ТIекхочийла долу линкаш

Сегежа, набахти № 7 - къиза меттиг


Оьрсийчоь -- набахтийн гIалахь Сегежехь, Карели.

Оьрсийчоь -- набахтийн гIалахь Сегежехь, Карели.

Сегежера набахтера хьал талла бакъонашларъярхойн тоба яханера. Цара бакъ ца дира тутмакхаша до аьрзанаш. Амма кху деношкахь кхиъ цхьана тутмакха, Нохчийчура вахархочо Мамаев Анзора шен хIусамненехула хаийтина шайна тIехь латточу Iазапех. Цуьнца къамел динера оцу набахте таллам бан еанчу Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векало Москалькова Татьянас.

Долу хьал, ма дарра цо дIадийцинера цуьнга. Коьрта бакъонашларъярхо дIаяхча, Мамаевн тIехь юха а къизалла йолийна набахтера белхахоша, аьлла дIахьедар дина цуьнан хIусамнанас Садулаева Каметас, Москохахь Сахарован центрехь цу хьокъехь хиллачу дийцаршкахь.

Сегежера и набахти бакъонашларъярхойн тидамехь дукха хена дуьйна ю, аьлла цуьнах Маршо Радиога дийцира нохчийн бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета.

Мальсагова: «Нахала яьлла ю и ИК-2 олу набахте. 3 шо хьалха ас, Москоха а, Путине а кехат яздинера цуьнах лаьцна. ХIинца гIарадаьлла цигара хьал. Вайн бераш бахьан долуш, оха цига яхитийна Светлана ю, юрист. Цуьнах цхьа хьал хийцалург хиларна сатуьйсу оха».

Сегежера, хIинца юьйцуш йолу и набахте билгалъяьлла кхиъ цхьана хIуманна тIехь. Кхечу меттигашкахь, тутмакхаш къар ца белча, цига а буьгий, вахтаIабо. Цуьнан куьйгалхо ву, леррина и хIума лело тIехIоттина, аьлла хета бакъонашларъярхочун Мальсагова Асетан.

Мальсагова: «Уггаре а коьртаниг ву цигахь, бехктакхаман урхаллан куьйгалхо Терех фамили йолу. Иза набахтийн куьйгалхо хилла ву. Цигахь вайнехан берашна тIехь къизалла лелош, оцу дарже кхаьчна ву иза. Со цуьнца цхьанакхеттера. Ша дуьйцург а, шега дуьйцург а хIун ду ца хууш стаг ву иза. И накъост цигара дIаваьккхича, цхьа жимма къепе хIуттура дара цигахь. Гелагаев Лом-Iела бохуш вара цигахь тутмакх. 24 сахьтехь куьйгаш тIехь коган пIелгаш лаьттах хьакха а луш кхачийнера цара».

Оьрсийчоь мел ю, набахтешкахь чохь бахкачу нохчийн тутмакхийн а, могIарерачу бахархойн а хьелаш, кхоччучу барамехь толлуш а, церан бакъонаш ларъян кхоьллинчу хьукматаша, хила ма беззара кхочуш ца до шайн декхарш, аьлла хета Мальсагова Асетан. Дукхачу декъана, цара моттаргIанаш ю лелориг, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Мальсагова: «Ас ма дарра эра ду иза, цхьанна иза хаза ца хетахь а. Адамийн бакъонашкахула векал а ву, шортта белхахой а болуш, Iедало шортта ахча а луш. Иштта Юккъараллан чоь а ю. Тхан кхечу мехкашкахь болх бан бакъо яц олу цара. Ас сайга кехат язйича, ас паччахье а, оцу вадамийн бакъонашкахула векале а язйо. ТIаккха, ас язйина и ши а кехат, ша дIавуьжучу гIайбан кIела а дуьллу цо. Кхин царех цо хIун до суна ца хаьа».

Сегежера набахтера рогIера деана арз талла, цига яхана ю, евзаш йолу адвокат Яшина Светлана. Кху деношкахь, хуура ду, цунна цигахь къастаделларг хIун ду.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG