ТIекхочийла долу линкаш

Малхбузено а, Европо а йозуш йоцу пачхьалкх Оьрсийчоь йохор Iалашонца кху тIаьхьарчу шерашкахь хаьржина объект ю Нохчийчоь аьлла, дIахьедар дина Кадыров Рамзана.

Цунах лаьцна хаам бо vesti.ru (http://www.vesti.ru/doc.html?id=27II343) интернет сайто. Халкъ дика дахийта жоьпалла шена тIеэца а, кхолагIа тIеман кампани республикехь цахилийта набахте ваха а кийча а ву ша бохуш чIагIдо Кадыровс.

Цу хьокъехь ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Шуна хIун аьлла хета цу хьокъехь? Кхин хIун дича нийса хетар дара шуна Кадыровс нохчийн кIоман барт бан а, нохчийн халкъ кхерамазаллехь хилийта а, иза нийсонца дахийта а?

Жоп дала луучунна - тхан телефонаш.

Прагица зIене волуш: + 4207240 1832
Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 892623604 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32

Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG