ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо Радион белхахошна кхерамаш туьйсу


ПIераскана сарахь вевзаш воцу ши стаг, шаьш НТВ-телекомпанин белхахой ду а аьлла, Москох Маршо Радион векалтан куьйгалхочунна кхерамаш тийсина, журналистикан этикаца яггIане а ца йогIучу кепехь. Иза низамца догIуш доцчу хьесапехь кхерамтасар ду, аьлла дIахьедина Маршо Радион коьртачу редакторо Пейич Ненада.

Оьрсийчоьнан телеканалаша тIаьххьарчу заманахь маситтаза кечйина хьовсархошна Маршо Радио маьттазчу суьртахь гойту сюжеташ. Нохчийчохь Маршо Радион нохчийн редакцин сайт Iедалх болчу провайдерша низамца а доцуш къуьйлу бу ши бутт.

Маршо Радио дуьненаюкъара хаамийн гIирс бу, малхбалерчу а, къилберчу а Европана, Кавказна, Юккъерчу а, къилберчу а Азина, Гергарчу Малхбаленна, Оьрсийчоьнан хаамийн кхачо еш. 1991 шарахь дуьйна ю Москох болхбеш Маршо Радион бюро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG