ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровн а, Ямадаевн а дов керлачу хорше доьрзуш ду

Соьлж-ГIаларчу Старопромысловски кIошто сацам бина гIуллакхдархо Ямадаев Iиса лаца аьлла. Иза бехкево Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен гIортарна, цул сов цуьнан цIе дуьненаюкъарчу лехамашкахь дIа а елла, хаамбира “Росбалт” агенталло. Бена юьртахь вина Ямадаев хилла Нохчийчоьнан парламентан декъашхо, 2009 шо дуьйна иза бизнес лелош ву Москох. Иза Нохчийчуьрчу гоьбаьллачу доьзалера ву, ткъа цуьнан 3 ваша – Руслан а, Сулим а, Джабраил а – Оьрсийчоьнан турпалхой хилла ву (ерриг Оьрсийчуьра и цхьа доьзал бен бац цхьана чуьра кхо турпалхо ваьлла). 6 вешах 2003-чу шарахь хьалхара вийнарг вара Джабраил , цул тIаьхьа 2008-чу шарахь вийра Москох юккъехь Руслан, ткъа 2009-чу шарахь Дубаехь вийра Сулим, “Восток” баттальонан буьйранча. 2009-чу шарахь Iиса а вен гIоьртира. Дийцарехь, иза вен аьлла омра динарг Кадыров вара.

Росбалтан хьосташца, Нохчийчоьнан талламан комитето Ямадаев Iиса бехкево Оьрсийчоьнан зуламийн кодексан 30 артикехула (зулам дан кечамбар а, зулам дар а) а, 105 артикехула а (вен гIортар).

Талламхошна хетарехь, шен ваша Руслана верна шек хиларна гIоьртира иза 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь чIиранна Кадыров вен.

Юридике агIо диллича, бахархойн кхелан бакъо яц Iисана кхелъян – иза гIуллакхден эскархо хиларна. Оьрсийчоьнан низамца, цунна кхел ян бакъо ерг тIеман трибунал ю.

Ала догIу, Iиса хIинца а Iедало ларвеш ву, цундела ларвен стаг санна иза декхарехь ву ша воьдучу меттигах Iедале хаамбан. Цундела, кхетийла дац талламхоша чоьхьарчу министералле хIунда ца вехна иза схьа.

Ямадаевн адвокаташ тешна бу, бехктакхаман гIуллакх стигалкъекъа-беттан 2016-чу шарахь Гуьмсехь лаьцна хиллачу шина стага динчу тоьшаллашца доьзна хиларх. Дийцарехь, Iисас уьш эцна хиллера Рамзан вен. Амма цара динчу тоьшаллашкахь шеконехь волчуьцна хенан а, уьш цхьаьнакхета безачу меттигийн а хьокъехь галморзахаллаш ю, дIахьедо Ямадаевн адвокаташа.

Кадыровна а, Ямадаевна юкъахь конфликт йолаелира 1999-чу шарахь. Цкъацкъа дIатоьра иза, нахана хьалха барт бина олий. Ишта хилира 2010-чу шарахь, амма барт бина аьлла масех бутт баьлча, 2011-чу шарахь Iиса Оьрсийчуьра дIавахара кхечу махкахь ваха хаа Iалашонца (тIаьхьо юхавеара иза Оьрсийчу).

Хетарехь, “Новая газете-хь” язйинчу артикло Ямадаевна дуьхьалдаьккхина хила тарло Нохчийчуьра Iедал. Керла конфликт (хIинца къайлах а яц и), хьалхалера дуьйна шен хилла волчу мостагIчунна ша вен лиъна хиллачух Кадырова баккъалла тешначух тера хиларца йоьзна ю. Кхело долийна бехктакхаман гIуллакхо бIаьрла гойту Соьлж-ГIалахь и гIуллакх тийна таьIна листа ца даларна, хIинца нахана ган а гуш, цунна шен мостагIчунна таIзар дан лаам хилар.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG