ТIекхочийла долу линкаш

Маца доккхур ду Къуръан нохчийн матте?


Гуьржийчоь -- Къуръан дуьххьара гуьржийн матте даьккхина Лобжанидзе Георгий, Тбилисерчу университетан профессор, Тбилиси, 26Оха2012

Гуьржийчоь -- Къуръан дуьххьара гуьржийн матте даьккхина Лобжанидзе Георгий, Тбилисерчу университетан профессор, Тбилиси, 26Оха2012

ТΙаьххьарчу заманахь Европерчу а, Ιаьмеркарчу а пачхьалкхашкахь бехачу нехан Къуръан довза а, цуьнан маьΙне кхиан а болу лаам совбаьлла. Оцо царна аьтто ло уггаре къона дин кхетон а, бусулба нехан амалш йовза а. Цуьнга хьаьжжина алсамбевлла Къуръан гочдийраш а. Ткъа хир а дуй-те иза нохчийн маттахь?


5 шо хьалха Къуръан гуьржийн матте даьккхина волчу Лобжанидзе Георгийс дика доьшу иза Iаьрба маттахь а. И болх бечу юкъанна ша шен керста динехь цΙин а велира, чΙагΙ а велира, хΙунда аьлча, шена мел хаза ду хиира муьлхха а дин, цуьнан кΙаргенашна хьо таьхьакхиа воьлча, элира цо. ГΙажарийчоьнан Ιедало, Лобжанидзес бина болх а тайна, доккха совгΙат а дира цунна.

Стохка а, кхушара а даьхна Къуръан ан гочдарш ара масситта маттахь. Царалахь ду кху деношкахь, «ХΙора немцойн доьзале Къуръан » аьлла цΙе тиллина дΙахьочу кампаница а догΙуш, немцошлахь и даржор а.

Кепатоьхна а даьлла, кестта дΙасадаржор долуш ду бусулба нехан коьрта жайна украинахойн маттахь а. И гочдинчу Киеверчу 25 шо долчу Ιилман кандидатца, Ιаьрба мотт шерра хуучу Якубович Михайлоца къамел хилира Маршо Радион. Къуръан ма-дарра украинахойн маттахь охьадилла шега аьлча-м, и далуш хΙума дац, ткъа цуьнан маьΙна махкахошна довзуьйту гочдар кхолла шена бакъо елира и дан йиш йолчу КъахΙирерчу Фахд-паччахьан цΙарахчу Къуръан даржоран институто, ша и шен йолчу таронца дан а дина, элира Якубовича.

Якубович: «Цхьацца Ιилман белхаш тΙехь къахьоьгуш, со кхийтира, Къуръан шен матте гочдина а йоцчу Украинехь хала хир дуйла Малхбале кхоччуш талла а, халкъана йовзийта а. ХΙетахь болийра ас сайн 5 шаре бахбелла болу и болх. 2010-чу, 2011-чу шарахь чекх а баьккхи ас иза».

Якубович Михайлос а, оха къамел динчу Оьрсийчоьнан Бусулба динан урхаллерчу Iелимчаша а тоьшалла дарехь, Къуръан ан оьрсийн матталарчу гочдарех тоьллачех ларалуш ду таханенна Азербайджанерчу Кулиев Эльмиран гочдар.

Амма тамаше ду цхьа хΙума. Къуръан гочдан шайна бакъо ло бусулба динехь а боцчу гочдархоша бусулба ларалуш а боцчу мехкийн меттанашкахь. Ткъа наггахь а дац цуьнан гочдар бусулба ларалучу Оьрсийчоьнан къаьмнашлахь.

Нохчийн маттах дерг аьлча, дехха лаьттира Къуръан гочдаран дехкар Нохчийчохь. Къуръан ан мотт Ιаьрба мотт бу, кхечу метттанашка и даккха магош дац, олура молланаша цхьа зама хьалха. И хьал амалх доьллехь а, я гочдар дан оьшуш болу ши мотт къоргга хууш нах ца бовлуш хиларна делахь а, тахана а дац Къуръан нохчийн матте а даьккхина даржийна.

Оцу хьокъехь къамел хилира Маршо Радион шен дахарх доккхаха дакъа Ιаьрба мехкашкахь бусулба дин Ιамош чекхдаьккхинчу Ιелимчица Теркйистерчу Ломаз-Юьртахь вехачу ШахΙид-Хьаьжица. Оха хьехийра Къуръан нохчийн матте даккханза дуьсуш хиларан бахьанаш.

ШахΙид-Хьаьжа: «Меттанаш дерраш а Делера ду. Нахана юкъа царна хууш болчу маттаца воуьйтуш хилла-кх цо тΙаккха элча а. Оцу нахана дин дийца а, довзийта а. Дин дезаш а хилча, и довза йиш а ца хилча, вай хьенан маттахь дуьйцур дара иза!

И мега бохург бакъ ду. Мегар хΙунда дац? ШарΙо, мелхо а, дин ца дуьйцуш ма диталаш, дин Ιамаделаш, бохуш а хилча, ткъа иза дан мегар дац хьан олу? И далуш воцчо олу-кх. Муха ца мега?! Дала массаьрга а кхачийна, массо а адаме, нохчашка а, оьрсашка а, кху дуьнентΙерачу массо а къаьмнашка а – Ιаьржа а, бордаха а, масcо а басахь болучаьрга – кхачийна ду-кх Сийлахь Къуръан .

Мегар дац, аьлла, вай и дΙа а диллина, и Ιаьрбан маттахь дара, бохуш, Ιийча, тΙе чан а йиллина, чохь Ιуьллур ду-кх иза. Цкъа цхьа стаг я тоба охьа а хиина, иза гочдаре са-м туьйсу. Делаца, юккъехь стагга а воцуш, къамел деш ву-кх Къуръан доьшуш верг. Иза шен маттахь, цуьнан маьΙанах а кхеташ муха ца хуьлу тΙаккха!

Амма я нохчийн матте а, я кхечу матте а Къуръан даккхалур дац, иза бакъду. Иза Ιаьрба маттахь доссийна ду. Ткъа маьΙна дан а мегаш ма ду цуьнан кхечу меттанашкахь, дихкина дац-дера иза-м. Нохчий маттахь хилча, дика дара-кх, стаг кхетар вара-кх, хуур дара-кх».

ШахΙид-Хьаьжас бохучунна тΙетоха дац хΙумма а. Цкъа вала а там бу нохчашлахь, нагахь санна вайн мотт кхидΙа а вайн халкъана оьшуш бисахь, Къуръан нохчийн матте даккха ваьхьаш а, хууш а стаг, я тоба.

Къуръан меттанашка гочдаран тема шоръян догΙучух тера ду. Цундела кестта Маршо Радионо шуьйрра дуьйцур ду оцу проблемин хьокъехь. Долуш дерг цхьа беркъа хьал ду Къуръан ан маьΙнах кхета луучу нохчочунна хьалхахь. Интернетехь массех сайт ю Къуръан вайнехан меттанашкахь довзийта Ιалашо йолуш кхоьллина. Амма халахеташ делахь а, нохчийн маттаца долчу гΙалаташа кхета аьтто ца ло я гочдархочух а, я цо гочдечух а...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG