ТIекхочийла долу линкаш

Ιедалан карах нах бовш а, леш а хилар хьайна кавказхошна


ГIебарта-Балкхаройчоь --Iедало шайн воIарий хIаллакбар емалдеш зударша Нальчикехь хIоттийначу гуламера кхайкхам, Нальчик, 21Оха2012.

ГIебарта-Балкхаройчоь --Iедало шайн воIарий хIаллакбар емалдеш зударша Нальчикехь хIоттийначу гуламера кхайкхам, Нальчик, 21Оха2012.

ТΙаьххьарчу кΙиранашкахь Къилбаседа Кавказан шина махкахь - Дагестанехь а, ГΙебарта-Балкхаройчохь а - гуламаш хΙиттийра наха Ιедалан карах кегийрхой бовш а, леш а хилар далхош. РогΙера и тайпа митинг хила езаш ю тΙедогΙучу шоьтан дийнахь ГΙалгΙайчохь а. И дΙаяхьа кечлучу юкъарлонан векалца, меттигерчу Мехк-кхелан куьйгалхочун гΙовсаца Хазбиев Мохьмадца къамел хилира Маршо Радион.


Башхаллаш дуккха а ю, гΙайгΙанаш шайн-шайн бу Къилбаседа Кавказан бахархойн. Амма Ιедало юкъара гΙайгΙа бина царна нах идоран а, байъаран а хатΙ а, орамаш а массанхьа а цхьатерра кхолларца.

Дагестанехь а, Нохчийчохь а санна, ГΙалгΙайчохь а, ГΙебарта-Балкхаройчохь а наха, уггаре хьалха оцу бахьанехь, къадоьхурш меттигера Ιедалан дай бу.Цара куьйгалла а деш, айъелла хьийза «Ιожаллин эскадронаш», къайлахчу ницкъийн дакъош, чагIдо гуламхоша.

Дахначу кΙиранах Нальчикехь детΙира нехан хир. Массех шера чохь доьза байначу а, тΙемалой бу, олий, хΙалакбеш хиллачу а кΙентийн наной гуламе бевлира мехкан коьртачу шахьарахь.

Цара ца кхоьрруш, дош а ца кхоош, ехира шайн доьзалш шерашкахь белхаршкахь кхобучу агΙонан цΙе – Путинна, Медведевна тΙера бухарчу президентна Каноковна тΙекхаччалц. Амма мел и зударий белхахь а, уьш цхьалха бу шайн децΙахь.

Нальчикерчух къаьсташ яц ХΙинжа-ГΙалара я Несарара дог-ойланаш. Цигахь а изза Ιедалш емал до бахархоша шайн гергарнаш, гΙеметтахΙиттина кегий нах цо хΙаллакбеш хиларна.

ГΙалгΙайн собар качийна хилам бу ши кΙира хьалха, шаьш къахьоьгучу кибарчигаш ечу заводера ара а бевлла, цΙабогΙуш хиллачу нехан машен тΙе полицино герзаш деттар.

Уьш тΙемалой хилар а тусаделла, делира шегара даьлларг, олучу меттана, юкъахь 60 шо гергга хан йолу зуда а тΙехь йолуш, шаьш байъинчу нахана террорхойн цΙе тΙехьарчийра полицино. Оцу а, и санначу а хиламаша гΙаттийна оьгΙазло хΙинца тΙедогΙучу шоьтан дийнахь Несарахь дΙагайта ойла ю гΙалгΙайн.

Хинболчу гуламна хьалхабевлларш бу "Мехк-Кхел" шех олучу юкъарлонан жигархой. Коьртехь ву политик-оппозиционер Абадиев Идрис а, цуьнан гΙовс, юкъарлонан белхан координатор, дуккха а шерашкахь Ιедалера дуьйлу гΙалаташ Ιора дохуш схьавогΙу бакъоларъярхо Хазбиев Мохьмад а.

Мохьмада иштта довзуьту шена а, нахана а хьайнарг.

Хазбиев: "300-400 бΙе стаг ву кхузахь вийнарг а, ваьхьанарг а. Бигинчу нехан гергарнаш кхерабо. Цхьа ши шо хьалха Гагиев ваьхьира, Ιели-Юьртара. Цуьнан доттагΙчо Хуциев Мохьмада, Магасе боьду некъ Камазашца дΙа а къевлина, гергара нах ара а баьхна, митинг йира.

ТΙаккха, оцу суьйрана Евкуровс, телевизионе охьа а хиина, ша луьра таΙзар дийр ду, элира, гулам бинчунна. ШолгΙачу дийнахь иза Дагестане ваханера шен гΙоьнчица Хашагульговца, цигара цΙа вогΙучу новкъара вайна дΙавелира, тахана а воцуш ву.

Цуьнан зуда талла йолаелира, митингаш а йийр ю ас, конференцеш а йийр ю ас, аьлла, интернетехула. Иза и болх бан йола ма-елли, Евкуровс шена тΙеехна иза.

«Хьажал, - аьлла цо, -бераш дисина дуй шун?» «Дисина, - аьлла зудчо. «Хьуна цхьа хΙума хилахь, оцу бераша хΙун дан деза?!»- хаьттина цо. Цунна хоьуйту цо, дIа ца сацахь, хьо а иштта дΙаюьгур ю-хьуна, бераш дуьсур дун хьан, тΙехь Ιуьналла а доцуш, олий, кхерайо цо иза. Иштта кхерабо нах.

ХΙинцца эккхийтина вийна и пхи стаг. ХΙуманна а бехке а йоцу 60 шо долу нана йийна ши воΙ мел кхерон веза! Телевизионехула боху оцушимма: «Баркалла хуьлда шуна, тхан нана террорист яц аьлла, аш дере дарна, оха тхаьш прокуратуре делла арз юхаоьцур ду». Шайн нана террорист яц аьлчахьана, и ер а дуьтуш ду-кх цара Ιедална! Оццул кхерийна-кх уьш!

...Къоман мостагΙий, уьш казармехь, погонашций, гатанан эткашций хьалакхиина Делан мостагΙий бу! Вайнахана тΙебехкина, схьаоьхуьйтуш болчу цара, шайн ницкъ ма-кхоччу, адам кхерадо. ЭлхьамдуьлиллахΙ, хΙара дуьне дерриг а цхьана агΙор далахь а, кхералур боцуш, юхабевр боцуш, шаьш кхоьллинчу АллахΙах бен кхоьруш а боцу кегийнах кхузахь болуш бу".

Хазбиев Мохьмада бинчу хаамца, гулам дΙабахьа цкъачунна бакъо ца елла Ιедалша, цунна йиллина хан тΙекхочуш елахь а. Хьаькамийн пурбане хьоьжуш Ιийр дац шаьш. Йиш яц къовсам сацо, кхидΙа а ,наха доьхуш жоп а доцуш, Ιедале нах байъийта, боху, оцу Ιедалх хΙумма а ша кхоьруш воцийла а гойтуш, къийсамехь вехачу Хазбиевс.

Ерриг а Къилбаседа Кавказан бала кхача безаш долу хΙума билгалдаьккхира Хазбиев Мохьмада. Массанхьа а нах бойъург цхьа гонаш бу, цхьа агΙо ю – Ιедал. Цундела, массо а республикашкарчу нехан оьгΙазло цхьана хорша а ерзийна, яккха еза Ιедалшна дуьхьал. Нах дела денна бойъуш латтар кегмерса хΙума дац, кавказхой бертахь бовла беза оцу зуламна, уьш леладечу Ιедалшна дуьхьал, боху Хазбиев Мохьмада.

Хазбиев: "Дагестанехь,ХIирийчохь, ГIебартахь дуьхьал лаьтташ берш, нохчашлахь дуьхьал лаьтташ берш – уьш массо а Стигалкъекъа-баттахь (май-бутт) Дагестанехь цхьаьнакхетар бу. Тема – нах идор ю. Массо а республикашца, цигарчу нахаца болх бан лерина ду тхо. КхидΙа йийр йолу митингаш массо а къаьмнийн юкъара, ерриг Кавказан, хир ю, цунна юкъара кхеташо а кхуллур ю, цо адам самадоккхур ду. Митингаш Москохахь а йийр ю. Иштта Ιалашонаш ю".

Мел аьтто бер бу кавказхойн шайн резадацар юкъарчу кепашкахь Ιедална дΙагайта, мел ницкъ кхочур бу жигархойн шайн халкъаш оцу некъа даха, хууш дац.
XS
SM
MD
LG