ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каляпин Игоран комитет къера хилла ца Iа


«Iазапна дуьхьалояран комитет» реза яц шена Нохчийчоьнан прокуратурано мехкан администратора Кадыров Рамзана, гIаттамхойн гергарнаш хIусамех а бохуш, махкара лахка беза алар бехке дац, аьлла, деллачу жоьпана. Ишта хаамбина комитетан куьйгалхойх цхьамма, Рыжов Антона.

Бутт гергга хьалха Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а низаман хьукматашка кехат дахьийтинера «Iазапна дуьхьалояран комитето» талламбар доьхуш. Нохчийчоьнан прокуратурано дахначу шинарийдийнахь шен талламбеш бехказаваьккхира Кадыров. Оцу сацамна дуьхьал арз дийр ду шаьш лакха, боху Рыжовс. Ткъа Москох цкъачунна цхьа а жоп ца луш юьсуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG