ТIекхочийла долу линкаш

Кремлана дуьхьалхIуьтту Новочеркасскан бIарлагIа?..


Оьрсийчоь -- Новочеркасскера электровозийн завод. 2014 шо.

Оьрсийчоь -- Новочеркасскера электровозийн завод. 2014 шо.

Кху деношкахь Оьрсийчохь Уралехь полисхой бара дуккха а наха дакъалоцуш лилхина дуьхьалонан акцеш дIасалахка Iемаш. И Iамораш шайна тIе тидам бохуьйтуш ду шайн легендица, хIунда аьлча уггаре а хир йолу сценари ю цигахь алап цалуш болу белхалой, болх охьа а тесна, демонстрацешка арабовлар.

Цу гIуллакхо кхин хилам дагабоуьйту Советан пачхьалкхехь 54 шо хьлха хилла болу. 1962-чу шарахь Мангал – беттан 1-чу дийнахь гIаттам иккхира Ростох-кIоштарчу Новочеркасскехь. Цу дийнахь болх охьатесна арабевллачу электровозийн заводан белхахошна а, гIалара бахархошна а герз диттира Iедалша.

И гIаттам охьатаIийра Советан эскаран а, КГБ-н а ницкъаца. Кхоьрий те Кремл 1962-чу шарахь Новочеркасскехь санна Оьрсийчохь гIаттам эккхарна?

1960-гIа шераш долалуш вуно онда кризис иккхинера Советан пачхьалкхехь, кхачанан сурсаташ цатоарца йоьзна. Цуьнан бахьанаш дара марсабаьлла боьдуш «шийла тIом» хилар а, космос талларна хьажийна бюджет алсамяьккхар а.

Кхачанан сурсаташ ца тоарна Хрущев Никита коьртехь волчу Советан Iедало юкъадаьхнера кхачанан карточкаш. Цул сов мах хьалабаьккхинера шурина а, жижигана а. Iедало кIа эца долийра махкал арахьа.

Механш тIетохар дика тIеэцна ярташкарчу бахархоша бохуш КГБ- куьйгалхой рапорташ деш хиллехь а, Советан пачхьалкхерчу дукхачу гIаланашкахь и сацам тIеийцира вуно вочу агIор.

Москох а, Ленинградехь а, Днепропетровскехь а, Донецкехь а, Генарчу Малхбалехь а, Къилба Кавказехь а, Кубаанехь а, кхечу меттигашкахь а кехаташ даржийнера Iедалан куьйгалхошна луьш. Заводашкахь а, фабрикашкахь а белхалой кхайкхамаш беш бара шайн экономикан а, политикан а бакъонаш ларйийра ю шаьш бохуш.

Новочеркасскехь 1962-чу шарахь вехаш хилла 145 000 стаг. Иза яра масийтта завод йолу индустрин гIала. Царах цхьаъ яра электровозийн завод. Цигахь болх беш вара 12 000 стаг.

Цу заводан куьйгалло 1962-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь белхан мах охьабаьккхина хиллера 30 процентана. ШолагIчу дийнахь, Мангал-беттан 1-чу дийнахь, болат дечу цехан балхалой вовшашца дийцаре дан буьйлабелира кхачанан сурсатийн мах хьалабаккхар. Цунах хуьлу-хуьлуш митинг хилира. Цу митингах дIакхийтира кхечу цехашкара белхалой а.

Митинге веанчу заводан директоро Курочкина, цига жижиг юкъадоьллина пираьжкаш йохка еана зуда йолчу агIор корта а ластийна, аьлла хиллера «нагахь шайна жижиг а, йоьхьаш а эца ахча цатоахь, пах боьллина пираьжкаш яъа" аьлла.

Курочкина аьлларг цавашар санна тIеэцнера гулбеллачара. Дукха хан ялале болх охьатеснера ерриг а заводо. Делкъахан хилале цу нехан терахь дара 5000 стаг.

Цара дIалаьцнера юккъерчу Оьрсийчура Къилба кIошташка боьду аьчкан некъ. ГIаттамхоша сацийнера Ростохара Саратов йоьду цIерпошт.

Iуьйринна 10 сахьт даьлча Хрущевна хаийтинера Новочеркасскехь хуьлучух лаьцна. Цо сихонца омра делира Ростохарчу обкоман хьалхарчу секретарна Басовна а, тIеман министрана Малиновскийна а, Чоьхьрачу гIуллакхийн министраллан а, КГБ-н а куьйнгалхошна а дерриг а далуш дерг де дуьхьало яр охьатаIо аьлла.

Советан пачхьалкхан Iедалша омра а делла, цу нахана дуьхьал хьажийра Къилбаседа Кавказан тIеман гонан эскаран дакъош. Тузлов хина тIехула адам чекх ма далийта аьлла омра деллера эскаршна.

Къилбаседа Кавказан тIеман гонан буьйранчо инарлас Плиевс омра делира инарла-лейтенантана Шапошниковна демонстранташна тIе танканаш хьажайе аьлла. Амма Шапошников дуьхьал велира "танканашца тIелата оьшу мостагI ца го" шена аьлла. Ларамаза бохам цахилийта Шапошниковс амра делира масатоьпаш яста аьлла а, патаманаш казармехь дита аьлла а.

ТIай гIагIдиллина техникица къевлина хилар бахьана долуш дукхахболу нах хих бевлира, амма уггаре а тIахаьлларш техникана тIехула бевлира.

Москох ураме гулбелла нах тIебуьйлабелира ураман чакехенехь йолчу партин горкоман а, гIалийн исполкоман а гIишлошна. Оццу урамехь яра милици а, КГБ-н урхалла а, пачхьалкхан банк а.

ТIебогIучу нахах кхерабеллера партин обкоман чохь цу гIала баьхкина болу ЦК-н президиуман декъашхой Козлов а, Микоян а, Кириленко а, Полянский а, кхиберш а. Демонстранташ бIе метар гергга цу гIишлона герга кхачначул тIаьхьа церан аьтто баьлла хиллера тIеман городок олучу эскаран декъе дехьабовла.

Партин обкоман гIишло ларъян цига кхаьчнера Новочеркасскан тIеман гарнизонан хьаьким инарла Олешко. Цуьнца вара 50 масатоьпаш а карахь чохьохьарчу эскаран салти. Шина могIарца адам юха а тоттуш, гIишлонна букъ а тоьхна, дIахIиттира уьш.

Олешкос кхайкхам бира нахе хьал чолхечу а цадоккхуш дIасадовла аьлла, ткъа эскархоша ирх герз туьйхира. Адамаш юхакхиссаделлера амма, цхьаммо кхера оьшуш дац церан патарманаш дендаргаш йоцуш ду аьлла мохь тоьхча, майрабевллера уьш.

Юха кхин цкъа а стигал герз а кхоьссина, нахана тIе герз туьйхира эскархош. Вийра 10-15 стаг.

Оццу хенахь милицин а, КГБ-н гIишлонашна чубовла гIоьртинера гIаттамхой, цу чура лецна болу шайн накъостий арабаха дагахь. Царна дуьхьало еш салташа герзаш тоьхна вийра лаххара а 4 стаг. Чевнаш йина нах а бара. Эскархоша дIалецира шайна тIелетта 30 стаг.

ГIаларчу дарбанан хIусамашка кхачийнера 45 стаг. Официалан хьостанаша дийцарехь, верриг а чевнаш йина вара 87 стаг. Вийнера 24 стаг.

Мангал-беттан 3-чу дийнахь, кхайкхийна комендантан сахьт а долуш, горкомана хьалха гулвеллера 500 стаг. Амма эххаре а Iедалийн аьтто белира хьал лортIе дало.

Мангал-беттан 3-чу а, 4-чу а шина дийнахь Iедалша лецира 240 стаг. ТIаьхьо Новочеркасскехь кхел йира къепедацарш дIадолийначу нахана тIехь. 7 стаг тоьпаш а тухий воь, 105 стаг чуывулла 10 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш а тухий. ТIаьхьо Брежневн хенахь царан реабилитаций о Iедалша.

Тахана а билггала хууш дац цу деношкахь хиллачух бакъдерг. КГБ-н архивашкахь Новочеркасскерчу гIаттамах лаьцна кехаташ хьулдина латтош ду Iедалша хIинца а.

Тахана Оьрсийчохь хIоьттина хаьл дийцаре деш цхьаболчу политикан говзанчаша хоьтту Новочеркасскехь хилларг санна гIаттам хиларх кхоьраш-м дац те Iедалш бохуш. Цунна дала жоп дац цкъачунна, амма билгалонаш ю Кремл цу тайпачу сценарина кечлуш хила мега бохург гойтуш.

Масала, масийтта шо хьалха, вай лакхохьа хьахийна болу Уралера белхалой бара Iедалш а, президент а тIетовжа социалана коьрта бух бу бохуш хьехош. Амма махкахь экономикан кризис хилар тидаме эцча, гарехь, Iедалан бIаьргашкахь и нах хила там бу полицино юхатоха безаш болу коьрта кхерам.

XS
SM
MD
LG