ТIекхочийла долу линкаш

Лавровна ДАIИШ-ан тIемалой карийна Гуржийчура ПIаьнгазахь


Оьрсийчоь -- Лавров Сергей, Москох зорбанан конференцехь, Дечкен-бутт, 26, 2016

Оьрсийчоь -- Лавров Сергей, Москох зорбанан конференцехь, Дечкен-бутт, 26, 2016

ПIаьнгаз чIожехь ДАIИШ-н тIемалой бу боху дIахьедар Оьрсийчоьно шен цхьа геннарчу Iалашонца дина аьлла тIеэцна Гуьржийчохь.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар дина Гуьржийчуьрчу ПIаьнгаз чIожехь ДАIИШ-ан юккъера тIемалой бу аьлла. Оцу хIумано цхьа моггIа иза емал деш дIахьедарш дайтина Гуьржийчуьрчу Iедалшка. Цхьаболчу политик тергамхошна, Лаврос аьллачуьнна геннара Iалашо йолуш лору. Дуьйцу Султанов Ахьмада.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс и дIахьедар дина оццу дийнахь, Гуьржийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш талуш ю аьлла хаамаш баьржича. Цо аьлла, шайгахь кхоччуш хаамаш бу, ПIаьнгаз чIожехь ДАIИШ-ан тIемалой цигахь са а доIуш, гIора а гулдеш, паргIат хеташ бу. Iаьна хенахь тIекхача хала йолчу оцу меттехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран хетарехь, тIемалоша Iаморш деш а бу.

И дIахьедар терго йоцуш ца дитира гуьржийн Iедало. Премьер-министра Квирикашвили Георгийс политикан барам лар а беш, шаьш и меттигаш дола деш а ю, терроран кхерам цигара бу бохург бакъ ца дира.

Мелла а буьрса дIахьедар дина Оьрсийчуьра шайна буьллучу бехкан гуьржийн премьер-министран векало Абашидзе Зураба. Иза Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш нисъярехьа декъан коьртехь ву.

"Хууш ма хиллара, Гуьржийчоь дуьненаюккъерачу терроран дуьхьало ечу могIанашкахь ю. Кхузара Шема тIом бан дIавахна массийта стаг ву, ткъа, цхьана официала терахьашца Оьрсийчуьра цига вахана массийта эзар ву", аьлла гуьржийн политика. Цул совнах Абашидзе Зураба бахарехь Гуьржийчуьра муьлха а вахархо терроран боламехь дакъалоцуш ву аьлла къаьстича, цунна дуьхьала талламийн гIуллакх а долийна таIзар дийра долуш ду.

Iедалхоша, шай белхан декхарелла сов бовла йиша яцахь а, цхьаболчу гуьржийн политикан тергамхоша йовзийтина Лавров Сергеян дIахьедаран ма ярра йолу Iалашо. Политолога Квахадзе Алекос Маршо Радиога иштта элира.

Квахадзе: "ПIаьнгаз чIожехь террорхой бу бохуш долу дIахьедарш шайна кIелахь цхьа бух болуш дац. Иштта дIахьедарш Оьрсийчуьра духхьара деш дац. Уьш дора Шеварнадзе а, Саакашвили а куьйгаллехь волчу хенахь. ПIаьнгаз-чIож юьйцучу хенахь Оьрсийчоь даиманна гIерта Гуьржийчоьнна Iоттар ян.

Массарна а хууш ду, цигахь Лаврос юьйцуш йолу базанаш йоцийла. Ткъа, цо и дIахьедар даран бакъдолу бахьан ду Оьрсийчоьнна кху махкахь терроран дуьхьал кечбина ницкъаш аьлла, шай эскарш цига дIахотто лаар.

И барт бина бара Оьрсийоьнна а, Гуьржийчоьнна а юккъахь Батумера а, Ахалкалакера а оьрсийн эскарш арадаьхча. Амма Гуьржийчоьнна доза дIа а лаьцна, Оьрсийчоьно шен эскарш дIахIоттича и барт кхочуш а ца беш сацийра. Иза кхочуш а бийра бац Оьрсийчоьно Гуьржийчоьнан доза мокъадакхалца. Оьрсийчоьно ПIаьнгаз-чIожехь террорхой бу боху и хаттар айдира ду царна дуьхьало ян шай ницкъаш кхузахь хIотто деза бохуш".

Кху масийтта дийнахь хаамийн гIирсашкахула дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а юккъаметтигаш таяла мега бохуш. Шай пачхьалкх даиманна кийча ю луларчу пачхьалкхаца уьйранаш шоръян. И лаам гайта а гойту шаьш, амма изза Оьрсийчуьра гуш дац, элира политолога Квахадзе Алекос.

Квахадзе: "Юкъаметтигаш йохъеллера цхьана агIорара. Гуьржийчоь гIулчаш йогIура цхьацца гIуллакхашкахь. Амма духьала кIохцал серий хIоттадора Оьрсийчоьно тхуна Къилба ХIирийчоьнан агIорара. Гуьржийчоьнан Iедалехь шортта нах бу Оьрсийчоьнехьа дог догIуш. Уьш чIогIа лууш бу кху махка "Газпром" яийта. Тамаш бийра бац кхана-лама Оьрсийчоьнан эскарш цига дIахIоттича а. ТIейогIучу хенахь иза ца хуьлу олийла а дац".

ПIаьнгаз-чIожерачу кистошна ца дезаделла шаьш бехачу меттигах лаьцна Оьрсийчуьра и дIахьедар дина. Шаьш иштта а тидамера дIабевла боцучу цара емал до чIожехь тIемалой бу бохург. Маршо Радиога цуьнах элира юккъаралхочо Горгишвили Ислама.

Горгишвили: "ПIаьнгаз-чIожехь тIемалой бу бохург бакъ дац. Уьш кхузахь кечбеш а, цара Iаморш а деш ду бохург а дац бакъ. И хIуманаш кхузахь хилла а дац".

Оьрсийчуьра и дIахьедар динчулла тIаьхьа шаьш хIумма а диканиг хира ду аьлла са ца туьйсу, боху цигахь вехачу Горгишвили Ислама. Цхьацца провокацеш хиларна кхоьру нах, элира цо.

Горгишвили: "Суна хетарехь иза аьлла ду, кхузахь, ПIаьнгазехь провокацеш ян. Гуьржийчохь уггаре а атта меттиг ю иза провокаци ян. Кхузахь террорхой а, кхиболу зуламхой а бу аьлла цIе кхоьллина тIе. И имидж ю. Питан да аьлла дина ду цара и хIума".

ПIаьнгаз-чIож Гуьржийчоьнан КъилбаСедехь ю 100 сов чакхарма Тбилисина генахь. ЧIожан йохалла ю 28, шоралла-5 чакхарма ю. Цигахь дехачу къаьмнашна юккъахь 10-12 эзар нохчий бу-кисти олуш болу. Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, цуьнах бевда дукха нах тIеэцнера кистоша.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG