ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказерчу мехкарша дакъалоцур дац «Мисс Россия» къовсадаларехь


Къилбаседа Кавказера республикаш дагахь яц шайн векалш хьовсо «Мисс Россия-2017» къовсадаларе. Цунах лаьцна хаам бина цу шоун инарлан директоро Тихонова Ларисас, яздо «Кавказский узел» сайто.

Тихонована хетарехь, Кавказерчу мехкаршна цу къовсадаларехь дакъалаца ца лааран бахьана ду социалан машанашкахь иза вуно вон тIеоьцуш хилар.

XS
SM
MD
LG