ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лор кхочур вац


ХIунда ца тоьа Къилбаседа Кавказехь медицинан белхахой? ГIебарта-Балкхаройчуьрчу дарбан хIусамашкахь къаьсттина дефицит лаьтта лоьрийн.

Махкахь тIе ца тоьа 468 лор, республикехь оьшучех 10-12 процент хуьлу и терахь, хаамбо "Регнум" агенталло.

Йоллу Оьрсийчохь тIе ца тоьачу лоьрийн терахь 9 % ду.

Къилбаседа Кавказерчу мехкашца зIе хилира Кавказ-Реалии порталан таллархьама, муха лаьтта церан регионашкахь хьал, тоаме бу я бац лоьраш.

Къилбаседа ХIирийчоь юкъара яьккхича, къаьсттина ледара хьал гучуделира массо а республикашкахь.

Бакъду, ХIирийчохь а санна тоаме бу лоьраш аьлла дIахьедира ГIалгIайчохь а.

Мехкан могашаллин министраллан пресс-гIуллакххоша бахарехь, бахархойн терахье хьаьжча, хаалуш а дац лоьраш тIе цатоар.

Дагестанехь 1200 гергга лор оьшу аьлла, хаамбира могашаллин министраллан векало.

Йоллу регион схьаэцча, Iорадаьккхина терахь мел а хийцалуш ду.

Масала, ХIинжа-ГIалахь янне а яц лоьрийн къоьлла, амма цомгашчунна сихаллин орца кхачочу хIусамашкахь лаьтта и проблема.

Къаьсттина хьал ледара ду Дагестанан яртийн кIошташкахь. Делахь а, дагестанхойн дегайовхо ю республикерчу медицинан университето кху шарахь а дуккха а говзанчаш шайна кхачориг хиларх.

Кхарачойн Чергазийчуьрчу Iедало а далхийра, шаьш а ловш хилар лоьраш цатоаран проблема. 355 лор таханлерачу дийнахь оьшуш хьал лаьтта цигарчу дарбан хIусамашкахь

Адыгейхь тIеоьшу 326 лор-говзанча. Цу махко жигарадаьккхина, школа яьккхинчул тIаьхьа шайн кегийрхой Краснодаран а, Ростовн а медицинан доьшийлашка хьийсор.

Ставрополан кIоштан могашаллин министраллина ца хаьа билггал маса лор шайна тIеоьшу.

Делахь а, къайла ца даьхьира цара, лоьраш цатоаран бахьана, церан алапа дукха лахара хилар ду аьлла. Ставрополан могашаллин министро Мажаров Виктора хьалхо шен интервьюхь билгалдаьккхира педиатраш тIехсов тоьаш хилар регионехь, 72 процент бу уьш.

Нохчийчуьра медицинан урхаллан белхахой ца хIуьттира цхьана а кепара хаамаш бала.

Муьлхха а шайн хьукматан информаци конфиденциале ю элира могашаллин министраллан векалша.

Медицинан говзанчийн къоьлла латтаран проблемаш шайн ма-хуьллу кеп-кепара ерзон гIерта мехкийн Iедалш. Амма доккхачу декъанна, лакхахь ма аллара, медицинан доьшийлаша арахоьцучу говзанчех тешна ду церан гIуллакх.

Иштта, кхечу республикашкара специалисташ а кхуьйкху цара юкъ-кара.

Шайн гIаланашкахь дешна ца Iаш, кавказхоша доьшу Астраханерчу а, Самарерчу а, Ростоврчу а, Москохарчу а, иштта кхечу а гIаланашкарчу медицинан университеташкахь а, институташкахь а. Кхечу гIаланшка деша бахийтархьама кегийрхошна лерина квоташ латтайо.

Делахь а, мел дукха говзанчаш доьшийлаша арахецахь а, Iабор яц цара регионаш лоьрех, нагахь санна, церан алапаш жимма хьала ца дахахь.

Масала, юккъерачу барамехь аьлча, Къилбаседа Кавказерчу лоьро Москох болх бечу шен коллего оьцучу алапан ах бен ца оьцу.

XS
SM
MD
LG