ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцонна дуьхьало а ца йо хIинца нохчаша


Оьрсийчоь-- Нохчийн политик Кутаев Руслан, Маршо Радиона интервью луш, 2013.
Оьрсийчоь-- Нохчийн политик Кутаев Руслан, Маршо Радиона интервью луш, 2013.

Ши кIира ду политик, Кавказан къаьмнийн ассоциацин президент Кутаев Руслан лаьцна кхобу. Бахьана мухха а кхоьллинехь а, дукхахболу нах кхета иза лацаран бахьана цо вайнах Сталина махкахбаьхна 70 шо кхочуш депортацин хьокъехь Соьлж-ГIалахь конференци хIоттор дуйла.




Кавказан Къаьмнийн Ассамблеян президент, политикийн гонехь шуьйра вевза жигархо Кутаев Руслан лаца бIо ца къажийна Iедало. Оццул вевзаш волу политик лацаро гойту Оьрсийчохь могIарера вахархо лацар кIадда а доцург дуй а, цунна тIехь хIуъу а кхолла тарлуш дуй а.

Чиллан-беттан 20-чу дийнахь дуьйна чохь валлош ву Кутаев. И гиначара дийцарехь, хьалхарчу шина дийнахь, харц тоьшаллаш дайта гIерташ, ца богIу ницкъ беш хьийзийна Кутаев.

Цу хьокъехь, масала, дIахьедар дина набахтехь Кутаев Руслан ган аьтто хиллачу «Ницкъ барна дуьхьал комитет» юкъараллин коьртехь волчу Каляпин Игора.
Кутаевна тIехь яллийна къизалла Iорайоккхуш, юкъараллин дахаран жигархоша дина зераш бахьанехь гулдина бакъ тоьшаллаш дIакхачор долуш ду Оьрсийчоьнан коьртачу бакъонашларьярхочуьнга Лукин


1
1
Владимире а, ишта президент волчохь гражданан юкъаралла кхиоран а, бакъонаш ларьяран а Кхеташонан хьаькам волчу Федотов Михаиле а.

Бакъду, оццул лакхарчу тIегIане Кутаевна тIехь лелийна харцонаш дIакхачорца, нийсо толийта Маскох сихо йийр ю бохург шеконца тIеоьцу Нохчийчохь. Цигахь болчу Iедалдайх озалуш хилча, оццул вевзаш волу политик схьа лаьцна, цуьнгахь гIело ялло баьхьар бацара меттигера Iедалдай боху тергамхоша.

Кутаев нтIехь оццул дабагIа дан шайна магийтича, хIун дийр дац цара, юкъараллехь кхин бевзаш а боцчу нахана тIехь? Маццалц лаьттар ю те Оьрсийчохь Iедалехь болучарна оццул харцонаш лело маршо?


Ишта кеп-кепара бахархошлахь коьртах дуьйлург жоьпаза дуьсуш ду. Оьрсийчохь хIуъу а хила мегаш ду, Кутаевна тIедеънарг хьаьнцца а нисдала а тарло аьлла, чIагIбелла хьажам бу, масала, Старопромысел кIоштан вахархочун Шарпуддин

Шарпудди: "Оьрсийчохь хьаьнцца а, хIуъу а хила тарлуш ду. Деллахь хIара цхьа Iедал ду-кх, кхузахь цхьа нийсо-бакъо ю-кх лелаш аьлла, цхьаьннах а теша мегар долуш пачхьалкх яц хIара. Цара и Кутаев стенна лаьцна? Дера лаьцна шайна новкъа волу дела, шайна тIе
​а тайна Iад ца Iа дела".

Кутаев Русланан сингаттамаш буьйлабелла кху беттан 18-чохь «Нохчийн къам дохадар. ХIун дара хилларг. Дицдала йиш йолуш дуй иза?» цIе йолу Iилманан конференци цо а, цуьнан гоно а дIаяьхьча.

Хьакамашна цатайнарг хIун ду? Къам дохадарх дийца дихкина ду?

​Маца, мел . хьан хьехо мегар ду вайнахана балане еъна ирча хан, Iожалло каетташ Сибрехахь текхна 13 шо?

Оцу а, кхечу а хеттаршна гонах цакхетарш ца хилийта урхаллехь болучара жоьпаш делча, бахархошна атта хир дара, Кутаевн санна кхаж ца болуьйтуш, лецарех ларбала, хила тарлучу бохамах хьалхабовла. Иштта ду тахана
​махкахь наха вовшашка къайлах дуьйцург.
XS
SM
MD
LG