ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирша гIайгIане йожийна Европа


Серби - Шемара мигранташ Белградехь, 23Мар2015
Серби - Шемара мигранташ Белградехь, 23Мар2015

Масех бутт бу Европа мух1ажирийн эзарнаша юхьарлаьцна. Шемара, Иракъера, амма иштта Африкерчу пачхьалкхашкара йиш йоьхна нах яккхийчу тобанашкахь Евробертана юкъабогIучу мехкашка кхача гIерта, цигахь дахаран аьттонаш а, кхерамазалла а лоьхуш.

Австрерчу Зальцбург гIаларчу цIарна цIеяхначу Мирабел гIопана хьалха, шайна буха юргIанаш а, картон-кехаташ а дехкина, Iуьллуш ву пхийттех стаг. Церан кочахь кхозуш йозанаш тIехь долу плакаташ ду – Залцбургерчу мухIажарийн лагерехь шайца рассистийн бахьанашца гамо лелийна аьлла яздина цу плакаташ тIехь ледарчу немцойн маттахь.

И нах цу Моцарт виначу а, ваьхначу а исбаьхьчу гIалина гена йоцуш Iуьллучу Лофер юртарчу „Ботенвирт“ цIе йолчу мигрантийн юкъараIойлера бевдда бу. Цара дийцарехь, цу чохь болх бечу цхьана кхурдочуо шайца, шемахошца, харцо лелор бахьана долуш.

Меттигерчу Каритас дикадаран юкъараллин белхахой уьш лагере юхаберзон гIерташ къахьоьгуш бу, хIунда аьлча юкъараIойлехь боцуш 48 сахьт даьллачул тIаьхьа уьш, низам дохорна, цу чуьрчу бахархойн могIаршлара дIабойъур бу. Ткъа и бохург ду царна кхин яа-мала я вижа меттиг хир бац бохург.

И санна болу Iоттабаккхамаш дела денна аьлча санна нисло тIаьхьарчу кIиранашкахь, тайп-тайпанчу къаьмнех болу эзарнаш мухIажарш цхьаьна гулахь, готтачу меттигашкахь, дукхачу хьолехь кхоччуш юург-молург а йоцуш, вижа тховкIело-м хьахочехь а доцучу хьелашкахь хене бовла безаш хиларо.

Цхьаццаболу мигранташ шайн даймахкахь вовшашлахь девнаш я тIемаш болчу къаьмнех хуьлу, юха уьш Европерчу мухIажарийн лагершкахь цхьаьна нисбелча, царна юккъехь девшан я цабезамаш кхоллало. Дегабаамаш а, озабезамаш а нисло.

Иштта, масала, Венин генахь йоцучу Трайскирхен гIалахь Шемарчу а, Иракъерчу мухIажарш латкъамаш бо, цу лагерехь болх беш болчу овхIанхоша я гIажароша шайн къомах болчу мигранташна алсамох тидам бо, церан хьашташка бен, кхечеран хьашташка уьш ца хьовсу бохуш.

И дерриге а меттигерчу Iедалийн бехк лору юкъараллин жигархоша а, адамийн бакъонашларйархоша а, цу Iедалша кхоччуш шайн таронех пайда а ца оьцуш, мухIажарш беттанашкахь лагершкахь гулбарна.

Иштта, масала, Вена гIалин юккъехь масех кIиранахь мухIажаршна белшаш гIорторан акци дIахьош болчу юкъараллин жигархоший, исбаьхьалхоший Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министралла лору хIоьттинчу хьолана бехке, ткъа цу хьукматан куьйгалхочуьнга Микл -Лайтнер Йоханне цара шен даржера дIаялар кхайкхира.

Акци йолийначех цхьаъ йолу Лайш Тина хIора дийнахь Трайскирхенерчу мухIажаршна гIо дан цу лагере йоьду. Шена цигахь гуш долу сурт иштта дийцира цуо Венин оперина хьалха шаьш дIахьочу гуламехь.

Лайш Тина: „Ма-дарра аьлча, ала дош доцуш юьсу со цигахь доллург гуш. Машенаш цу кертан улле дIакхаьчча, мацалла ловчу махка кхаьчча санна хетало. Цигара адамаш машенашна тIеуьду, цу машенахь баьхкинчара шайна яа хIумма а еаний-те бохуш. Бакъдолш, дуккхаъ нах иха а оьху цига, мухIажаршна гIо оьций – юург а, тIеюухург а, цIаннона оьшург а.

Цу кертахь массо а маьIIехь арахь Iаш адамаш ду. Цигарчу нахаца къамеле ваьлча кхета, цаьргахь болчу баланех уггаре а халнарг церан арахь бийшар-гIовтар хилла а ца Iаш, цул а халох царна цхьанна а мIаьргонна къайла бовла, цхьа шайн приват дахар хила таро ца хилар. Бакъдолш, кхечеран бIаьргашна хьалха дIадоьдуш ду церан дахар“.

Австре а, Германе а кхочуш болу дукхахболчу Шемарий, Иракъерий мухIажарш Грецера Македоне а богIий, цигара Венгрихула сехьа буьйлуш бу. Даханчу деношкахь мигранташ дукха хиларна Македонин Iедалша шайн доза дIакъевлинера, полисхошка дозанал сехьа бовла гIерташ берш ницкъаца юха а тухуьйтуш.

Амма шота дийнахь мухIажарийн полисхошца масех дера тассадалар хиллачул тIаьхьа, цIий ца Iанийта а, кхин дIа эскалаци сов ца ялийта а, Македонин урхалло доза юха а схьадиллина кIирандийнахь. Иза схьадиллинчул тIаьхьа даьллачу дийнахь-бусий мел кIезга а 7000 керла мухIажар сехьа ваьлла цу дозанехула, Австри я Германи кхача дагахь аьлла дIахьедар дина Македонин урхалло.

XS
SM
MD
LG