ТIекхочийла долу линкаш

Асад Башаран Iедалера бовдуш бу лаккхара даржхой


Шема -- (аьрро агlора аьтто агlор) Асад Джамил, инарла Шавкат Асеф, тlеман талламан урхаллин куьйгалхо Асад Махlер, президент Асад Башар а тlаьххьара президент Асад Хlафезан тезетахь, Димашкъ, 13Ман2012

Шема -- (аьрро агlора аьтто агlор) Асад Джамил, инарла Шавкат Асеф, тlеман талламан урхаллин куьйгалхо Асад Махlер, президент Асад Башар а тlаьххьара президент Асад Хlафезан тезетахь, Димашкъ, 13Ман2012

Делан денна алсам долуш ду, Шемарчу режимо бойучу шен махкахойн терахь. Асадан Iедалера бовдуш бу, лаккхарчу Iедалера даржхой. Малхбалерчу махкашкахь хилла гIаттамаш, мелла а сиха дIабирзинехь, Шемахь сийса тIом кеста буьжур болчух тера дац.


2011 шеран Чиллан баттахь Шемахь доладелла хьал дено-дено карзах долуш ду. Сихбелла, Iедалан нах бу Асад Башаран Iедалх дIакъаьсташ, гIаттамхойх дIакхеташ. ХIетте къарлуш дац Шемара Iедал. Ярташ, гIаланаш даккхийра герзашца а, тIеман кеманашца тIеетташ, отуш ю Шемахь.

ХIора денна Iедалах дIакъаьсташ лекхара даржера нах, цхьаберш Урдунан махка къайлах чоьхьа бовлу, цхьаберш Туркойчу уьдуш бу. Мел лекхара даржехь берш дIакъаьсташ балахь, Шемарчу Iедалан башхалла яц, цара сихха кхин хIоттош ву дIакъаьстинчуьнан метта.

ТIаьхьара дIакъаьстина, и дIакъаьстича, нахана чIогIа зен хир ду Шемарчу Iедалан моьттуш хилларг. Шеман коьрта министр Хьиджаб Рийад кхечира Урдунан махка Марсхьокху 7-чу дийнахь шен йижарий а, вежарий а, церан доьзалш а балош. ГIаттамхош къайлах гIо деш сехьа а воккхуш. Шина дийнахь и лоьхуш лийлира Шемара Iедал, иза цIеххьаша вайча, дIакъаста воллий кхетта, верхьамма. Амма тIаьххьара маьрша сехьавелира и.

Марсхьокху 11-чохь Асад Башаран гIоьнча хилла волу ШараI Фарукъ дIакъаьстина бохуш дуьйцу зорбан хьостанаш. Цуьнца 50 хиллал инарла дIакъаьстина боху. И хIинца билгалдаьлла дац я церан план а, раж гучъелла вийний ца хаьа Асад Башаро шайн гIоьнча. Инарлаш, цхьаберш цу чохь Iийна хила тарло маьрша эскаран гIодеш.

Iаьрбийн мехкашкахь хилла гIаттам санна, Шемара хьал атта чекхдер долуш дац. Шеман мохк бекъабелла, дакъошка ихна оццу чохь гуттаренна тIом лаьттина кхоьру тидамхош. Уггар коьртан бахьана, цхьаьнакхетта къаьмнийн организацехь сацам ца бойтуш, Оьрсийчоь а, Китай а ю. Оьрсийчоьнан а, Шемана юкъахь йоккха бизнес ю, ахча ду, цаьргара оьцуш дукха герз а ду. Политикан агIор, Шемара Iедал хийцалахь, Iамеркан муьтIахь долу Iедал хIоттахь, оьрсийн ког гIортон меттиг дIайолу хIокху юккъера малхбалера. Китайхошна хIун кхаъ белла шемахоша, шайна дуьхьал сацам ца байта аьлча, зорбан хьосташ бохург, китайхошна маьхкадаьтта духкуш ду боху Шемано, мах 100 тIера 30 процент охьаоьзна.

Амма хIуъу бахьана хилла, Шемахошна дуьхьал кхечу мехкаш тIом болабахь, Урдун, ца яьлча денна, цу тIамна юкъаяха езаш ю. Цунах доккха зен Урдунна хир ду, дозанехь йолу дела а, ГIажарийнчоьно сих-сиха кхерамаш туьйсу дела а. Шемана дуьхьал тIом бахь, шаьш Урдунна тухур ю, бохуш. Иштта а, вуьшта а Урдунан доьзнахь сих-сиха тIеман тийсадаларш хуьлу Урдунан эскарна а Шеман эскарна юкъахь.

ТховкIело лоьхуш уьдуш, Урдунан дозана чоьхьа бовла гIерташ болчу бахархошна Шемарчу эскаро тIе герз детта. Ткъа, Урдунан эскаро юханехьа царна тIе герз детта. ТIаьххьара тасдаларш, Марсхьокху беттан 10-чу дийнахь, сехьа бовлуш болчу шемахошна герз диттича, Урдунан эскаро, хьалха санна кIез-мезиг герз тоьхна ца Iаш, чIогIа герз диттира Шемарчу эскаршна. И тIеман тийсдаларш бахьанехь боккха тIом баларна кхоьруш маIар боьгIна дозане эскарш оьзна Шемара гIаттам болабелча дина гIаролехь лаьтташ долу Урдунан эскар.


Шемарчу вайнехан хьал а дац дика. Дукха бацахь, тховкIело йоьхуш цхьа масех вайнехан доьзал Урдуне кхаьчна. Амма Iедале ца кхочуьйтуш, гергарчу нах тIелаьцна уьш. Къамеле бовлу ца баьхьа уьш. Шеман Iедало нахана тIехь лелон харцонаш юьйцуш, дукха ирча сурт хIутту. Шемарчу ницкъаллин структурашв нахе Асад Башар Дела ву ала бохуш, иза ца аьлча, уьш херхашца цостуш гина бохуш дуьйцу, цигарчу вайнаха.

Цхьаболчу тидамхошна хетарехь, Iамерке шайн эскаршца Шемана чубахна а гIаттамхошна гIо дан деза, оппозицин а, маьрша эскаран герз кара ца луш, ХIунда, и герз далар, цаьргахь дуккха Iамеркан герз хилара, кхано и гIуллакх дIалиста делла, Асад Башар Iедал дохчул тIаьхьа, и оппозици цхьа барт болуш яц, оппозици екъа а елла вовшашна юкъахь герз детташ, меттигера тIом баларна кхерам бу цаьргахь герзаш хилча.

Цул вониг, и гIаттам болабелча дина Шеман махка чуихна Ал-Кхайда тIемалошна карадахар ду. Ткъа и дIалиста хала хир ду Iамеркахошна ОвхIанехь хилча санна. ХIинца тIаьххьара хилларг, Iамеркахь Iаш болу Шемахоша цхьа организаци кхоьллина Iамеркан коьрта гIалахь, Вошинтонехь, ахчанаш гулдеш, хIора баттахь 7 миллион долар хиллал ахча чукхоьхьуьйтуш маьршачу эскарна а, бахархошна а. Цу ахчах герз дахьийта бакъо яц церан Iамеркан Iедалера, амма цу ахчанах маьршачу эскаро шайна герз а, шайн дархошна дарба а, яахIума а оьцу.
XS
SM
MD
LG