ТIекхочийла долу линкаш

Саудин Iаьрбийн пачхьалкхехь кхелан сацамца вийна принц ал-Кабира Турки бин Сауд. Цу махкахь дуьххьара хилла паччахьан доьзалера стаганна вен кхел яр.

Вен йина кхел кхочуш йина хиларх аьлла ду чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан лерринчу хаамехь. Аль-Кабирана кхайкхийна кхел тIечагIйина Саудийн пачхьалкхан лаккхарчу а, аппеляцин а суьдаш. Иза вен бакъо елла Паччахьан омраца.

2014-чу шарахь суьдо бехке вира аль-Кабира Турки бин Сауд Саудин Iаьрбийн махкахо ал-Махемид Адел верна. Иза хиллера Эр-Риядана генайоцуш йолчу четаргIалахь масийтта стаг леттачохь.

Талламхоша дийцарехь, принцо тапча тоьхна хиллера цу латарехь. Буй-тIарий дирзинчул тIаьхьа гучудаьлларг дара вийнарг принцан аль-Кабирин доттагI хилла хилар. Меттигерчу зорбанан гIирсаша дийцарехь, бохам хиллачу метте полици кхайкхинарг вара ал-Кабира. Цигахь полисхоша иза лецира.

Саудин Iаьрбийн пачхьалкхехь лелачу шарIаца, цу махкахь вен кхел еш Iедал ду стаг вийначунна а, наркотикаш юхкуш гучуваьллачунна а, герз лелош талор динчунна а, зуда хьизийначунна а, дин сийсаздинчунна а.

Amnesty International вовшахтохаралло дийцарехь, стохка Саудин Iаьрбийн пачхьалкхехь кхелан сацамца вийна 158 стаг.

Франс-пресс агенталло бинчу хаамца, ал-Кабира Турки бин Сауд 134 стаг вара кху шарахь вен кхел а йина корта баьккхинарг.

Кхузахь шена тIе тидам бохуьйтуш кхин цхьа хIума ду. Принцо Ал-Кабирас вийначу кIентан доьзал реза ца хилла иза вен кхелах къелхьарваккха шайга кховдийна дуккха а миллионаш долларш барам болу компенсаци схьаэца, и ахча цIийн хьожу йогIуш ду аьлла. Вийначуьнан дас-нанас кхел кхочуш яр дийхина, нийсо толийтархьамма аьлла.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG