ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисташа ...шаьш-шайна йиттиний-те?


ГIалгIайчохь журналисташна динчу тIелатарна бехкенаш жоьпе озор дехарца Петарбухахь хIоттийна пикет, 2016
ГIалгIайчохь журналисташна динчу тIелатарна бехкенаш жоьпе озор дехарца Петарбухахь хIоттийна пикет, 2016

Нохчийчоьнан дозанехь журналисташна а, бакъонашларьярхошна а дина тIелатар махкарчу бахархоша кеп-кепара тидахь а, хIоранна а хетарг цхьаъ ду: зуламхой леца а беза, царна доггIу таIзар дан а деза.

Къилбаседа Кавказехь къаьсттина хьасартне, массо тIегIанахь шуьйра дийцаре дечех ду ГIалгIайн махкара Нохчийчу бахка новкъабевллачу журналисташна а, адамийн бакъонаш ларьярхошна, машен а ягош, лечу хьолтIа бовллалц етта а етташ, кху дуьненахь шаьш кхера а, дага а, шаьш совцо а ницкъ цахилар гайта санна, сел эвхьаза, дера федералан боккхачу некъа тIехь дина тIелатар.

Бакъонашларьярхошлахь хьовха, могIарерчу нахалахь а наггахь доцург стагга а ца волу, аккхаллица доьзна и ирча зулам ГIалгIайчоьнца дузуш.

Бакъонашларьечу «Мемориал» центран декъашхочунна Сокирянская Екатеринина хетарехь, муьлш бу ца хуучу наха журналисташна баьккхина некъахьовзам Кадыровн сий-лерамна эшам беш дина тохар ду».

Журналисташ «Ницкъ барна дуьхаьл комитетаца" болх бан баьхкина бара. Коьртачу декъана цо зуьйриг ду Нохчийчохь кIоршаме адамийн бакъонаш талхор. ХIара дерриге нисло мехкан куьйгалхо Оьрсийчоьнан оппозицица Iоттавелла а волуш, Каляпин Игорца юкъаметтиг телхина а йолуш. Цундела наггахь а вац хилларг ГIалгIайчоьнца дузуш». Ишта дIахьедар дина Сокирянскис.

Цу декъехь цу а, кхечу а бакъонан дайша карлабоху Каляпин коьртехь волчу комитетан офисна тIелетарш дар биста кхаччалц, кху тIаьхьарчу хенахь меттигерчу Iедалхошний, царний юкъахь ирьелла лаьтта юкъаметтигаш. Ахкаме вийла а ца оьшуш, нохчашлахь коьрта хьажам ишта бу: «Федерала боккхачу некъаца динчу зуламна бехке могIарера нах ларар, аьрта, кIорге йоцу хьажам хилар ду.

Цу тIелатаро гойту бакъдолчунна дуьхе кхиа гIерта журналисташ Нохчийчохь оьшуш цахилар, бIаьрга яхна хIума санна новкъа хилар. Махкахь хуьлуш дерг, махкара бакъ сурт гIардолийла Iедалхошна цалаар гойту цу Iоттабаккхамо».

Коьртачу декъана ишта ду цу хьокъехь алсамчарна хетарг. Ткъа цхьаболчара, хьулам ца беш, хадам боллуш ала а ца хIуьттуш, билгалдоккху, куьг бехкенаш карор Iедална юьхькIаме хIума хилар. Царех ву Соьлжа-ГIалара говзанча, сенханлера юрист Вахьид.

Вахьид: «Iедало ца дина дер-кх. Шайггара арабевлла лелаш зуламхой бу-кх туьтамIаьжгаш а йоьхкина. Делахь а, динехь а шайггара-м баьхьара бара ала а ду хала цхьана агIор. Хьаъа а динехь а, структураша ара а яьхна Iедал тIаьхьакхиа деза-кх, схьа а лецна гайта беза-кх и нах. Дийцарехь, кIезиг нах а ма бац уьш.

Суна хетарехь и журналисташ кху чу ца бахкийта а, цаьрга кхузахь болх ца байта а дина хIума ду-кх царна дуьхьала дина. И нах схьа а лецна, Iедало дIагайта деза-кх шен бехк цахилар а, шен аьлларца уьш лелла цахилар а. Мел хан яьлла и тIелатар дина? Цкъа доцург кхин хьахийна а дац цу хьокъехь официала тIегIанахь. ТоммагIа ма ду иза Iедална. Ишта стена Iа? Ца кхета со-м».

Урхаллехь болчарна а, я къайлахчу сервисан белхошна а хууш хIума а доцуш, арабевлла лелачу ницкъаша деш лору цхьаболчара и тайпа къепедацарш. Иштачех ву соьлжагIалахо Сайтаев ХIарон а.

ХIарон: «Iедалан структураша а, могIарерчу наха а дийр дац и саннарг. ХIара пачхьалкх йохо арабевлла лелаш нах бу, оппозици ю бохуш. Цара дойтур и саннарг. Дийр а ду. ХIинца Iедална коьртаниг хIун ду? Цо ма кхуьъу а сиха схьалеца беза бехкенаш! Стенна аьлча журналисташ а, бакъонашларьярхой а муьлш бу?

Уьш дера бу, миска стаг цхьана иман доцчо хьовзо ваьккхича, цуьнга харцо кхийдош хилча орцах волург ву, хьалха а волий. Цунна тIе могIарерчу стага куьг кховдор дац!»

Цхьаболчу бозуш боцчу тергамхошна хетарехь, и зулам динарш муьлшша а белахь а, Бакох-Ростов новкъаца, пIелг санна лелаш машенаш а йолуш дина тIелатар Оьрсийчуьрчу хьолан мах хадош, цуьрриг а юьхькIаме боцу, шатайпа гайтам бу.

XS
SM
MD
LG