ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьънаш эцарна Швецехь бехке еш ю Каримова Гулнара


Узбекистан -- Каримова Гулнара, Ташкент, 2009
Узбекистан -- Каримова Гулнара, Ташкент, 2009

​Швецера телекоммуникацин компанера кхаъ эцна хила мега аьлла, бехке еш ю Узбекистанан президентан йоккхах йолу йоI Каримова Гулнара. Талламхошна хетарехь, TeliaSonera-компанино Узбекистанехь болх бан шена бакъо яларна 350 сов миллион доллар делла хилла цунна.

Стетлер Гуннар Швецин къоман коррупцина дуьхьал долчу декъан коьрта прокурор ву. Шинарин дийнахь Маршо Радион узбекийн сервисана ша еллачу интервьюхь цо эилира, Каримовас кхаъ эцна хиларна шеко ю шайн аьлла. Гарехь, президентан йоIа шай-кай эцначух тера ду TeliaSonera-на Узбекистанехь болх бан лицензи яларна дуьхьал.

Стетлер Гуннар: «Тхуна хетарг тIечIагIдеш тоьшаллаш ду тхоьгахь. Каримова Гулнарас кхаъ эцна аьлла шеко йолуш ду тхо».

Прокуратуро дийцарехь, TeliaSonera компанино 2007-чу шарахь 2 миллиард 300 миллион шведийн крона ($ 358 млн. ) делла Узбекистанехь 3G зIе лело лицензи йоккхург Гибралтарехь регистраци йина йолчу Takilant фирмина, иза Каримовас Iуналла деш юй шена хууш доллушехь.

Стетлера дуьйцу.

Стетлер Гуннар: «Тхуна хетарехь, тхан эххаре а аьтто бер бу и ахча Каримова Гульнарас Iуналла дечу компанешна дIаделла хилар гайта. Уьш тхан шеконаш ю. Тхайгахь тоъала тоьшаллаш ду аьлла хета суна, тхайна хетарг бакъ хилар гайта, делахь а, кхин а алсам тоьшаллаш лоьхуш ду тхо. Тхоьгахь долу тоьшаллаш тоьаш дац цу хьокъехь бехк кховдо, аммма амма тхоьгахь тоьшалла до суьдана тхо шек хилар хаийта».

Каримована ахча даларх лаьцна 2012-чу шарахь хьахийнера Швецехь цхьана телевизионан программехь. И бахьана долуш цхьамогIа TeliaSonera компанехь болх бечу лаккхарчу даржашкара нехан болх бита дийзира. TeliaSonera-но дIахьедар дира прокурарошна таллам бан гIо деш ду шаьш аьлла.

41 шо долу Каримова Гулнара 2013 шаре кхаччалц Узбекистанан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь векал яра. Цуьнан а, цуьнан бизнес-партнерийн а долахь хилла масийтта телеканал а, Ташкентехь Малхбузера духарш духку бутикаш а дIачIаьгIира Iедалша, ял ца луш болх бина аьлла.

Зорбанан гIирсаш дийцарехь, Чиллан-баттахь цхьаболу Каримова Гулнарин белхан накъостий лийцира харц кехаташ дарна а, бакъо а йоцуш бизнес лелийна аьлла а, ял ца яларна а, валюта лелоран низамаш дохорна а бехке а бина.

Маршо Радион узбекийн сервисо а, Би Би Си-но а бинчу хаамца, цаьрга кехат кхаьна Каримовас шен куьйга яздина долу. Цу тIехь яздина ду иза шен цIахь лаьцна латтош хиларх а, цунна йиттина йиттина хиларх а, изо психолгин Iаткъам лош хиларх а лаьцна.

Цу кехатан къел яздина куьг дацахь а, амма иза бакъ долчух тера ду бохуш, дуьйцу журналисташа. Цуьнан авторо яздо, «чIогIа хала ду адам хилла виса тIе хьовсийна камераш а йолуш, го баьккхина герзаца болу нах а болуш, дог доьхна а волуш, бохуш».

Каримова Гулнарас дукха хан йоцуш критика йинера шен дена Узбекистанан президентана Каримов Исламана, иза шен берашна ямарт а хилла, цо шен берийн бераш хIаллак а дина бохуш. Цо шеконе диллинера Каримов пачхьалкхана урхалла деш ву бохург. Амма цо чIагIдо «дуккха а нахана хаьа шена шен да вуно дукха везаш а, ша иза лорруш а хилар» бохуш.
XS
SM
MD
LG