ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусалба хиларна а бехке ву тутмакх


Тутмакхашна тIехь таIзар латтаде федералан хьукматаш лерина ю набахтешкахь кхоллалучу бусулбанийн тобанашца шаьш латтон къийсам кхин а чIагIбан.

Оьрсийчоьнан набахтешкахь, Нохчийчохь тIемаш бинарш боцуш, эзарнашкахь бу бусалба дин пачхьалкхо мага ма-дарра ца леладо аьлла, кхелаша экстремизм, терроризм дуьхьал а тоьхна, чубоьхкина кхобу нах.

Цара шаьш хан токхучехь а ца юьту жихIадизм, оцу бахьанийца шагдан деза царна тIехь набахтеша ден Iуналла аьлла дIахьедина хIинца Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло.

Кест-кеста набахтешкара хаамаш кхочу Маршо Радионе а. Гарехь кху дуьненца царна зIе юзуш кхин цхьа а хьукмат а яц.

Оха-м хIоразза а довзуьйту тхайца гергарлонехь болчу тутмакхийн аьзнаш вайн къомана. Довзуьйту, йоцуш цхьанне а кепара бакъо тоьлур ю ала дегайовхо.

ХIинццалц хааделла дац Кремло Нохчийчоьнна тIехIиттийначу наха бехкенна я бехказа набахтешкахь бохкучу вайнахах къинхетамбеш. Кхеташ ду, цара шайн даржаш лардо.

«Коммерсант» газето зорбане яьккхина кху деношкахь артикл, цу тIехь яздо тутмакхашна тIехь таIзар латтаде федералан хьукматаш лерина ю набахтешкахь кхоллалучу бусулбанийн тобанашца шаьш латтон къийсам кхин а чIагIбан.

Хьукматан векалша бахарехь, иза дозу тIаьххьарчу заманахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан жигаралла кхиарца а, экстремизмалле литература яржарца а.

Набахтин урхалло ФСИН-о чIагIдарехь, тIаьххьарчу цхьана шерачохь бехктакхаме гIуллакхаш кхийдочарех, набахтешка хенаш тухуш хьийсочарех дукхахберш бусулба къамнех бахархой хилар.

Цара бахарехь, бусулба дин лелораш дукха хьолахь цхьана тобане а булий, къайлах шайн гонаш а кхуллий, экстремизмалле литература яржош хуьлу.

Дахначу шарахь, 800 стаг гучуваьлла, тергонехь латтош ву. И терахь иштта доккха а дац, Оьрсийчуьрчу набахтешкахь бахкош 600 эзар хиларе ладоьгIча.

Набахтешкахь жамIат тобанаш селхана кхоллаелла яц, бохуш яздо Къилбаседа Кавказера хьал зуьйчу эксперто Соколов Дениса.

ШолгIа тIом Нохчийчохь болабеллачул тIаьхьа, бусулба нах дукха хьийсон болийра набахтешка. Къайлахчу сервисашна цунах йоккха проблема а хилира, цхьацца стаг кагван атта ду, дийнна жамIат тоба иэшон гIертачул а.

Маршо Радио зIене елира Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочуьнца, Юккъараллийн Кхеташонан декъашхочуьнца Мальсагова Асетца.

Цунна хетарехь, са гатдан оьшуш проблема яц иза. Ша а, шен накъосташа а дуккха а къахьоьгу низамашца доцург набахтешкахь ца леладайтархьама, бохуш дийцира цо.

Мальсагова: «Дин леладойтур дац? бохуш кхайкхориг милла а велахь а, и дош дац, делахь а, цунна сагатдан оьшуш дац, хIунда аьлча, набахтин система Малхбузерчуьнца дIанисъярхьама, цу тIехь болх беш дуккха а оьрсий а, бусулба нах бу, къестамаш а боцуш.

Дин леладойтур дац аьлла дагадеънарг а дохковоккхур волуш. Мичча хенахь а, набахтера тутмакхо, я цуьнан дас-нанас тилпо тоьхча, гIо оьшуш, и набахти йолчу регионерчу юкъараллашца дIа зIене а йолий, оцу сохьта проблема ерзайо ас».

Москохарчу адвокате Хадисов Мусага а хаьттира Маршо Радионо, хIун боху низамо, юй тутмакхан цхьанне а кепара бакъо, шен дин лелон, аьлла.

Хадисов: «Низамашка диллича, чохь бахкучу тутмакхийн бакъонаш цхьатерра хила езаш ю. Церан бакъо ю дин лело, цхьацца набахтешкахь маьждигаш а цхьаьна ду. Бусулбачу нахана дуьхьалбийларш дуккха а нисло, уьш низамашца лелаш бац.

Дукхамма набахтера схьа кехаташ яздо, зIенаш етта, дин лелорехь новкъарло йо шайна бохуш, и долуш ду, даим хилла а ду. Нохчийчуьра Iедало, юкъараллаша, массара а дуьхьал а бевлла, зулам сацон декхар ду-кх».

Хьалхо Маршо Радиоца зIене ваьллачу тутмакха Замтиев Лоьмас а балхийра шайгахь латтон бала.

12 шо дуьзна, цо бахарехь, цуьнан бехк цахиларан 30 стеган тоьшаллаш доллушехь, маьрша воцу.

Доза дац Оьрсийчоьнан набахтешкахь лелочу харцонан. Дуьйцу Лоьмас.

Замтиев: «ФСБ-н белхахой бу кхуза лесташ, баттахь 2-3 бахкар а нисло церан. Цара кхерамаш а туьйсу, араволуьйтур вац шаьш бохуш, вуьйр ву, я юха а чувуллур ву, дIовш малор ду, бохуш.

Хьакханах юург йо даим, бусулбачу нахана иза магош йоцийла хуъушехь, дин ца леладойту, динах лаьцна кинжкаш ца юьту, ламазан кузаш дIадоху, шайн ма-хуьллу провокацеш лелайо».

Оьрсийчоьнан низамаш хIуъа бахарх а, бакъоларяърхоша мел когаш беттарх а, маршонех хьегачу набахтешкарчу тутмакхийн аьрзнаш лекъар дац, гарехь.

Яздинарг цхьаъ, леларг кхин долу система Оьрсийчохь мел лаьтта.

XS
SM
MD
LG