ТIекхочийла долу линкаш

Керла мухIажирш цаоьшу Германехь баха хевшинчу оьрсашна


Германи -- Берлинера полицин патрул.

Германи -- Берлинера полицин патрул.

Даханчу мукъаденошкахь немцойн гIаланашкахь мигранташна дуьхьал митингашка арабевллера Германехь беха оьрсий.

„Бухарчу дехкана тIебеънарг ца беза“ - аьлла ду нохчийн кицанахь. Цунах терра хIума дара мукъаденошкахь немцойн цхьайолчу гIаланашкахь хилларг. Оьрсийчуьра орамаш долу Германин бахархой, шайх „оьрсийн немцой“ олуш болу, арабевллера, мигранташна дуьхьал митингаш ян.

Берлинехь, Коьлнехь, Бременехь, Аугсбургехь а, цхьа могIа кхечу, алсамо оьрсий бехачу гIаланашкахь а дуьхьалонан акцешца арабевллачу оьрсаша кхайкхамаш бора Германин урхалле, шайн мигранташца йолу политика хийцаре а, хIинцалца схьа махкахь тIеэцна болу мухIажарш арабахаре а.

Шаьш а мигранташ хилар а, шаьш а Германин урхаллин мигранташца йолчу политиках пайда а эцна, цу махкахь баха аьтто баьлла хилар а, шайн могIаршлахь а тоъалла зуламхой а, къепедацаршлелорхой а, ур-аталла дийна цхьа шех „оьрсийн мафи“ олу феномен кхоллаялалла талорхой хилар а, хетарехь, дицделлачу „оьрсийн немцоша“ меттигерчу неонацистийн хьежамаш болчу НПД партица а, кхечу къомах а, динах а болчаьрца гомачу ПЕГИДА боламца а берта а бахана, дийна цхьана кIиранахь социалан машанашкахула Германехь бехачу оьрсийн кхерамазалла ларйан езаш хилар а, немцойн урхалла бахархой ларбан гуьнахь ца хилар а дуьйцуш, нахе мукъаденошкахь урамашка бовларе кхойкхуш бара.

Цуьнан жамIехь, шота дийнахь Берлинерчу Меркел Ангелин офис йолчу Канцлерамтана хьалха 700 герга стаг гулвеллера. Баварерчу Аугсбургехь 200 герга стаг араваьллера, кхечу гIаланашкахь 50-на тIера цхьа бIе ахбIене кхаччалца оьрсий а, царна тIетевжина меттигера аьтто-радикалхой а гулбеллера. Дуккхаъчу шерашкахь Германехь шаьш бехаш белахь а, мегарг немцойн мотт Iамон карах ца даьллачу оьрсийн мигранташа доккхачу декъехь оьрсийн маттахь къамелаш дира немцойн Iедале, цара ма-аллара, „немцойн а, керистанийн а мехаллаш“ ларйаре а кхойкхуш, церан дешнашца аьлча, „агрессиве мигранташ“ тIе эца мегар ца хилар а Iамош Германин куьйгаллина.

Германера оьрсийн ира-кара хIиттийнарг ши кIира хьалха Оьрсийчуьрчу Хьалхарчу телеканало гайтина хилла харцдолчунна тIехь хIоттийна репортаж яра. Цу чохь каналан Берлинерчу корреспондента Благой Ивана дийцира, тIехьаьжна Iарбойх терачу мигранташа цхьа I3 шо долу оьрсийн йоI яда а йина, сийсазйина, ткъа немцойн полици и зулам кхоччуш талла ца туьку, бохуш. Дукха хан ялале журналистан харцдерг гучудаьккхира Берлинерчу полицино а, немцойн хаамийн гIирсаша а.

Немцойн коьртачу шахьарерчу Iедалхойн векало дийцира журналисташка, оьрсийн доьзалера 13 шо долу йоI ша дIа а яхана, цхьанхьа дей-буьйсий даьккхина, цIаеъна ю, иза ядийна я хьийзина бохург бакъ дац, кхин дIа йолу деталаш немцойн низамашца кхиаза долу бер юкъараллин тидамах лардан дезаш хиларна гIардохийла дац, аьлла. Полицин векало динчу дIахьедарца цул совнаха кхеташ дара, йоьIан дена-нанна ма-дарра долу хьал девзаш дуйла а, цара хIетте а шайн доьзалерчу хьолах Оьрсийчуьрчу пропагандин белхахошка манипуляцеш яйтинийла а.

И дерриге а тидаме а эцна, Хьалхарчу телеканалан Германера корреспондент Благой Иван кхеле велла немцойн вевзаш волчу адвокато Люитле Мартина. Цуо Благой бехке во къаьмнашна юккъехь гамо яржорна а, ткъа иштта Германи пачхьалкхана харц цIе кхолларна а. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цуо элира, немцойн низамашца пхеа шаре кхаччалца хан тоха йиш ю Благойна, и гIуллакх кхеле далахь, аьлла.

Люитле Мартин: „Тхоьгахь полицин дIахьедар ду. Цуо кхеттачу агIор боху, цхьа сийсазло цу йоIан йина яц. ХIетте а и тайпа материалаш журналисто яржор, тIехула тIе бехк боцчу мухIажаршна дуьхьал адамаш ира-кара а хIиттош, - иза вайн бакъонийн пачхьалкхана дина тIелатар ду. Прокуратурано хIинца и хьал толлур ду.

ТIаккха цуо сацам бийр бу, и гIуллакх кхеле а даьккхина, Берлинера оьрсийн корреспондент жоьпе озавой бохучух. Нагахь санна цуо иза къаьмнашна юккъехь гамо яржорна кхеле вилла сацам бахь, тIаккха немцойн низамашца цунна кхаа баттера пхеа шаре кхаччалца набахте волларца хан тоха йиш ю“.

Адвоката Люитле Мартина Хьалхарчу каналан корреспондентана Благой Иванна дуьхьал бина латкъам прокуратурано толлучу юкъана, Германехь беха оьрси, дуккхаъчу аналисташна хетарехь, Москохарчу пропагандхоша ира-кара а хIиттош, Германехь къепедацарш лелон кечбечух тера ду.

Иштта вевзаш волчу немцойн журналисто, Оьрсийчоьнах эксперт волчу Райтшустер Бориса шен блогехь яздо, митингашка арабевллачу оьрсийн леламаш Москохара цхьаммо куьйгалла а деш Iалашбеш хиларна дуккхаъ хьаьркаш ду, бохуш.

Демонстрацешкахь дакъалаьцначу цхьаболчу оьрсашна тIехь хаки басахь къорза эскархойн хечеш хилар тидаме а эцна, цуо уьш ГIирмехь гIарбевлла хиллачу шайх „баьццара адамалгаш“ олучу нахаца бусту.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG