ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мархийн бутт бирзи: цхьаболчарна - мел, вукхарна - са


Нохчийчуьрчу бахархошна шо шаре къаьсттина деза а, халонашца а хуьлу марха кхабар а, юха и дастар а. Ду и доьзна масех бахьанийца.

Рамадан бутт бирзи. Масех де а ду бусулба пачхьалкхашкахь кечамаш беш марха даста, туьканашкахь, базарашкахь ког билла меттиг а боцуш, юург-мерг-юхург дIаийъеш нах хьийза.

Ишта а дукхахболчеран чомахь кхабар ца нисделлера кху шарахь.

Бахьанаш доьзнера коммуналан ял дIа ца луш бахархоша хьейина бохуш, Iедалан урхаллаша нехан газ, ток дIахедорца.

Масаллийца мехкан кIошташкахь коммуналхоша жигараллица цхьана дийна арабевлла хедийна биргIанаш-м тахана а лаьтта вовшахтасанза, мохо а лоькхуш.

Ткъа «тхо бусулба ду, тхан дегнаш цIена а ду, тхо комаьрша а ду, яхь йолуш а ду» бохуш, телевизионехула схьадечу аьхначу къамелех-м боьлла, гарехь бахархой.

"Дуьйцуш цхьаъ, лелош кхин", - иштта мах хадабо цара оцу зевнечу дIахьедарийн.

Махкарчу бахархоша далхорца, даим санна хаъал дистина кхачан-сурсатийн мехаш Нохчийчохь.

ТIаьххьарчу беттанашкахь цхьана эшшарехь лаьттина мехаш, марха досту денош герга мел кхочу севсаш-десташ лакхадевлла.

Белхан меттигийн къоьлла ловш, цхьа пенси бен кхи тIе догIуш рицкъ а доцуш халонашкахь бохкучу бахархойн доккхачу декъан кисанна хаъал хьокха туху оцу тIекхеттачу 20-50 туьмано.

Теттина мах а луш, тIедиллина махкахоша эцна сурсаташ, гучу суьртаца, ян там боллуш ду.

Мехкан куйьгалло шинарийдийнахь марха досту, мукъаденош 5,6,7,8 ду аьлла кхайкхийра де хьалха.

Охьахаар доцуш, багахь тIаьххьара марха долуш, хIусамнаной кечамаш бина бевллачу хенахь мархадастарца хилла хийцамаш Iорабехира оршоьтан буса Динан урхалло: марха кхаарийдийнахь достуш хиларх.

Соьлж-ГIаларчу вахархочо Дунаев Мохьмада дийцира Маршо Радионе дайначу цхьана белхан дийнех а, мархадастарх а, хIоразза а санна, кху шарахь а, къаьсттина зударшна, хиллачу тешнабехках а.

Дунаев: «ХIокху деношкахь вайн базара герга а ца гIорталуш дукха адам ду! Дац иза мехаш лахара ду аьллий, я оьцу хIума дика ю аьлла а! ХIоранна а ша-ша волчахь хьаша-да веача шун хIотто а лаьа, цундела ду цигахь дуькъа. Амма даим а марханаш достучу деношкахь мехаш хьаладохуш Iедал ду кхузахь.

Со-м сайн хIусамненаца ХIирийн махка воьду хIора шарахь. Цигахь вайн цIахьчул а йорах а хуьлу, дика а хуьлу, цIена а хуьлу, я гулделла адам а ца хуьлу, хIора хIуман шен-шен низам а хуьлу. Ахь цигахь эцна хIума хIинцца йина охьайиллина, керла хуьлу, 2-3 дийнахь латтарх а я и талха а ца телха.

Иза мехал ду чIогIа, хIунда аьлча, кху цIахь марха дастар цхьанне а шарахь шен хенна гислуш дац. Тахана я кхана аьлла йист яьккхина ца хуьлу».

Рамадан баттахь долахошка кхача-сурсаташна мехаш тIецадеттийтархьама боккха терго-тидам латтабо дуккхаъчу мехкашкахь.

Денна телехьожийлехь, зорбанашкахь динан говзанчаша адамийн кхетаме дуьллу Рамадан беттан дозалла, къаьсттина цу баттахь шегара гIоьналлин гIуллакхаш алсамдовлийтар йоле дуйла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG