ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ал-БагIдадис кхайкхам бина Интернетехь


Рейтерс агенталлин хаамашца, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шайн лидеран Ал-БагIдади Абу Бакаран кхайкхам баржийна Интернетехь. Шайн агIончаш кхойкху ал-БагIдадис Мосул ларъян, шаьш и гIала дIалур цахилар, шаьш цу тIехь толам боккхур хилар чIагI а деш. Туркойоьнна кхерамаш туьйсу лидеро. Дийнна сохьтехь ду БагIдадин къамел. Луьйшверг баккъал иза ву я вац билггал цкъачунна хууш дац.

Хьалхо дуккхаъчу хьосташа ядира Ал-БагIдади вийна, цуьнан тобанна и хаам чIагIбан ца лаьа бохуш. 2014-чу шарахь дуьйнна ДАIИШ тобано лаьцна латто гIала схьаяккхарехь тIемаш болийна ши кIира даьлча Iорабаьккхина Ал-БагIдадин кхайкхам.

Кху деношкахь Иракъан эскарш Мосулан Малхбалерчу кIошташка кхаьчна, тIемаш бо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG