ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанерчу Зударшна Эшаме Сацам Къобал Бина Карзайс


ОвхIан-пачхьалкх -- ОвхIан президент Карзай Хьамид къамел деш ву Кабулехь зорбан-конференцехь,06Заз2012
ОвхIан-пачхьалкх -- ОвхIан президент Карзай Хьамид къамел деш ву Кабулехь зорбан-конференцехь,06Заз2012

Зударийн бакъонаш эшош долу ОвхIанерачу Iелим нехан кхеташоно бина сацам къобал бина цу мехкан президенто Карзай Хьамида. Цуьнах лаьцна цо дIахьедар дина Кабулехь хиллачу зорбанан-конференцехь.


Даханчу ПIераскан дийнахь Iелим нехан кхеташоно дIахьедар динера шайн махкарчу зурийн бакъо яц юкъараллин меттигашкахь къамелаш дан а, божаршца цхьаьна болх бан а, нагахь уьш церан гергар нах бацахь, уллехь боьрша стаг а воцуш дIасалела аьлла.

Кабулехь зорбан-конференцехь вист хуьлуш Карзай Хьамида дIахьедар дира шайн Iелам наха бина болу сацам зударийн бакъонашна эшам бан дагахь дина дац, уьш Iалаш бан дина ду, аьлла.

Карзай: ОвхIанистанан Iелим нехан Кхеташонан дIахьедарх лаьцна аьлча, цара цхьа а доза дац тухуш зударийн бакъонашна. Даханчу ПIераскан дийнахь хIора баттахь деш долчу шайн дIахьедарехь цара аьлла, зударийн юкъараллехь йолчу меттигах лаьцна бусулба дино бохучух, лаьцна.

И дIахьедар догIуш ду массо а бусулба наха а, овхIанхоша а лар дан дезаш долчу шарIаца а, вайн махкахь лелачу гIиллакхашца а.

Карзай Хьамидан администрацино бовзийтина болу Iелам нехан сацам ирх-пурх а кхочуш бан безаш бу, аьлла, бац. Амма Конституцица цхьана богIуш бац иза, хIунда аьлча, ОвхIан-пачхьалкхан коьртачу низамца а догIуш, зударийн а, божарийн а бакъонаш цхьатера ю.

Ткъа Iелам наха бинчу сацамца нисло божарийн бакъонаш махкахь коьрта хилар, зударийн бакъонаш цаьрга кхочуш а йоцуш. Махкарчу дешначу наха цул сов бакъо ло боьрша нахана зударшна тIехь ницкъ бан, нагахь иза дан шарIаца а дог1уш бахьана далахь.

Вукха агIор Iелам наха арахецначу документо ларйеш ю зударийн бакъонаш. Масала, молланаш дуьхьала бу нуьцкъала зурий маре баларна а, ткъа иштта тайпанашна а, тукхамашна а юкъахь долу девнаш дIадерзош зударий ахча санна хуьйцуш хIуманаш лелорна а.

Делахь а коьртачу декъана Iелам наха дина долу дIахьедар зударийн бакъонаш талхош ду, тIалибийн хан дагайоуьйтуш.

ОвхIанерачу адамийн бакъонаш ларярхоша йемал дина и дIахьедар. Цара чIагIдарехь, кхера делла долу ОвхIанан Iедал къелтаьIаш ду шаьш машаран дийцарш дIахьуш болчу тIалибашна.

ТIалибийн Iедал долуш зударийн деша бакъо яцара. ЦIера ара яьлла балха яха йиш яцара зудчуьнан. Ткъа чура ара йолуш паранжаш а йоьхна лела безаш бара зударий, шайн гергарчу божаршна тIаьхьа а хIиттина.

Лангари Ахьмад Зия ОвхIан-пачхьалкхан йозуш йоцучу адамийн бакъонашкахула йолчу комиссин куьйгалхо ву. Iелам нехан кхеташоно дина дIахьедар нийса а дац, махкарчу зударийн сий дойуш а ду, аьлла, хета цунна.

Лангари: Цхьана а бусулбан пачхьалкхехь дац буьззинчу барамехь зударий божарех дIакъестор, церан цхьаьна болх бан йиш цахилар. Ур-атталла Сауди Iаьрбийн пачхьалкхехь а бац цу тайпа бехкамаш.

Ма-дарра аьлча, цу кепара зударий вай охьатеIош хилча, церан дIасалеларна тIехь, цара дуьйцучуьнна тIехь, цара кхечу адамашца лелочу юкъаметтигашна тIехь Iуналла деш хилча, вай баккъалла а эшам бо зударшна, уьш адамаш доцуш санна.

Даханчу ПIераскан дийнахь ОвхIан-пачхьалкхарчу Iелам наха динчу дIахьедаро кхин цкъа а гойтуш ду цу махкахь зударна беш болу тIеIаткъам алсам болуш хилар.

Баханчу баттахь ОвхIанан Iедало дехар дира пачхьалкхан телевизионехь болх бечу зударшка йовлакхаш леладе, юьхь тIе басар-подар дар а дита, аьлла. Цуьнан бахьана дара цхьаболчу меттигерачу парламентан декъашхоша и бахьанехь латкъам бар.

Карзайс цу нахана хетарг къобал даро оьгIаз яхийта мега ОвхIан-мехкан куьйгалхочуьнца гIоьртина юкъаметтигаш йолу Обама Баракан администраци.

Iамеркан пачхьалкхан департаментан векло хаам бира Маршо Радионе шайна хаа Карзай Хьамида йинчу комментарих лаьцна и ахттар толлуш ду шаьш, аьлла.
XS
SM
MD
LG