашкахь коррупци лелорца доьзна гIуллакхаш хилла хилар.

Тонер Марк: Камалов Дагестанехь «Черновик» цIе йолу газета кхоьллинарг вара. Иза вийра шен офисана уллехь 2011-чу шеран ГIуран-баттахь. Камаловс критика йора коррупци лелорна а, меттигерчу ницкъаллин структураша адамийн бакъонаш йохорна а, адамаш дайарна а.

Иза а «Черновик» газетера кхин болу журналисташ а, царна дуьхьала бехк-такхаман гIуллакхаш схьа а доьллуш, жоьпе ийзо гIертара Iедалш. Царах цхьаберш дIа а лийцинера цара.

Камалов Хьажмурд вийра 2011-чу шарахь ГIуран-беттан 15-чу дийнахь буса шийттолгIачух ах долуш ХIинжа-гIалахь. Редакцина генадоццуш Гаджиев Мохьмадан урмехь зуламхоша 14-зза герз тоьхнера цунна. Еза чоьвнаш йина волу Камалов велира дарбанцIийне дIавуьгуш. Талламхошна хетарехь, журналист вер доьзна дара цо бечу балхаца.

Вашингтонерачу зорбан-конференцехь Тонер Марка Оьрсийчурча Iедалшка кхайкхам бира журналисташна ницкъ бар сацадахьара, аьлла. Цунна хетарехь, иза далур дац, нагахь Камалов а, кхин болу а журналисташ байина болу нах схьа а карийна, царна догIуш долу таIзар ца дахь.

Тонер Марка: Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, цхьа а жоьплла а доцуш, журналисташ байитар саца де, аьлла. Жоьпе озо безаш бу Камалов вийнарш а, кхин болчу журналисташна тIелетарш динарш а.

Оццу дийнахь Iамеркан президентан администрацино кхайкхам бира кхин а цхьамоггIа пачхьалкхийн Iедалшка журналисташна тIехь ницкъ бар саца а де, зорбан гIирсаш маьрша хилийта оьшуш дерг а де, аьлла.

Журналисташ кхерош хилча, царна тIелетарш деш хилча, уьш набахташка бухкуш хилча, адамаш шаьш шайна цензура ян дуьйлало. Бакъдолчуьнан метта дIахIутту кхерам, ткъа и бахьана долуш эшам хуьлу ерриг а юкъараллина, аьлла, ду Iамеркан президенто Обама Барака цу хьокъехь динчу дIахьедар тIехь.
XS
SM
MD
LG