ТIекхочийла долу линкаш

Коьлнера зуламхой


Германи -- Коьлнера цIерпоштийн коьрта станци. Дечкен-бутт, 7, 2016

Германи -- Коьлнера цIерпоштийн коьрта станци. Дечкен-бутт, 7, 2016

Керла шо даздечу буьйсанна немцойн Коьлн гIалахь эзар гергга стаг тобане вовшахкхетта хилла, талорш леладан. Керла шо даздечу буса Германерчу Коьлн гIалахь хилла къепедацарш масех де даьлчий бен гIар ца девлла. Мелхо а, цу шозлагIчу дийнахь Коьлнерчу полицин куьйгалхочуо Алберс Вольфганга Керла шо даздар  вуно машаре а, къепе а чекхдаьлла аьлла дIахьедар динера меттигерчу хаамийн гIирсашка.

Амма цуо иза йолучу хенахь, цунна шена хууш я ца хууш, цу гIаларчу полисхошка мин-минотехь аьлча санна латкъамаш хилла бахархошкара, кьаьстина зударшкара, схьаоьхуш, яханчу буса бIеннаш божарех лаьттачу тобано холчу хIиттийра шаьш, къоланаш а дира шайна, ткъа иштта эвхьазлонаш а лелийна шайца бохуш.

ШозлагIчу а, кхозлагIчу а деношкахь тIаккха боккъал а йолу скандал йолаелира. Тешаш а, къепедацарийн закъалташ хиллачара дийцира, Керла шо даздан Коьлнерчу коьртачу майдане а, коьртачу вокзале а арабевллачу нахана тIехь доккхачу декъехь Iарбойн мехкаршкара я Къилбаседа Африкера орамаш долчу кегийчу нахах лаьттинчу бандийн тобанаша хIоттийна хилла къепедацарш Германехь хIинцалца схьа масала доцу хIума дара, бохуш.

Ткъа хилларг билгал хIун дара аьлча, гIура беттан 31-чохь, Европерчу массо я яккхийчу гIаланашкахь террорхойн кхерамна кийча хилархьама бIеннашкахь арабевлла полисхой болчу хьолехь, Коьлнерчу коьртачу вокзалана хьалха гулвелла хилла 500 герга, мелла, кеп хилла болу кегирхой, хетарехь, Iарбойн орамаш долу.

Уьш, Коьлнерчу полисхоша чIагIдарехь, вуно агрессиве хилла, Керла шо даздан хIора шарахь санна арабевллачу меттигерчу нахана а хьежош, петардаш а, лелхаш йолу ракеташ а кхуьйсуш. Хуьл-хуьлаш и тоба эзар стаге кхаччалца йоккха хилла, ткъа уьш къепедацарш лелош хилар хааделлачу полисхоша кесталгIа дIасалаьхкинера уьш вокзал йолчуьра. Бакъду, шаьш Iедалхоша дIасалаьхкинчул тIаьхьа 100 а, 200 а стаг волчу тобанашка бекъа а белла, уьш богIу-боьлхучарна кочатийсбала буьйлабеллера.

Къаьстина зударш сийсаз а бохуш, царех каетташ, я уьш шайн уллехула тIехбовлуш нисбелча иттанашкахь тIебоьрзий, гуо а бой, цаьргахь долу ахча а, дашо хIума а схьайоккхуш, цаьрца маьттазчу кепара эвхьаза буьйлуш хилла уьш. Карарчу хенахь Коьлнерчу полице кхаьчначу латкъамашца, хIинцале а 106 къепедацар цу тобано дина хилар шеко йоцуш ду, царех 90 талор вуно шога хиларна полисхоша толлуш ду. Сахьт дац, и терахь тIедогIучу деношкахь кхин а алсам дала.

Коьлнехь къоначу божарийн тобанаша сел маьттаза, я Iедалхойх а, я маьршачу нахах а озалуш а боцуш, иштта гаррехь шайн талораш лелоро а, церан уьш леладан кадаларо а инзар яьккхина немцойн юкъаралла. Полисхой цу буьйсанна тар тессина хилла? Иза мича хьоьжуш яра? Гангстерийн тобанаш ю хIинца немцойн гIаланийн дай? Муьлхачу хьоле кхаьчна Германи, нагахь санна зуда шен чуьра араяла йиш йоцчу хьоле яьллехь?

Иштта ду хаамийн гIирсашкахь а, юкъараллехь а дека хаттарш. Цуьнца цхьаьна социалан машанашкахь цхьаболчу аьтто я расистийн хьежамаш болчу наха пайда оьцу Коьлнехь хиллачух, мухIажаршна а, тIебаьхкинчарна а дуьхьал пропаганда ярхьама – Iедалхоша цу къепедацаршкахь декъа хилларш банне а мухIажарш бацара, мелхо а, иттанаш шерашкахь Германехь бехаш болу нах бара бохург чIагIдахь а.

Муха хила йиш ю Коьлнех санна Iедал а, маьрша нах а гIорасиз а болуш, бандитийн тобанаша нах хьийзор, къаьстина зударий сийсаз а беш боху хаттар делира Маршо радионо Венерчу университетехь гендеран хеттарш а, тайп-тайпанчу мехкашкахь зударийн-божарийн юкъаметтигаш толлуш йолчу Крамер Йоханнига.

Цуо дийцарехь, и санна болу хилам орамехь сацон кийча хила еза юкъаралла а, пачхьалкхан институцеш а. ХIунда аьлча, къаьстина зударшна дуьхьал къепедацар лелочу тIедаьхкинчу къаьмнех болчу божарша зудчунна гIело ярца гойтуш дерг шаьш шайн дахарехь болх-некъ болуш дIатарбала горасиз хиларна цаьргахь IаьIна йолу оьгIазло ю.

Крамер Йоханна: „Суна хетарехь, вай кхета деза, и нах абсолют кхин култура, кхин Iадаташ лелачу мехкашкара хиларх. Кху тIаьхьарчу бIешарчохь Европехь а, Германехь хиллачуьн хийцамийн истори царна хаъане а хууш ца хиларх а. И божарий иштта дIа Къилбаседа Африкера я кхечанхьара баьхкина хилла ца Iаш, цигарчу барамашца а кегий провинцеш йолчу кIотараршкара схьаоьхуш бу цхьана доккхачу декъехь, шайн зударшца вуно архаикалле юкъаметтигаш лелош бу уьш.

Уьш тIаккха буху, кхузахь зударийн а, божарийн а цхьатерра бакъонаш хилар гича. Шайн рол муьлхарниг ю ца кхета уьш тIаккха. Цундела зударшна ницкъ барца шаьш нуьцкъалох хета ишттачарна, шаьш шайн дахарехь кхин дIа кхиа а, когаира хIитта а гуьнахь ца хиларна.

И тема йийцаре яккха езаш ю юкъараллехь - хIун хийцамаш хуьлу къоначу боьршачу мигрантийн тобанашца, уьш шаьш цкъа а шайн хетачу кхиамашка кхочур боцийла кхеттачул тIаьхьа. ТIеман гIирсаш бу цара юхьаралаьцнарш. Цунах кхета деза вай. ХIунда аьлча тIемашкахь дакъалоцучу агIонийн даима хилла мостагIчуьн зударийн сийсазбарца къам сийсаз дан гIортар. Цундела хIинца Коьлнехь хиллачуо гойту хьал вуно экама хилар а, забаре ца хилар а.

Цхьа цигахь хилла Iаш а дац и саннарг. Суна дела денна го, масала, къона зудбер доьзалехь кхуьчу дай-нанойн сингаттам, аьр вай, аьхка йоца коч йоьхна араяла я шен гIуллакхе яха-ян цуьнан йиш хирг ца хиларх кхоьру уьш. Со тешна ю, и санначу хIумнашна тIехь вай тIебаьхкинчу нехан Iадатех лардала ца деза, цара вайнарш лара деза.

Масала, цхьана немцойн ишколерчу директоро зудаберашка-дешархошка шайн духарш деха хилийта, цу ишколан спортзалехь хIинца дIатарбина божарий-мухIажарш болу дена алар харц хета суна. Со кхета, масала, цхьана къоначу овхIанхочунна шен дахарехь зуда бурка йоьхний бен гина яцахь, цунна шок хир ю кхузара зудри гича. Амма кхузахь ша ваха лууш велахь, и шок лан Iама веза иза“.

Цу юкъана Коьлнехь хиллачу къепедацарийн ма-барра болу барам шена дIахиъча вуно инзарйаьлла Германин канцлер Меркел Ангела. Iедалхошка а, полисхошка а цуо кхайкхам бина сихонца Коьлнехь Керла шо даздечу буса хилларг талларе а, бехкечарна низамо бан магочу кепара луьра бекхам баре а. „Бакъонан пачхьалкхено шога жоп дала деза и санначу маьттазчу леламашна“, - элира цуо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG