ТIекхочийла долу линкаш

Швейцарехь вехачу Ходорковскийн садуу Нохчийчоьно


Кадыров Рамзан (Аьрр), Ходорковский Михаил

Кадыров Рамзан (Аьрр), Ходорковский Михаил

Нохчийн къомаца керла барт бан беза аьлла дIахьедар дина Ходорковский Михаила шен керлачу артиклехь.

Нохчийчуьра лакхара Iедал даржера дIа а даьккхина, цу республикехь керла цIена харжамаш дIабахьа беза - иштта ду Ходорковский Михаила Ведомости газетехь еари дийнахь зорбане яьккхинчу артиклан коьрта маьIна. „Нохчийчоь: охьатаIор а доцуш, тойар“ - иштта гочйан мегар ю цуьнан цIе оьрсийн маттера.

„Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу политикано шиъ кхераме мостагIа кхуллур ву. Иза Кадыров Рамзанан тобий, нохчийн къамий ду. Мацца а болийна а, цу шиммах цхьаммо вайца тIом болор болуш бу. Нагахь санна вайна иза болабайта ца лаахь, вай сихонца вешан Нохчийчуьра политика хийца еза“ - цу кепара кхерам тоссучу шайхаллица дIадуьйлалуш ду „Схьайиллина Оьрсийчоь“ цIе йолу юкъараллин цхьаьнакхетараллин куьйгалхо волчу Ходорковскин йозанаш.

Цуо дуьйцу, даханчу кIиранахь шен цхьаьнакхетаралло гайтина хилла йолу „Доьзал“ цIе йолу документала филм шаьш яккхаран Iалашо – иза массо а телегайтамашкахь схьаоьхьуш долу Нохчийчоьнах долу синкъераме сурт харц хилар, иза туьйра хилар гайтар дара, бохуш.

Путинан цIарах проспект хиларх а, деса лаьтташ долу диъ мархех хьекхало лекъа цIа хиларх, амма кхин дIа йолчу республике хьаьжча ала йиш яц, цигахь итт шо хьалха тIом дIабирзина аьлла, тешна ву мацах ЮКОС мехкадаьтта доккху кампанин куьйгалхо хилла волу, даханчу шарахь набахтера араваьлла волу Ходорковский.

Карарчу хенахь Нохчийчохь кхолладелла долу хьал Оьрсийчоьнан Iедало ша шен куьйгашца кхоьллина делахь а, и хьал дика хьал дац бохург ша чIагIдеш велахь а, амма Нохчийчоь дIахеца а, цунна маршо яла а еза бохург дийцаре а ца до артиклан авторо. Мелхо а, нагахь санна Нохчийчоь дIахецахь, цунах исламхойн фундаменталистийн а, террорхойн а бен хир бу бохуш яздо цуо, ма-дарра аьлча, ша критике веш волчу Путин Владимиран риториках пайда а оьцуш, тIетоьхна я тIера даьккхина хIумма а доцуш. Нохчийчоь дIахецарна метта, Ходорковскийс чIагIдарехь, нохчи Оьрсийчоьнан бахархой хилар тIеэца деза, церан дахаран стандарташ кхечу Оьрсийчоьнан бахархойн дахаре хьалакхачо а еза.

Ходорковский Михаил хIинца дуьххьара вирзина вац Нохчийчоьнах йолчу темина тIе. Ша даханчу шарахь набахтера арахецначул тIаьхьа еллачу хьалхарчу телевизионан интервьюхь цуо, массо а цецвоккхуш дIахьедар дира, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан дакъа хилла йисса езаш ю даиманна а, и хIума дийцаре дан а йиш яц, аьлла. Нагахь санна эшахь, ша Нохчийчоь дIа ца къастийта, цига тIом бан ваха а кийча ву элира цуо, шен империалистийн хьежамаш хиларх а къайле а ца еш.

Ткъа хIун бахьана ду-те Оьрсийчуьрчу либерала хьежамаш болчу нехан уггаре а боккха сатийсам санна тIеоьцуш хиллачу Путинан заманан уггаре а вевзаш хиллачу тутмакхо цу кепара дIахьедарш даран? ХIун бала кхаьчна-те, шен дахарехь, хетарехь, ахчан таппанел хIума айъанза волчу Ходорковскин, эшахь, герз карахь а Нохчийчоь къовса ваха кийча ву ша баха?

Политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, цуьнан бахьана цхьаъ ду – Ходорковский тIейогIучу заманахь Оьрсийчоьнан куьйгалле кхача лууш хилар а, цу пачхалкхан куьйгалле боьду некъ Нохчийчоьнна голатухущ, бан йиш йоцуш хилар а.

Асхабов Хьамзат: „Нохчий цунна эшшанеи а ца оьшу, шен ницкъ кхаьчча, цуо уьш хьахор а бацара. Амма цуьнан хьал муха ду аьлча, иза Оьрсийчохь мацца а веъна, Iедале ван Iалашо йолуш ву. Ког когах кхетта Путин дIавалахь, иза куьйгалле кхачаре сатессина цигахь дуккхаъ ницкъаш а бу. Ткъа Оьрсийчохь Iедале ван лууш волчу стеган оьсрийн политикехь карарчу хенахь уггаре а лазаме долу хаттар – Нохчийчоьнан хаттар- ца хьахош Iойла дац.

Оьрсийчохь массо а стаг кхеташ ву Нохчийчохь Кремло кхоьллина йолу система иштта дIа кхин лан йиш йолуш йоцийла а, иза цхьаьна стагах йозуш юйла а. Иза хIинца бен дийца ца даьккхина. Ходорковскийс иза хьахор а цуьнца доьзна ду“.

Нохчийчуьра хьал хийцархьама а, цунах кхин дIа ерш санна Оьрсийчоьнан Федерацин бакъ йолу субъект ярхьама а, артиклан авторна хетарехь, республикан куьйгаллера Кадыров Рамзан дIаваккха веза. Цул тIаьхьа цигахь меттигерчу парламенте маьрша харжамаш дIабахьа беза. Амма Нохчийчохь маьрша харжамаш дIабахьа йиш яц, йолучу Оьрсийчохь а харжамаш маьрша ца хилча, аьлла тешна ву политолог Асхабов Хьамзат.

Асхабов Хьамзат: „Нохчийчохь цIена харжамаш дIабахьа беза аьлла яздина Ходорковскис. Иза беламе хIума ду, хIаъаммо а иза бохуш делахь а. Оьрсийчохь 80 регион ю, мичахь хилла цигахь цхьанхьа мукъане а цIена харжамаш? Мичахь бу Оьрсийчохь цIенчу харжамашна бух? Нахана боккъал а везаш а, нахана оьшуш а волу стаг Iедале ца кхачийта хIуъу дийр долуш ду Оьрсийчоьнан Iедал тахана а.

Вайн къомана хIара аьлла цхьа а пайда хир болуш хIума ца го суна цигахь. Кадыров цара дIаваккхарх, Оьрсийчоьнан коьрта лахар дIа ца долу – церан империализман лазар дуьсу. Иза дIа ца далахь, маьрша къам а, цхьа юкъаралла а, пачхьалкхе а хилла дIагIур яц Оьрсийчоь“.

Ала догIу, Ходорковский Михаил лаьцна чувоьллинчу хенахь, цуьнца Кремлан куьйгалло юьйцуш йолу харцо а, цунна йина йолу гIело а дуккхаъчу вайнаха халахетарца тIеэцна хилар.

Хийлаза Москохахь ЮКОСан куьйгалхо хилла лаьттинчунна маршо ло, иза набахтера дIахеца боху кхайкхамаш бечу митингашкахь дакъалоцура цигахь бехачу нохчаша а. Ткъа набахтера араволлушехь, ур-аттала шегара интервью оьцуш хилла йолу журналист Альбац Евгения а цец-акъ яьккъина хилла долу Нохчийчоьнах долу дIахьедарш цуо дича, дукхаъ нах дог-мовла бевлира Ходорковских.

ХIетахь дуьйна интернет -машанехь цуьнан хьокъехь вайнаха яздечу йозанашкахь хаало, цуо хIуъу яздича а, хIуъу аьлча а, иза, цуо ша шех ма-аллара, оьрсийн империалист санна, шен долара интересаш кхобуш, церан дуьхьа нохчийн къоман баланах пайда эца кийча волу стаг санна нохчаша тIеоьцуш хилар.

XS
SM
MD
LG