ТIекхочийла долу линкаш

Етташ, лохкуш бу мухIажирш Карабулакера


ГIалгIайчоь -- Мацалла лацарх а ца хеза Кадыровна ГIалгIайнчоьнан хьакамаша хьийзабе нохчийн мухIажирш, Karabulak, "Промжилбаза"

ГIалгIайчоь -- Мацалла лацарх а ца хеза Кадыровна ГIалгIайнчоьнан хьакамаша хьийзабе нохчийн мухIажирш, Karabulak, "Промжилбаза"

ГIалгIайн махкарчу Карабулакехь Нохчийчуьра махIажирш бехачу керта, уьш арабаха жIаьлешца, бронетехникаца баьхкинера полисхой еарийдийнахь. Нахана, ма хуьллу Iовжамаш а беш, сийсаз а бохуш, йиттина. ХIусамех, аьлча а, шаьша чохь бехачу божалех баьхнарш нохчий хилла Iаш бац, гIалгIай а бу царалахь.




Iуьйранна дуьйна мухIажирш беха "Промжилбазин" керт лерина операци дIахьочу меттигах таръеллера. БТРаш а, туьтмIаьжгаш йоьхна, жIалешца баьхкина эскархой...

Масех цIа дохийна. Ши де ду ницкъахой жигара хьийза. БIаьхойн тобанна хьалхаваьлла хьийза мехкан кхерамазалин кхеташонан куьйгалхо Котиев Ахьмад.

Мохьдан Нохчийчохь тIом боьдуш ков-кертах бевллачу мухIажирех ву. Ишшта дуьйцу цо шаьш дехачу оцу кертарчу хьолан хьокъехь.

Мохьдан: « Кхуза схьабаьхкиина салтий бу, аьчка куйнаш а, бронежилеташ а йоьхна, шайца жIалеш а долуш. ГIагIдиллина тIеман машенаш а ю. 1944 шарахь ца хилларг ду-кх тхоьгахь хIинца дерг. Шайга далуш дерг деш, чохь бийшина Iоьхкучу нахана чулелхаш бу. ХIун дан деза оха? Оха цьарга бохуш хIумма а дац. Тхо а ма ду хIокху пачхьалкхан бахархой. Тхо шайна дуьхьалдовлийта питанаш леладо, амма тхо Iовдал ма дац. Нахана юкъахь лелла ма ду тхо».

Бахархой чуьра ара а бохуш, гIишлош йохош ю, боху мухIажарша. ТIом боьдучу меттигах тарлъелла и меттиг, кхечу мухIажира Джабраилова Маликас дийцарехь.

Джабраилова: «Чохь нах Iаш боллушехь, цIенош вовшахдохуш ду. Нах аракхуьйсу.ХIумма а гIиллакх лаьцна а, оьзда деш а дац иза. Олуш хаза дацахь а, 7 бутт доьзалхочух йолу зуда, хенал хьалха дарбан хIусаме йигина. Тахана кхузахь йоцуш структура яц. Массо а тхо эшон а, тхо сийсаздаха а араваьлла».

...Къамел деш Iашшехь, Джабраилова Маликин телефон дIасецира. Юха шега дIатоьхча, цо элира, шегара иза дIаяьккха гIоьртира цхьа низамхо, аьлла.

Джабраилова: «Телефон буйнахь йолучаьргара уьш дIаяха гIерта. Маьхьарш детта. Бер арадаьлча, кхерамазаллин кхеташонан куьйгалхочо, ша оцу телефонций лаьттах тухур ву хьо, аьллера. Тахана, Сталин волчу хенахь хилларг а дац хIара-м... ХIун даьлла тхоьгара, оццул тхо хьийзон? Оха кхаьргара хIума доьхуш дац. Тхайна аьлла схьадеана ахча доьху аьлла, тхо охьтаIийна цара. Тхан бераш Iадийна ду».

«Промжилбазин» кертахь нохчий хилла Iаш бац - Нохчийчуьра дIаихина гIалгIай а бу. Цигахь еха мухIажир Дзаурова Макка махкахь евзаш журналист ю. Иза а, гарехь, цецъяьлла хуьлучух.

Дзаурова: «Мухха а делахь а, марсхьокху беттан 10-гIа де тIекхаччалц собар ца деш, нахана хIусамаш лаха аьтто а ца луш, деш ду цара иза. Ниицкъаша арабохуш бу нах. Йохош ю корпусаш. Тхан неI а йохийна. Цу чохь сан вежарий, йижарий бу. ХIунда йохийна аш аьлча, хIара тхан ю, тхайна луъург дийр ду оха, боху».

ГIалгIайн республикан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна тIекхочийла дац цхьанненан а. Амма цо хабар даийтина: :Ас нах чохь беха гIишлош ца аьлла йохае, еса ерш аьлла". Ткъа хьо журналист хилча, хьан аьтто бац хаамийн гIирсашкахула орцадаккха, репортаж ян, аьлла хаьттича, Дзаурова Маккас ишшта элира.

Дзаурова:
«И тайпа материалаш тхан кхузахь чекх цайовлуьйту. Хьлаха со газетехь болх беш йолчу хенахь ас язйора и тайпа материалаш».

Карабулакерчу мухIажиршца Iедал ийгIира цхьа бутт хьалха. ХIусаман сертификаташ массарна а еллера, амма Нохчийчуьра мухIажирш бацара царалахь. Москох а бахана, арздинера цара, шайн бакъонаш йохийна аьлла, амма цунах а гIуллакх ца хилча, "Промжилбазин" кертахь мацалла кхайкхийра иттех мухIажиро. Амма оцу акцех а ца беша ГIалгIайчоьнан дай.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG