ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каляпин сийсазвар "харцхьалелачийн" тIелатар ду


Кхаарийдийнахь Соьлж-ГIалахь «Iазапна духьало латточун комитетан» куьйгалхочунна, адамийн бакъонехула йолчу президентан кхеташонан декъашхочунна Каляпин Игорна иза сийсаз а веш, тохар а, хьалхо ГIалгIайчохь журналисташна а, бакъхоларъярхошна а еттар а «харцхьалелачийн кхераме тIелетарш ду» аьлла Кремлехь.

Амма иза аьлла волчу Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс шена ца хета элира, журналистийн хаттарна жоп луш, динарг Путинан сийх хьакхалуш ду аьлла, Кавказехь криминал шуьйра лелаш хиларца дуьйзира цо кху муьрехь бакъоларъярхошна дуьхьал дина зуламаш.

Маршо Радион Каляпинца Соьлж-ГIалахь хиллачу журналиста хаамбарехь, пхийттех стаг хилла туьтмIаьжигашкахь Каляпинна кхаарийн сарахь тIелеттарг, хIоьаш, торт, баьццара басахь кочалла а тIелестийнарш, масситтаза цара тоха а тоьхна шена Каляпинна. Оцу зуламах лаьцна оха алсамо дуьцур ду тхайн программехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG