ТIекхочийла долу линкаш

Кутаев Руслан дIахецар доьху ХIюман Райтс Вотчо


Оьрчийчоь - Кутаев Руслан, Маршо Радион Москох бюро, 30Тов2008

Оьрчийчоь - Кутаев Руслан, Маршо Радион Москох бюро, 30Тов2008

Оьрсийчоьнан Iедалша хьем а ца беш дIахеца веза Чиллан бетта 20-чу дийнахь республикерчу ницкъаллин структураша лаьцна волу Нохчийчоьнан вахархо, «Кавказан къаьмнийн ассамблеян» куьйгалхо Кутаев Руслан. Цу кепара дIахьедар дина Human Rights Watch цIе йолчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло. Бакъонашларъярхошна хетарехь, Iедалша талла деза Кутаевс шена ницкъ бина аьлла бина латкъам.

Кху дуьнентIехь уггаре а евзаш а, лоруш а йолчех ю Human Rights Watch цIе йолу вовшахтохаралла. Цо дуьненаюкъараллан тидам тIеузу адамийн бакъонаш йохош меттиг нисбелча, аьтто бо эшам хиллачу нахана шайца хилларг дийца а, кхайкхамаш бо Iедалшка нийсо меттахIотто оьшуш дерг даре а, бехке берш жоьпе озабаре а.

30 сов шо ду Human Rights Watch болх беш йолу кху дуьнентIехь адамашна юкъахь нийсо а, кхерамазалла а хIотторан бух буьллуш.

Кхаарин дийнахь цу организацино леррина дIахьедар дина «Кавказан къаьмнийн ассамблеян» куьйгалхочуьнан Кутаев Русланан кхолламах лаьцна.

Кутаев Руслан дIалаьцна Нохчийчохь ТIехьа Мартан къоштан Гехтахь Чиллан-беттан 20-чу дийнахь, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло чIагIдарехь цо наркотикаш лелорна шеко йолуш.

«Ницкъ барна дуьхьал комитет» олучу организацино далочу тоьшаллашца, дIалаьцначул тIаьхьа цуьнан дегI Iарждина меттигаш карийна. Даржехь болчу наха лелийнарг цунна тIехь Iазап лелийна хиларан санна мах хадош ду бохуш яздо «Кавказский узел» интернет агенталло.

Human Rights Watch организацино дузу Кутаев лацар а, цунна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх кхоллар а Чиллан-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь хиллачу «Нохчийн къоман депортаци яр. ХIун дара иза, диц дан мегар дуй иза?» цIе йолчу конференцехь Кутаевс ша реза ца хилар хаийтарца Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цу денца доьзна Чиллан-беттан 23-чу дийнахь мероприятеш дихкина хиларна.

Human Rights Watch организацин дIахьедар тIехь дуьйцуш ду Зазадоккху-баттахь Кутаев Руслане лоьраш хоьвсина хилар. Царна гучудаьлларг ду цуьнан ши пIенда бойна хилар.

Набахтехь Кутаев Руслан ган аьтто хиллачу «Ницкъ барна дуьхьал комитет» юкъараллин коьртехь волчу Каляпин Игорна дийцина цо шена тIехь ницкъ бина хилар, билгалдоккху ХIюман Райтс Вотчо. Оццу хенахь хуьлучуьнга хьожуш хилла Нохчийчура Iедалера лаккхара ши даржхо.

Оьрсийчоьнан Iедалша, кхоччуш таллам а бина, хьем а ца беш дIахеца веза Кутаев Руслан, ткъа иза лацна а, мегар доцу хIуманаш лелийна а болу нах жоьпе озо беза, аьлла ду Human Rights Watch - о динчу дIахьедар тIехь.

Ганнушкина Светлана евзаш йолу Оьсрйсичура бакъонашларъярхо ю. "Гражданское содействие» олучу комитетан куьйгалхо ю иза.

Кутаев Руслан шена вевзаш ву, цхьадолчу хIуманашна тIехь шаьш тайп-тайпана ойла йолуш дара, амма цунна бехке дуьллург бух болуш хIума дац аьлла хета шена бохуш дуьйцу цо.

Ганнушкина Светлана: - Кутаев Руслан суна вевзаш волу вуно дукха хан ю, бакъонашларъярхо санна иза болх бан вовлачелчхьана. Оха дуккха а юкъаметтигаш лелийна. Цхьацца хаттаршкахула вовшен реза доцуш меттигаш а баьхкина тхан. Амма со, цхьа а шеко а йоцуш, тешна ю цуьнан наркоманица цхьа а юкъаметтигаш хилла ца хиларх.

Human Rights Watch-о а, кхин йолчу организацеша а дехарш дича а цхьа а жамI хир дац, стаг дIахоьцур вац, я цунна ницкъ бар сацор дац аьлла хIума а ца деш Iад Iан мегар дац аьлла хета Ганнушкина Светланина.

Ганнушкина Светлана: - - Ишттаниг Iоттаделча ойла ян оьшуш а дац, гIо хир дуц, я дац бохучуьнан. Куьйгаш охьадахийта мегар дац. Мегар дац аьтто хир бац аьлла къадвала. Цу кхайкхамо гIо ца дахь а, сатийсам буьсуш бу нахала даьккхича гIо хила мега аьлла. Тхоьгахь хIумма а дац, тхан карахь кхин герз дац.

Кутаевца хилларг муьлхха а стагана тIеIоттадала мегаш ду аьлла хета Оьрсийчура евзаш йолчу бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина.

Ганнушкина Светлана: - Хала хеташ делахь а, хуьлуш долучо цхьа а цец ца воккху! Кхузахь, ша кочур санна, дукха меттигаш ю наркотикаш кисана кхиссина а, оькккху молха кхоьссина а (шолгIаниг коьртачу декъана Нохчийчохь хуьлуш ду). Ерриг а Оьрсийчохь хуьблуш ду наркотикаш кисана кхиссар, нагахь цхьа стаг лаца оьшуш делахь. Иза дан вуно аттта ду. Стаг жоьпе озош лелочу харцонех уггаре а аттаниг ду иза. Дуьххьара иза до, тIаккха кхин бехкаш дохку цу стаганна.

ТIеххьара болчу хаамца, Кутаевн гIуллакх суьде кхачийна.

XS
SM
MD
LG