ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказехь стохка вайна каронза 500 стаг ву, официало бахарехь, амма...


Нохчийчоь -- Шайн байна кIентий схьалахар доьху Iедале,зударша, Cоьлж-ГIала, 30Мар2010

Нохчийчоь -- Шайн байна кIентий схьалахар доьху Iедале,зударша, Cоьлж-ГIала, 30Мар2010

Деношкахь Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран Къилбаседа Кавказерчу урхалло дΙахьедина стохка вайна каронза 500 стаг хиларх лаьцна. Уггаре дукха бу доьза байначарна юкъахь Ставропол-мехкан бахархой, боху урхалло. Амма прокурораша нах идорна массарел а хьалха бехке бо Кавказехь тΙемаш беш схьабогΙу тΙемалой. Ткъа оцунах теша хала ду.


Стохка байна каронза болчу къилбаседа-кавказхойн терахь довзийтинарг ву Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран урхаллин гΙантден гΙовс Васильков Алексей. Цо бахарехь, и терахь 500 ду. Оцу терахьца цхьана, цунна дуьхьалхΙоттош, шен урхалла а, полици а хастош санна, далийра цо кхин терахьаш а: верриг а стохка Къилбаседа Кавказехь вайнарг 2800 вахархо вара, царех 2300 схьакарийна низамхошна.

Васильков Алексейс схьакарийна аьлла буьйцу нах -2300 стаг – муха вайнера, хьан д1адалаьцнера, хоуьйтуш дац. Амма хеттарш кхуллу оцу хьоло. Муха, хьенан карах байнера и нах, уьш схьакарийначу 1едалша хьенан карара баьхна уьш? Мила бехке ву нах цхьана шарахьоццул барна, хьанна дина оцу бахьанийца таΙзар? Оцу шашаха хΙитталучу хеттаршна дуьхьал Къилбаседа Кавказерчу инарла прокуратуран урхалло цхьа а жоп а дац луш.

Бакъду, иштта дΙа, даима а санна, гойтуш-буьйцуш, далош тоьшаллаш а доцуш, цхьа хΙума-м аьлла Васильковс. Цо бахарехь, нах идабо, доккхачу декъанна, Кавказан Имаратан тΙемалоша, шайн могΙарш латторхьама а, деборхьама. Ткъа иза беламе нисло цхьа жимма ойла йича. Хуьлуйтур вай, тΙемалоша нах тΙам тΙе хΙитто идош. Ткъа хΙун тΙемалой хуьлу вадийна герза къел вигинчух, иза мел веха Ιийр ву хьуьнхахь, кхеташ дац.

Мухха а делахь а, цхьа тамаше хетало Къилбаседа Кавказан прокуратуро, байначу нахах дукхахберш шена схьакарийна, ткъа ца карош бисинарш тΙемалоша хьаннашкарчу шайн джамаIатийн декъабаьхна бохург. Ткъа нахана гург а, тоьшаллаш а долуш бозуш боцчу бакъоларъярхоша а дуьйцург-м ду нийсса бΙостанехьа.

Дукха хьолахь нах идориг а, уьш даиманенна а дΙахьулбийриг а Iедал, цуьнан структураш хилар. Ткъа и уггаре даьржина лелла а, хΙинца а лелаш а дерг дац прокурорийн хьакама Васильковс хьахош а. Бакъду, ца дира ца алийта, гΙеххьачул полицина дов-м до цо.

Полицино нах байначийн гергарчаьргара шен хенна арз тΙе ца эцна меттигаш ю, олий, даладо ГΙалгΙайчуьра масал. Цигахь цхьа стаг вайна 13 шо даьлча бен и лаха а ца йолаеълла полици.

Иштта ду Ιедало байна нах лохуш дечух лаьцна Къилбаседа Кавказерчу Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран декъо довзийтинарг. Ткъа тамаше делахь а, кхечу, Ιедалх йоцчу юкъараллин терахьашка хьажча го, прокурораша а, полицин хьакамаша а бен болх вуно ледара а, лахара жамΙаш долуш а буйла.

Доьза байна нах чоьте а бохуш, уьш лохучу тобанах ю ткъеха шо хьалха дуьйна а изза болх беш йолу, инарла Лебедь Александра ша дийна волуш кхоьллина а, хΙинца а и болх дΙахьош а йолу юкъаралла. Цуьнан коьртехь ву воккха энтузиаст, бакъоларъярхо Мукомолов Александр.

Цуьнан юкъаралло тΙаххьарчу ткъа шарахь доьза вайна, цхьа а лар каронза висина лору 8300 стаг. Церан хΙораннан цΙе а, бух а бу Мукомоловгахь. Иза реза вац Васильков санна болчу хьаькамаша тΙехула дΙа, цхьа а къастам а боцуш терахьаш далош хиларна.

Мукомолов: « Ерриг Къилбаседа Кавказ юьйцучу тΙехь сеца ца деза вай, билггал йолу меттигаш, мехкаш бийца беза. Доьза байначийн чот латтайо оха, 8300 стаг ву массо а конфликташкахь вайнарг».

Мукомолов Александра кхеташ хила деза бохура, байначу нахах, къаьсттина шераш хьалха байнарш, дийна ца хила а мегий. Ткъа бакъдерг иштта делахь, оцу нехан декъий мукъане а карон деза, уьш адамийн гΙиллакхехь дΙаберзо а беза, боху бакъоларъярхочо.

Цундела Лебедь Александран цΙарахчу юкъаралло алссам къахьоьгу белларш къайлах лаьттах боьхкина меттигаш лохуш а. Оцу хуьлучу аьттонех лаьцна Мукомолов Александра иштта дуьйцу.

Мукомолов: « Нохчийчоьнах аьлча, хΙинца мелла а меттах болуш ду болх. Соьлж-Гιалахь, Ιедалан цΙийнехь цхьанакхетарш а хилла. Цигахь барт хилла, Лебедан цΙарх йолчу машарбаран миссино ахча а луш, дΙахьор ю декъеш талларан хьалхара 100 ДНК-экспертиза.

Нохчийчохь беларш бовзийтарна лерина лаборатори а ю хΙоттор йолуш. Болх массарна а кхочур бу. ...Бераша шаьш лоьху шайн дай. Иза нийса дац, и дан дезарш Ιедалан талламчаш бу. Ткъа вай, тхан юкъаралло,масала, гΙодан деза».

Ιедалан хьостанаший, масала, байначу а, карийначу а нехан терахьаш далош волчу прокурора, пачхьалкхах йоцчу юкъараллаший дуьйцург, цара бечу белхан жамIаш дуьхь-духьал хΙиттийча го башхалла, кхета нах идор уггаре хьалха дехка а, стаг вадийнехь, схьалаха а декхаре йолчу хьукматийн бала оцу тΙехь вуно къезиг буйла, байна нах лаха а, церан а, церан гергарчийн а къина белха а буьсурш Iедалхой боцийла.
XS
SM
MD
LG