ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн къомехь хилла долу гIиллакхаш болх беш дац"


Каляпин Игорь.
Каляпин Игорь.

Ши-кхо шо хьалха дара иза.  Нохчийчохь тIаьхьарчу хенахь  болх беш ша цхьаъ йисина ала мегар долчу  «Адамашна ницкъ барна дуьхьал комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора Маршо Радионна интервью луш иштта элира Нохчийчохь уггаре дагахкхета хийцам буьйцуш а, хьал дIанисдан хIун дан дезза аьлла шега хаьттича а.

Каляпин Игорь: "Суна ца хаьа хIун дан деза. Ца хаьа. ХIунда аьлча, суна хетарехь, тохар дина нохчийн юкъараллина, цуьнан дилханна. Нохчийн стаг кхетар ву аса дуьйцучух. Иза ламастан юкъаралла яра, ша тайпа юкъаралла яра.

Цуьнан дилханна, цуьнан гIиллакхашна, ламасташна, отуш тохар дина. Цу юкъараллан дегIан дIаьахкаш аьтта ю тахана. Уьш хIаллак йина ала а мегар ду.

И юкъаралла тахана екъайелла ю, хер елла ю. Цигахь хIаллак дина ду, я харцхьа даьхна ду цу юкъараллан чулацам кхуллуш долу дерриг а нохчийн ламасташ.

Суна ца хаьа мегар ду-дац нохчийн юкъаралла, цхьацца адамаш дац аса дуьйцурш, аса юьйцург доккхачу элпаца хьахош йолу Юкъаралла ю, иза яц ала. Суна ца хаьа иштта дийца мегар ду, я дац.

Амма цу хьокъехь шеко ю сан. Гой шуна, нохчочунна ницкъ беш воллу нохчо 15 шо хьалха ирча гIенахь а хала дара суна дуьхьал хIотто.

Суна дагадогIу шолгIа Нохчийчура тIом боьдуш дукхха а нохчаша дийцина. Оьрсийчура эскарш кху чура арадевлча, Оьрсийчоьнан Федерацина юкъахь Нохчийчоь хилахь а, нохчийн низамаш лардон органаш гучуйовлахь, дерриг а дIадоьрзур ду, цхьа а харцонаш хир яц. Нохчочо цкъа а ницкъ беш хьийзор вац нохчо, нохчийчо цкъа а хьийзор вац нохчо, дина доцу зулам дина хиларна къера хила бохуш, дийцара цара.

Нохчочо цкъа а харц тоьшаллаш вовшахдеттар дац нохчочунна дуьхьал иза, террорхо ву аьлла, дукха дика иза террорхой воций а хууш бохуш, дийцара цара.

Ткъа хIинца вайна гуш ду и дерриг а хуьлуш. Иза хуьлуш ду Оьрсийчоьнан леррина сервисийн белхахоша цхьа а лоцуш дакъа а доцуш. Кхин да и дерриг а кхиамца деш берш шаьш нохчий бу шайн махкахошна тIехь.

Цара иза до медалкийн дуьхьа, алапан дуьхьа, чинан дуьхьа а, даржийн дуьхьа а. Цара иза жимма а ледар ца до тIом боьдуш уггаре а вочу Оьрсийчоьнан эскаран векалша деш хиллачул а».

Цара иза до, эр дара аса, кхин а къиза а, кхин а ямартлоца а кхин а башха, нохчийн менталитет шайна хууш хиларх пайда а оьцуш, мила хьена гергара ву а хууш, муха Iаткъам бан беза а хууш. Иза, баккъалла а боьха а ду, баккъалла а ирча а ду тахана Нохчийчохь хуьлург».

Аса сих-сиха ойла йора. Нохчашна тIехIоьттинарг кхечу луларчу къаьмнашна техIоьттинехь, цара хIун лелор дара те олий?

Каляпин Игорь: «Хаий шуна, суна хетарехь, чIогIа хиларан доза ду муьлххачу а стеган а, муьлххачу а юкъараллан а, муьлххачу а юкъараллан чархан а. Нохчийн юкъаралла дуьхьал тийсаелла. Иза дуьхьал тийсаелла цхьана хенахь Оьрсийчоьнан империна. Цул тIаьхьа дуьхьал тийсаелла Советан Iедалшна. Иза хиллехь а, хьалха санна йиса аьтто баьллера цуьнан.

Со кхоьруш ву, цу хиллачу шина тIамах а, карарчу хенахь цигахь йолчу режимах а нохчийн юкъаралла хьалха ер яц аьлла. И юкъаралла кхоччуш вовшахъяьлла ю. Иза атомаш санна дIасаяьлла ю. Иза тахана ша-ша лаьттачу адамашна тIеяьккхина ю. ТIехула тIе нах вовшен коча тесна а бу.

Со ца ваьхна 30-чу шерашкахь, со цу хенахь дуьненчу валанза вара Москох. Суна ца гина Сталинан террор. Амма ас цу хенахь лаьцна книжкашкахь дешнарг иза гIийла IиндагI ду, тахана Нохчийчохь хуьлучуьнан.

Цхьа а цхьаннех а тешаш вац. Массо а, массерах а кхоьруш бу. Нохчийн къомехь хилла долу тоьлла долу гIиллакхаш болх беш дац. Болх беш дерш ду харцхьаха даьхна долу церан метт лелош долу хIуманаш.

Масала, полисхоша дIалоцу 17 шо долу кхиазхо. Цара цунна бехке дуьллург ду тIемалошна мотт цатохар. И бахьана долуш полицин белхахо вийна, ткъа полицин белхахой цхьа доьзал хиларна, шаьш цунна чIир кхайкхайо олу.

17 шо долу и жима стаг шаьш вуьйр ву олу чIир оьцуш, шайн полисхо вийна дела. Цул таьхьа и 17 шо долу кхиазхо тIепаза вов. Ткъа цу полисхоша сийсазаллица дIахьедар до шаьш, къамел а дина, иза дIахецна олий.

Иза ду-кх нохчийн Iадатах хилларг, хIара хьахийнарг схьаэцча. Кхин а оцу наха адамашна ницкъ а беш, адамаш а дойуш дуьйцуш дерг цкъа Оьрсийчоьнан бехк-такхаман кодекс хуьлу, юха шарIан низам хуьлу, я нохчийн Iадаташ хуьлу.

Царна башхалла а дац хIуъа а дийцича а, шаьш деш долу луьра зуламаш бакъдан аьтто баьлчхьана, ца Iебаш долу шайна ахча а, хьаькамалла а дезар бакъдан аьтто баьлчхьана.

Кхин цигахь, баккъалла а аьлча, хIумма а дац. Цигахь цхьа а терроризмаца къийсам дабахьар дац, баккъалла а аьлча. Цигахь цхьа а гIайгIа яц Оьрсийчоьнан Федерацин кхерамазалла хилахьара аьлла еш. Иза дац цигахь. Цигахь ца Iебаш ахча а, хьаькамалла а дезар ду».

Каляпина аьлларг дагадеара даханчу Кхаарин дийнахь Соьлж-ГIалахь цунна тIелетта аьлла хезча.

Мила ву цу бесса холча хIоьттинарг Каляпина а, цуьнан накъосташа а беш болу болх бахьана долуш? ХIун дина цара цу бесса вайнах оьздангаллах а, гIиллакхах а боьхна хьийзал? Я иза нохчийн шина ламаст ду-те?

Иштта тIеоьцуш хилла-те вайн дайша махкара воцу хьаша? И хаттарш делира оха нохчийн гIарваьллачу этнографе Хасиев Сайд-Мохьмаде. Вайнехан гIиллакхашца догIуш доцу хIуманаш ду нохчаша лелош тIаьхьарчу хенахь бохуш вара иза.

Соьлж-ГIалахь иштта веанчу хьешана тIелетта цунна йиттина. Ткъа тахана динарг осала хIума ду аьлла вист хьулш стаг вац. Тахана и делар хIума хилар кхето са олуш нах бан а бац те?

Хасиев Сайд-Мохьмадана хетарехь, зама керчина ю. ТIекхуьучу чкъурана юкъахь болу дуккха а нах вуно яккхийн къизалла гина бу. Уьш хийцабелла боху этнографо.

Соьлж-ГIалахь Каляпинна тIелеттачул тIаьхьа вуно догдоьхна ойланаш еш ву ша элира нохчийн философо Тепсаев Аптис. Цхьа а бахьана доцуш хIумма а ца хуьлу бохуш вара иза. Каляпин Игора бечу бахана терго еш а, иза лоруш а ву ша бохуш вара Тепсаев Апти.

Осала хIуманаш лелон нах нохчашна юкъахь дебар цхьа ша-тайпа билгало ю кху тIаьхьрчу шерийн бохуш вара иза.

Цхьа хIума дика ду, Каляпин ша шеца лелочух кхеташ хилар аьлла хета нохчийн философана Тепсаев Аптина. Лайша дойур дац цу тайпа къонхчуьнан сий бохуш вара иза.

2009-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь болх беш ю адамийн бакъонашларъярхойн мобилан тоба. Цу юкъахь жигара дакъалоцуш бу «Адамашна ницкъ барна дуьхьал йолчу комитетан» белхахой. Шена тIелатар динчулл тIаьхьа шолагIчу дийнахь Каляпин Игора дийцира шаьш ку кепара болх баран бахьана.

Каляпин Игорь: «Цхьа шеко а йоцуш, муьлхха а Нохчийчохь бакъонашларъярхоша беш болу болх кхерамца боьзна бу, кхечу Оьрсийчурча регионашкахь болчул а".

Шаьш критика еш верг Кадыров Рамзан вац, цо шаьш харцонца бехке дахь а бохуш вара Каляпин.

Каляпин Игорь: "Оха тхайн массо а материалашкахь хьехош верг Кадыров Рамзан вац. Буьйцурш зуламаш дина шайн цIераш йолу полицин белхахой бу. Амма цуьнца доьзна Кадыровс бехке до тхо, оха террорхошна гIо деш ду а, шайтIанашна гIо деш ду, тхо ЦРУ-на болх беш ду а бохуш. Иза хьул дина доцу аьшпаш боттар а, доцург кхолар а ду, даиман а сох а, сан белхахойх а лаьцна дуьйцуш долу.

Нохчийчохь, иттаннаш оха теллина зуламаш дина гIуллакхаш далахь а, кхеле тхоьга цакхачаделла цхьа а гIуллакх. ХIунда аьлча аьчка-бетонан дуьхьало ю цигахь хIоьттийна тхуна дуьхьал. Вуьшта аьлча, адамашна ницкъ бина волу цхьа а нохчийн полицин белхахо чуволла аьтто цабаьлла тхан.

Полицехь адамашна ницкъ бина нах чубохкийта хала ду массо а Оьрсийчуьрчу регионехь. Цунна со реза ву. Амма суна цхьа а регион цаевза, талламхошна дуьхьало еш венг а, тахллам беш накъостталла деш болчу бакъонашларъярхошна Iаткъам беш верг а, цу регионан куьйгалхо волу. Нохчийчоъхь иза даимана деш ду».

«Цхьа шеко а йоцуш, муьлхха а Нохчийчохь бакъонашларъярхоша беш болу болх кхерамца боьзна бу, кхечу Оьрсийчурпа регионашкахь болчулла а. Тхан массо а материалашкахь хьехош верг Кадыров Рамзан вац. Буьйцурш зуламаш дина шайн цIераш йолу полицин белхахой бу.

Амма цуьнца доьзна Кадыровс бехке до тхо, оха террорахошна гIо деш ду а, шатIанашна гIо деш ду, тхо ЦРУ-на болх беш ду а бохуш. Иза хьул дина доцу аьшпаш боттар а, доцург кхолар а ду, даиман а сох а, ,тхан белхахойн а дуьйцуш долу.

Нохчийчохь, иттаннаш оха теллина зуламаш дина гIуллакхаш далахь а, кхеле тхоьга цакхачаделла цхьа а гIуллакх. ХIунда аьлча аьчка-бетонан дуьхьало ю цигахь хIоьттийна тхуна дуьхьал. Вуьшта аьлча, адамашна ницкъ бина волу цхьа а нохчийн полицин белхахо чуволла аьтто цабаьлла тхан.

Полицехь адамашна ницкъ бина нах чубохкийта хала ду массо а Оьрсийчурча регионехь. Цунна со реза ву. Амма суна цхьа а регион цаевза, талламхошна дуьхьало еш верг а, таллам беш накъостталла деш болчу бакъонашларъярхошна Iаткъам беш верг а, цу регионан куьйгалхо волу. Нохчийчоъхь иза даиман а деш ду».

Ткъа мел тIаьхьало йолуш бу нохчашца хилла хийцамаш аьлла хаттар кхоллало хIораза а. Этнографо Хасиев Сайд-Мохьмада жоп делира зама хийцалуш ю, тIейогIучу заманахь кхетам а болуш лелор ду нохчаша шаьш лелориг аьлла.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG