ТIекхочийла долу линкаш

"Ларлолаш, пропаганда!": Оьрсийн маьрша гIирсаш духьалбевлла пачхьалкхан телевизионна


НТВ-но шен филмех чIагIдора Оьрсийчура оппозицехь болу зорбанан гIирсаш къайлах ахча а луш кхобуш бу Iамеркин Пачхьалкхан департаменто а, миллиfрдеро Сорос Джорджа f бохуш. Экрана тIера даьккхина сурт.

НТВ-но шен филмех чIагIдора Оьрсийчура оппозицехь болу зорбанан гIирсаш къайлах ахча а луш кхобуш бу Iамеркин Пачхьалкхан департаменто а, миллиfрдеро Сорос Джорджа f бохуш. Экрана тIера даьккхина сурт.

Малхбузенна дуьхьал хьажийна программаш гойтучу Оьрсийчоьнан НТВ телеканалана дуьхьал компани йолийна бозуш боцучу регионашкара зорбанан гIирсаша. Цара варе бо телеховсархой цу телевизионо дуьйцург харц а ду, пропаганда а ю бохуш. Цунах лаьцна материал кечйина Маршо Радион корреспонденто Бигг Клэра. Иза гочйина Шамаев Руслана.

Оьрсийчура НТВ телекомпани йоьвзаш ю цхьа а бух боцу эладиттанаш а кхуллуш шен эфирехь пропаганда ярца. И пропаганда ю коьртачу декъана Малхбузенна дуьхьал хьажийна. Дукха хан йоцуш цу каналан белхахоша дийцаре даьккхинера регионан цхьа газета иза Вашингтоно аьлларг деш ду бохуш.

Цул тIаьхьа бозуш боцучу зорбанан гIирсаша, шайн коллегашна тIе а хIиттина, компани йолийна пачхьалкхан телевизионашкахь пропаганда яр емал деш

Мангал-беттан 8-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчура дозуш доцучу газеташа телепрограммаш йолчу агIоннна тIехь газета дешархой варе бо НТВ телеканале хьежа оьшуш дац бохуш.

«Ларалолаш. Журналистийн материалаш ю бохуш НТВ-н каналехь шуна луш ерг харцахьа яьккхина информаци, я пропаганда ю». Иштта ду и варе дар.

И болх болийнарг ву Уралера Ревда цIе йолчу жимачу гIалахь хIора кIиранах арадолучу «ГIалан хаамаш» цIе йолчу газетан коьрта редактор Безпятых Валерий.

"Вайна гуш ду вуно дукха журналистикица йогIуш йоцу материалаш зорбане йовлуш хилар. Цу тайпа компанеш цайича и хьал хийцалур ду аьлла цахета шена", - элира цо Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

Оьрсийчура дуккха а журналисташ санна Безпятых а ву эргIадвахана НТВ-но кху Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь гайтинчу программехь дийцинарг бахьана долуш. НТВ-но чIагIдора Оьрсийчура оппозицехь болу зорбанан гIирсаш къайлах ахча а луш кхобуш бу Iамеркин Пачхьалкхан департаменто а, миллиардеро Сорос Джорджа а бохуш.

НТВ-но гайтинчу программехь дуьйцуш дара масийтта регионера газета, шайна юкъахь Сибреха а, Якутехь а бехачу нахана дезаш а, лоруш а долу «Якутск суьйранна» цIе йолу газзета а долуш. НТВ-но бехке дора и газеташ Iамеркана оьшург кхочуш деш ду уьш, Iамеркера кредиташ эцарна бохуш.

Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь «Якутск суьйранна» газето дуьхьалонан акци дIаяьхьира НТВ-но а, «Россия» телеканало а харц дерг дуьйцу аьлла телехьовсархой варе бар шен агIонашна тIехь зорбане а даьккхина. И юкъадаккхара дIасадаржийра социалаш машанашкахь а. Иза тайнера дуккха а нахана.

"Бозуш боцучу регионийн зорабанан гIирсийн альянс" юкъаралло шен агIор емал йира НТВ-но Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь гайтина программа, иза «хьул а цадеш мотт тохар" ду аьлла.

Амма Безпятыха дийцарехь, «Якутск суьйранна» газета Iаткъам ловш ду кху деношкахь, гIо-накъотсалла оьшуш а ду иза. "Цхьа компани ша харцонна дуьхьал латтийтар дIоггара дика дац,цундела кхечара а накъосталла дан деза шайна" аьлла хета цунна.

Безпятыха кехат дахьийтина 100 зорбанан гIирсе, коьртачу декъана "Бозуш боцучу регионийн зорабанан гIирсийн альянсан" декъашхошка, шаьш санна телехьовсархой варе бар зорбане даккхахьара аьлла. Цо дийцарехь дукхах болу редакторш реза хилла шайга дина дехар кхочуш дан.

XS
SM
MD
LG