ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаанна ахча схьаоьцуш эпсар лаьцна Нохчийчохь


Оьрсийчоь -- Коррупцин да лоцуш кхаъ луш лелош долу ахча.
Оьрсийчоь -- Коррупцин да лоцуш кхаъ луш лелош долу ахча.

Талламан комитетан эпсар лаьцна Нохчийчохь кхаанна ахча схьаоьцуш. Коррупцица доьзна зуламаш атта гIарадохуш дац Нохчийчохь. Официала лоруш ду, махкахь цхьанна а тайпана и санна кIоршаме хIума хуьлуш а дац, аьлла.

Амма ерриге а пачхьалкх охьатаIийначу оцу уьно, шен орамаш мел йолчу регионашкахь а хецна, цхьанхьа дукха, вукхунхьа кIезга. Дикачу, токхечу дахаран масалле юьллу Нохчийчоь а юкъара ца йолу цигара. Кхузахь атта Iора ца доккху и санна зуламаш.

Меттигерчу прокуратуро хаамийн гIирсашкахь дIасаяржочу пресс-релизашка хьаьжча а го иза. Дукхачу декъана, коррупци лелийна аьлла жоьпе озийна Iедалан хьукматийн куьйгалхой, дукхачу хьолахь, цIерашца а ца буьйцу, царна деш долу таIзар, доккхачу декъана жимачу гIуданашца а, я, иза могуьйтур дац, аьлла дIахьедарца хуьлу.

Оьрсийчохь дукха ю ницкъаллийн структураш. ХIоранна а, аьлча санна, аьтто бу, кхечу хьукматера цхьаъ зулам деш гучуваьлча, иза дIа а лаьцна, цуьнан хьокъехь таллам болабан. Цундела, кху деношкахь Нохчийчохь Талламан комитетан белхахо дIалацар дIадаьхьира кхерамзаллин сервисо. ДIалаьцнарг могIарера белхахо а вац. Иза, талламан комитетан Грозный-кIоштан декъан куьйгалхочуьн гIовс ву.

Хьалха-МартантIера аптекехь корта бахош долу молханаш духкуш ду, аьлла цуьнан долахо кхерийна хилла цо, кхаанна ахча ца лахь, иза чуволлуьйтур ву, аьлла.

300 эзар сом хилла и гIуллакх дижорна дуьхьал цуьнгара доьхуш. Вукхо арз дина кхечу полисхошка. Цара къайлахчу сервисе а аьлла, 100 эзар сом цуьнга дIалучу хенахь дIалаьцна эпсар Юсупов Iийса.

Шайн белхан накъост дIалаьцначул тIаьхьа, Талламан комитетан Нохчийчуьрчу декъо шен сайта тIехь цунах хаам бина. Шайн могIаршкара, куьйгана цIена боцу нах гучубохуш а, царна таIзар ден болх шаьш кхин дIа а дIабахьа дагахь ду, аьлла.

Оцу дIахьедарх догйовхо хир яра и санна зуламаш кест-кеста хуьлуш дацахьара. Юккъараллехь а ма-дарра кхета хьолах. Лачкъош хилча, дуккха а лачкъо еза, тIаккхий бен хьо кIелхьара волийла дац.

Коррупци, цхьана Нохчийчохь а, Кавказехь а хилла Iаш йоцуш, ерриге а Оьрсийчохьшуьйра яьржина ю. Иза дIаяьккха боккъала лаам белахь, массанхьа а къийсам латтон беза, аьлла хета бизнесхочунна Идрисов Валидна. Иза дукха хан йоццуш Москоха ваха дIавахна ву. Цундела, шена дика евзина цIера а, цигара а коррупци, аьлла дийцира цо Маршо радиога.​
Идрисов: «Нохчийчохь хьо лоьран а, ян доьшучу метте вахча, цхьанна а агIор хьан аьтто бац-кха ахча а доцуш иза чекхдаккха. Тахана цу тIехь болх болийча дика хир дара, и цIий муьлу нах совцийча. Москоха со схьавеъна дукха хан яц. Кхузахь кхечу агIор ду и хьал. Кехаташца а, кхечу хIуманца дерг а атта ду. "Тхан болх бу хIара", - олу цара».

Москохахь лаххарчу тIегIанехь коррупци лелораш дIалуьйцуш, чубухкуш хIума кест-кеста хуьлу, аьлла хета Идрисов Валидна. Даккхий ахчанаш лачкъийначарна деш долу таIзар а, хан мел йолу дайдо, элира цо.

Идрисов: «Москохахь ахча лачкъош хилча, баккхийчу барамашкахь лачкъош иза далахь, царна хIума ца до. Захарченко полковник ца го хьуна, 100 сов миллион доллар цуьнгахь карийнашшехь, иза цуьнан дацарий, иза банко дIадиллина дарий, петар цуьнан яцарий, бохуш дийца буьйлабелла. Лаккхарчу тегIанехь лечкъадо кхузахь ахча, лаххарчу тIегIанехь могуьйтуш дац».

Коррупци ерриге а пачхьалкхехь, ша цIе ца йоккху цамгаран тIаьхьара тегIанехь санна, яьржина хиларан тидам бо юккъараллахоша.

Жирков Дмитрий куьйгалхо ву «Кхерамбоцу Даймохк» цIе йолчу, коррупцина дуьхьало ечу а, и хIума толлучу а юккъараллин. Цунна хетарехь, коррупци яржаран коьрта бахьана - цунна дуьхьала догIу таIзар деш ца хилар ду. Маршо радиога цо иштта элира.

Жирков: «Коррупцица а, цуьнца мел доьзначу зуламашца а къийсам чIагIбан беза. ХIинца хьал иштта латтаран бахьана ду нуцкъаллийн структураша, я и болх дика бан ца хаахь, я кхечу бахьанашца иза дIахьош цахилар.

Материалаш цаьрга дукха кхочуш ю: юккъараллашкара а, могIарерчу нахера а. Амма, суна хетарехь, чоьххьарчу гIуллакхийн министраллан агIорара и къийсам дика беш бац. Ур-атталла цхьа гIуллакх юьхьар а лаьцна, иза толлуш хилча, иза кхеле наггахь бен ца кхачадо бехкечунна таIзар дайта".

Нохчийчохь цхьа иттех шо хьалха, кхечу агIор къийсам латтабора коррупци яржочу даржхошца. Хийла министр а, кхин волу лаккхара хьаькам шен бахамах волура Iедалан ахча лачкъош гучуваьлча.

Иштта ша гIараваларна кхоьруш, оцу даржашкахь ма-хуьллу шайна тIе пIелг хьажабан меттиг ца бита гIерташ белхаш бо дукхачара. Амма хIетте а, царел дика бехаш нах бац махкахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG